ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахте мила кхача тарло кхушара?


please wait

No media source currently available

0:00 0:05:49 0:00
Линкана тIе
Джанполадова Наталья

Оьрсийчоьно дIадахначу шеран шолгIачу декъехь набахте хьажийна 324 000 стаг, бехказваьккхина – 726. Уггаре дукха бу чубоьхкинчаралахь къуй – 60 000. Бакъду, и тайпа девнаш дац хаамийн гIирсаша тидаме эцнарш. 2018-чу шарахь наха тергалйина а, Маршо Радиона хетарехь, кхушара шайна тIехь тидам латтонъерш а ю кхин кхелаш – Iедало бевзачу политикашна, бакъоларъярхошна, оппозиционерашна, гоьбевллачу нахана тIебаьхьина бехкаш толлурш.

Титиев Оюб: 180 грамм кIомал

Титиев Оюб
Титиев Оюб

Стохка аьхка долийна Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан кхело меттигерчу бакъоларъяран "Мемориал" центран куьйгалхочун Титиев Оюбан дов хатта. КIомал эцарна а, лелорна а бехкево иза. Нийсса шо хьалха лецира Титиев, цуьнан машен чохь 180 грамм кIомал карийна, аьлла, полицино. Адвокаташ тоьшалла до, полисхоша далийна дареш вовшашца догIуш дацарх а. Бехк тIе ца лаьцна ша бакъоларъярхочо а. Шен машена чу наркотик Iедалхоша кхоьссина, ткъа дов айдина мехкан Iедалан лаамца, "Мемориале" махкахь болх цабайтархьама, чIагIдо цо. Кестта сацамбан декхаре ю кхел.

Telegram-ца тIом: чаккхе гуш а яц

Москох, Телеграмехьа бу гуламхой
Москох, Телеграмехьа бу гуламхой

Telegram мессенджер лелор стохка дихкира Оьрсийчохь. Таганский кхело кхочушдира цуьнан сервер къовла аьлла, Роскомнадзоро дина дехар. Мессенджеран дай ФСБ-но беттанашкахь хьийзийра, шайга шифрийн догIанаш дIало бохуш. Оьрсийчуьра Iедал тешна ду, Телеграмах "экстремисташа а, террорхоша а" пайдаоьцуш хиларх. Конституцино адамийн йозанашна кхачош йолу къайле шаьш йостур яц, я и "догIанаш" дIадала таро а ца йо технико, боху Телеграман куьйгалхоша. Машар каронза бу агIонашна, Роскомнадзор дагахь ю, ял лучу бахархойн багара а даьккхина, 20 миллиард сом ша Telegram ехка дагахь оьцучу гIирсанна дайа.

Беньяш Михаил - пенсиэцархошна орцахваларна лаьцнарг

Адвокат Беньяш Михаил
Адвокат Беньяш Михаил

Краснодар-махкара адвокат Беньяш Михаил, нах пенсе хьийсор Iедале ца хийцийта арабевлларш лецна аьлла, воьдуш хилла ша полицино сацош. Магийна йоцчу оцу акцехь дакъа а лаьцна, полицина дуьхьало а йина, аьлла, изоляторе хьажийна иза. Ткъа кхин а массех де даьлча, кхелана дуьхьаллерна а, магош а доцуш, дов хоттучохь аудио дIаязъярна а жоп деха долийна цуьнгара.

Беньяшан девно гойту юристаш вовшашка хьовсуш категори юйла: цуьнан агIо лоцуш, кхеле веара Оьрсийчоьнан ялх регионера 19 адвокат. 400 гергга юристо дехар яздина Федералан адвокатийн палате Беньяшна полици тIелатар таллар доьхуш.

Цхьаболу бехк тIера баьккхина Беньяш Михаилна, амма луьстуш ду иза шайх летта аьлла, полисхоша дина арз.

Ярославлерчу набахтийн куьйгалхой - изоляторехь

Набахтера мукъаваьлла Макаров Евгений
Набахтера мукъаваьлла Макаров Евгений

Уггаре гIарадевллачех ду Ярославл-махкара набахтин белхахой тумакхех лелатарх долу дов. Кхела хьалха хьаькамаш бигинарг ду №1 йолчу набахтехь тутмакхна Макаров Евгенийна къиза етташ гойту видео Оьрсийчухула яржар. Резаьнкин гIаж хьокхуш, юха тIе хи деттий, меттавалош, хьийзийра Макаров.

И тайпа къизалла лелорна дов айдина оццу гIаларчу №8 набахтин белхахошна дуьхьал а. Лаьцна 15 стаг. Дукхаболучара тIеэцна бехк.

Шакро-Жимханиг а, цуьнгара кхаъ эцна талламчаш а

Москох Талламан Комитетан куьйгалхо лаьттина Дрыманов Александр
Москох Талламан Комитетан куьйгалхо лаьттина Дрыманов Александр

Стохка бIаьста набахтехь такха 9 шо кхайкхийра криминалан авторитетна Калашов Захарийна (халкъалахь – Шакро-Жимханиг). Москох Elements ресторанан хьолахочуьнгара Ким Жаннигара 8 миллион сом даккхарна бехкевира иза. Оцу эпизодехь ши стаг вер нисделлера, шина тобано вовшашна герз деттачохь. Шокро-Жимхачуьнца цхьана чувоьллира кхин а массех цуьнан накъост. Кхелан сацамехь Шакро-Жимха ву боху Оьрсийчуьрчу криминалан баьчча.

Шакро-Жимхачуьнца дозаделла ду Оьрсийчоьнан Талламан комитетехь кхоллаеллачу коррупционерийн тобанах долу дов а. Стохка набахтехь яккха хенаш кхайкхийра лаккхарчу хьаькамашна Максименко Михаилна а, Никандров Денисна а, Ламонов Александрна а. Бехктакхам тIера боккхург Шакро-Жимхачуьнгара ахча эцарна 5-13 шераш туьйхира царна. Ткъа стохка аьхка лецира чубоьхкинчийн коьрта хьаькам а – Москох Талламан комитетан куьйгалхо волу инарла Дрыманов Александр. Цунна бехкедо Шакрос шен цхьана накъостна набахтера хьелаш малдайта кховдийна кхаъ схьаэцар. Бехк тIе ца эцна цо, хьоьжу дов дерзаре.

Футболисташ, "кхо йиша", девна кIел беха кхиберш а

Футболхой Кокорин Александр а, Мамаев Павел а кхелехь
Футболхой Кокорин Александр а, Мамаев Павел а кхелехь

Стохка 8 шо хан тоьхна Киров-махкахь губернатор Iийначу Белых Никитинна. Кхаъ эцарна бехкевина иза.

Яхначу аьхка айдина дуьйцучех дара "кхаа йишин дов". Хачатурян Кристинас, Ангелинас, Марияс шайн да, Хачатурян Михаил, верах. Уьрсан иттех чов дегIатIехь а йолуш, велла карийра иза. Мехкарша чIагIдора, шаьш цо дуккха а шерашкахь ницкъ беш кхаьбна, бохуш. Лаьцначуьра дIахецна кхо йоI.

Изоляторехь хан хьош ву кху мурехь вевзаш волу оьрсийн ши футболхо – Кокорин Александр а, Мамаев Павел а. Цара гурахь йиттина, боху талламчаша, Оьрсийчоьнан 1-рчу Каналан машенлелорхочунна а, шина Iедалан белхахочунна а.

Шо доладала денош дуьсуш “Лефортово” а, “Матросская тишина” а изоляторшка кхачийна Украинан хин-эскархой. Iаьржа хIорда тIехь Оьрсийчоьнан доза дохийна цара, боху Iедало. Цара ца лору шаьш бехке. 34 адвокат ву лецначийн агIолоцуш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Халкъ дуьхьал гIаттарна кхоьруш, махкахойн коммуналан декхар тIерадаккха дагахь бу Iедалхой. Дог дохий аш шаьш декхарх мукъадовларе?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG