ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВГТРК-н операторан хьехам: "Телевизор ца латор бен молха дац"


Волчек Дмитрий, Маршо Радио, оьрсийн сервис

Оьрсийчуьра телегойтийла: хьовсархой Iехабо, шен белхахой юьхьIаьржа хIиттабо

"Оьрсийчоь шен долаерзийначу режиман идеологица со цкъа а ца хилла реза, амма "аьшпаш кхуллучу тобанна" юкъавола а, иза чуьра хьаьжча муха ю ган а-м лиина суна", дуьйцу Кривенков Леонида.

Цуьнан говзалла ю химик, ткъа Iаьмна видео яккха. ДоттагIчо-телеоператоро дийхира цуьнга ша Петарбухарчу шахьарех лаьцна документалан филм йоккхуш шен ассинтент хилар.

Дукха хан ялале телегойтийле балха вахара Леонид – юьхьанца "Iуьйре дика хуьлда, Оьрсийчоь!" программехь йоккхура цо шай-кай. Ткъа 2006-чу шарахь, "Россия-24" телеканал схьадиллича, оьшу корматалла йоццушехь, официалехь балха ийцира иза.

Кривенков Леонида чIагIдо, балха оьцург ша шен беттан алапа делира хьаькамашна, бохуш. 10 шарахь бина цо операторан болх – бевзаш болу политикаш эфире бохучу 7-чу студехь, дика девзина ВГТРК-н чоьхьара дахар.

2016-чу шарахь пенсе вахийтина иза. Болх бита ца лууш, кхелехула телекомпаница къовсавелира иза, амма массо а кхелаша лецира ВГТРК-н агIо.

Шена "Россия-24" телеканалан студешкахь дайнарг дийицира Кривенков Леонида Маршо Радиога.

- Хьан политикан хьажам тахана берриг бара хьо балха хIуттучу шерашкахь, я дайначуьнга хьажжина хийцабелира

​"ХIинца хьан рагI ю аьшпаш битта", олуш Iедал дара режиссерийн а, эфирлелорхойн а

Кривенков Леонид
Кривенков Леонид

– Со ларлуш лелла Iедалехь йолчу режимах даима а, кхеташ ваьхна цо шен хьашташ чекхдохий а, нах Iехабой а, тIеоьцу низамаш массарна оьшу бохуш, кепаш лелайой а.

Бакъду, цигахь волуш политика тергалъян волавелира со – хIунда аьлча, деладенна хиина Iаш, гора керланаш, эфирлелорхошца уьш дийцаредора. Наггахь, сарахь, болх бирзича, оха, охьаховший, кIезиг-мезиг коньяк молура.

Камерашна хьалха цара дуьйцурггий, тхан гонехь дуьйцурггий цхьаъ ца хуьлура. Оцу хьелаша суна гайтира муха ю Оьрсийчоь. "России-24" каналехь юьхьанцарчу шерашкахь болх беш со чIогIа цецвохура белхахоша лелочу шалхенаша. Массарна а хьаьара шаьш телехьовсархой Iехабойла.

Пачхьалкхера керла хаам цкъа нахала баккхале, бийцаребора, иза муха бовзийта беза, аьттехьа а йогIуш йоцчу кепе берзабой бовзуьйтуш нислора дукха хьолехь.

"ХIинца хьан рагI ю аьшпаш битта", олуш Iедал дара режиссерийн а, эфирлелорхойн а. Иштта бегашбора корреспонденташца, церан болх эфире лучу муьрехь.

- Кхечу дешнашца аьлча, "къорза къиг", диссидент вацара-кх хьо? Иштта ойла йолуш дукха буй цигахь?

Беламе алапаш ду ВГТРК-хь

- Дера бу. Суна хетарехь, дукхахберш кхета доллучух а. Мелхо а, Iедалехьа ойла ерш бу вуно кIезиг. Путинан патриоташ ду шаьш аьлла гайта гIерта цхьаберш. Хаац: нахана хьалха лелош кеп а хила тарло церан иза, я баккъал а оцу ойланца хила а тарло. Дукхаберш лартIахь нах бу, оцу гонашка а нисбелла, ца бевлла, напха даккхархьама, ишта лела-кх.

- Суна дуккха а телевизионхошкара хезна, Iедал хийцалушшехь, Путин тахана вазвина, хестош хьийзарш, кхин шек а боцуш, цунна лен хIуьттур бу, олуш…

- Суна а хета изза. Цара, Iедал хийцадаларцана дуьйцур ду кхин. Маьрша бац и нах, шайна дина буьйр ду цара кхочушдеш. ВГТРК-хь мел беламе ду алапаш, хаьий хьуна! Стаг, цхьана бахьанийца, "нийса лелачуьра" ваьлча, цуьнан алапа иза балха хIуттуш язбинчу барам тIе охьадоккху. ТIаккха чекхдолу дерриг а. Цунна дуьсу я дIаваха, я къIурд ала. Дукхахболучарна тIехь кредиташ ду, тIебаьхкина, Москох петарш эцна, ипотека дIадала деза – цундела Iа балхах тасабелла, хьакамаша аьлларг а деш.

- Цхьаболучийн алапаш беламе кегий ду, ткъа кхечийн – тIех даккхий. Масала, Брилев Сергейс бIе эзарнашкахь фунташ делла эцна петар Лондонехь…

Кремло омра дира "Россия-24" канална керланашкахь гойтуш "Цхьааллин Оьрсийчоьно" баьхна кхаьжнаш совбаха

​– Хьал дерш а, доцурш а бекъабелла чIогIа. Цхьаболу телегайтархой езачу машенашкахь, шаьш лецначу машенлелорхошца богIу балха. Алапах доцург а кхочу церан кара – мехах цхьацца корпоративаш дIакхехьа кхойкху. Телеоператорна 45 эзар сом лора балхахь, каркхочург дара 42. Хала бара болх, кIадвора. Кхин а кIезиг оьцу белхахой а бара.

Оцу юкъанна, гойтуш долу алапа чIогIа лахара ду ВГТРК-хь, Оьрсийчоьнан кхечу меттигашкахьчул а. Официалехь операторан алапа 6860 дара, масала, 2015-чу шарахь. Дийнан алапа, ца боху ас – беттан! Оцу алапах цхьаммо а бийр бац болх, цундела ВГТРК-но шен хIилла леладо, ахча тIетухуш, амма иза юхадаккха а тарло, белхахо "нийса лелаш" вацахь. Суна массийттаза делира и ахча – 6860 сом. Со кхеле велира, цо иза нийса ду аьлла къастийра.

- Телеэфирехь кест-кеста нисло беламе хIуманаш. Иштачех массех дагалоцур дарий ахь?

Телеэфир дIахьочуьнга мохь эккхийтира шеф-редакторо: "Ца хеза хьуна цо дуьйцург! Сихха дIаюкъа цуьнан муцIар"

​– Шуьйра даьржинчех ду – 2011-чу шарахь Пачхьалкхан Думано харжамашкахь "146% кхаьжнаш дахар". И хаам эфирехь баржийначу Кудрявцев Иванца а, Шнайдер Анница а цхьана студехь ас масийтта шарахь бина болх. Ас цаьрца а, шеф-редакторца Щедринская Натальица а къамел дира оцу хьокъехь.

Хилларг иштта дара: Кремлера терахьаш дахкийтина, "Цхьааллин Оьрийчоьно" 146% кхаьжнаш даьхна ала керланашкахь", аьлла. "Ткъа кхечу партешца хIун до вай?", хаьттина хилла шеф-редакторо. "Кхечу партеша даьхна доллу терахьаш дIахазаде", жоп делла Кремлера. Къийса ца хIоьттина шеф-редактор, Кремлна дика хаьа-кх, аьлла, 146% кхайкхийна эфирехь.

– Дукха хьолехь ток-шоу а хуьлу-кх хьалххе кечйина спектакл. Цигахь а нисло дагалаьцна доццург…

Шеф-редаторо сихха телефон туьйхира Кремле, омра а дина, кема сацийра эха сахьтана

​– ХIаъ, нислора программе баьхкинчу хьешашлахь, юьхьанца шаьш "дийца доггIург" дуьйцур ду а олий, эфире "хьашт доццург" дуьйцурш. Цкъа скандал иккхинера эфирехь Асад Башара химин герз арахоьцуш хилар хьехочохь. Хьаша бакъдерг дийца хIоьттира, и герз арахоьцуш а ду, лелош а ду Шемарчу Iедалан эскарша, аьлла.

Кривенков Леонидан пресс-карта
Кривенков Леонидан пресс-карта

Телеэфир дIахьочуьнга мохь эккхийтира шеф-редакторо Казаков Алексейс: "Ца хеза хьуна цо дуьйцург! Сихха дIаюкъа цуьнан муцIар". ТIаккха дIакъевлира эфир: "Халахеташ делахь а, эфиран хан чекхъели. Баркалла хьуна мехала интервью яларна", аьлла. ТIаьхьо Кремлера телефон а тоьхна, бурч йоьхкира. Кхин цкъа а ца кхийкхира и эксперт эфире.

– Путинан администрацера, я кхечу урхаллашкара телефон тухуш меттигаш дукха йогIий, цара дов до, я парггIат олу, хьан хIун муха дан деза?

Шеф-редакторшка Кремлера даима а еттара телефонаш, керланаш ишта я вуьшта дийца, олий. Къамелан маьIна кхеташ хуьлура, техникан каналехула хезаш ма дуй шеф-редакторша луш долу жоьпаш. Телефон тоьхначул тIаьхьа шеф-редакторша телеэфир дIахьочаьрга олура, керланийн маьIна хийца, дукха хьолехь и керланаш сахьт хьалха дийцинчарна нийсса бIостанехьа нисдора.

–Европерчу декъанна эфир кеп-кепарчу сахьташца нисъеш хиларна, сюжеташ хуьйцийла ма дуй. Дукха нислой сюжеташ хуьйцуш?

Коьрта режиссеро дийцарехь, телехьовсархойн кхетам долаберзорхьама, студи психологашка кечйойтура

ХIаъ, куьйгалхой резабоцу материалаш дIайойъура, кепаерзайора. ХIинцца йоьдучу эфирехь хийца аьтто хилла боцу "товшдоцург" юхагойтуш, хедадой, "тодора". Суна дагадогIу цкъа айса Жириновский а, Зюганов а студи чохь дIаязвина. Эфир йолаялале маьршша къамел деш Iара и шиъ, ткъа камера латошшехь, хьалаоьккхий, лата санна къийсалора, маьттаза къамелаш а деш вовшашка.

Юха а камера дIаяйъинча, самукъане, шайн-шайн берийн бераш вовшашна дица хIуьттура. Камера хьалалатошшехь, девне, кхечу амалехь ши адам а хуьлий, къийса дIахIоттара. Театр ю дерриг а, дегабаам бан мегар дац актерна, цо гайта деза васт ду ишта.

Цкъа Михалков Сергейс телефонехула дечу хеттаршна жоьпаш луш дIаяздан дезаш вара со. Iуьрре дара иза. Оха дIатуьйхи цуьнга телефон, ткъа иза хIинцца гIатта дезачу кеманчохь нисло. Шеф-редакторо сихха телефон туьйхи Кремле, кема эха сахьтана саций. "Россия-24" канална цхьаммо интервью яла еза аьлла, нахах дуьззина лаьтта кема сацорах чIогIа цецваьллера со.

– Операторах доьзна дукха хIума ду. Цхьаверг дика гайта, кхиверг вон гайта аьтто буй цуьнан? "Россия-24" каналехь олий, мила муха гайта веза?

"Оьрсийчуьрчу Телегойтийлан дуьнентIе кхаьчна хьо, ткъа оцу дуьнентIехь доллучух а мах боккху, балха хIуттуш а тIехь"

Оператор шега режиссеро аьлларг дан декхаре ву. Бакъонаш хьаькамаша къастийна лаьтташ ю. ВГТРК-н 7-чу студехь пенаца 20-30 сурт кхозура – "планаш" - масалш дара уьш, муха гайта беза хьеший хоуьйтуш. Оцу масалшца бен йиш яцара болх бан. Олу хьоьга : "БорхIалгIаниг схьало!"

Со юьхьанца ца кхетара, стенна оьшу иза я кхин план, суна гарехь, иза кхузахь йогIуш ца хилча, адам цо ирчадоккхуш хилча. Цкъа цхьана белхахочо декораци меттахъяккхинера, схьаиккхина веара режиссер. "Кхузахь серло иштта кечъе, IиндагI дIога нисде, шайга хазахета олу моьтту шуна? (Тхуна хIун хаьара?!).

Гучуделира, режиссеро дуьцург эрна доцийла. Цо бахарехь, телехьовсархойн кхетам долаберзорхьама, студи психологашка кечйойтура. Телехьажархочун хье дIаоьцуш хиллера бинчу кечамаша, бен-башха а дац, хIун ю эфирехь йоьдуш, иза телевизорна хьалха охьахиичхьана тоьаш ду, бохура.

– Белхахошна Iедал мел деза я ца деза, цуьнан терго йой? Хьан-м ца хилла цкъа а и тайпа проблема?

Цкъа со ша волчу кхайкхира коьрта операторан гIоьнчас, Фейсбукерчу агIонтIе ас хIиттийна материалаш дIаяха, аьлла. Ас Украинерчу хьолах льацна сайна хетарг яздинера. ДIаехира ас, конфликт оцу тIехь дIайирзира.

– Хьайгара ахча дохура, элира-кх ахь, и муха нислора?

Суна къордийна хIора дийнахь Путинан лешка хьежа, церан аьшпашка ладегIа

Кривенков Леонид балха оьцуш хIоттийна контракт
Кривенков Леонид балха оьцуш хIоттийна контракт

- Со "Россия-24" каналt балха хIуттуш, соьга элира цхьана белхахочо: "Оьрсийчуьрчу Телегойтийлан дуьнентIе кхаьчна хьо, ткъа оцу дуьнентIехь доллучух а мах боккху, балха хIуттуш а тIехь". Элира, со балха оьцур ву, нагахь санна ас ахча лахь. Белхан хьалхара алапа – иза 23 эзар сом дара – хьакамашна дIадала дехкаре хилира со. Цхьана баттана дIаийцира со.

Бутт чекхбаьлча, алапа схьаийцира, иза дерриг а дIаделира ас. Цул тIаьхьа соьца контракт хIоттийра. Дуккха а шерашкахь "Вести" программехь болх бира ас. Керла веъначу коьрта операторо балхах долу контракт соьца хIоттош боьху мах шозза лакхабаккхалц. Пенсе ваха везаш вара со со кеста. "Мах охьа ца биллахь, оха хьо дIавоккхур ву, цул тIаьхьа хьуна цхьаьнхьа а карор бац болх", элира.

ДIадала торуш ахча дара иза, дукха дацара, амма суна къордийна хIора дийнахь Путинан лешка хьежа, церан аьшпашка ладегIа. Белхахой боьлура эфир дIахьочу накъостех: "Иза муха нисло, айхьа сахьт хьалха дийцинарг хIинца кхечу кепехь ма дуьйцу ахь?!, олура. Жоп хуьлура: "ХIинца иштта дийца дийзи. ХIун дер ткъа – иштта бу-кх вайн болх!"

– Дукха хан йоццуш эфирлелорхочо Андреева Екатеринас элира, ша шен корта ларбо, телевизоре хьажжане а ца хьожу. Пенсе вахначул тIаьхьа хьо хьожий телевизоре?

Бакъдерг ала ас шуьга?! Сан ши телевизор яра, ас и ший а совгIатйина. ХIинца сан ян а яц телевизор, со интернетехула бен ца хьожу керланашка. Со ца теша Оьрсийчуьрчу телевгойтийлех. Телевизор ца латор бен молха дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG