ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлан амбицеш Iабайо Сочерчу барамо


Германи -- Золовкин Сергей а, "Доза доцу Репортераш" юкъараллин жигархой а, Берлин, 07ГIа2013
Германи -- Золовкин Сергей а, "Доза доцу Репортераш" юкъараллин жигархой а, Берлин, 07ГIа2013

Оьрсийн Iедалша хаамийн гIирсашна тIехь терго муха латтайо гойтуш таллам дIабаьхьнера Дуьненаюкъарчу „ Дозанаш доцу Репортераш “ цхьанакхетаралло. Шарахь гергга тергалйинера юкъархоша Оьрсийчоьнан Iедалан журналисташца йолу юкъаметтигаш. ХIинца Берлинехь шайн талламийн жамIаш довзийтина цара.



„Массо а телеканала тIехь – Кремль“ иштта ю даханчу шарахь „Репортераш дозанаш доцуш“ цхьанакхетараллин жигархочо Груска Ульрикес Москох дIабаьхьначу талламан цIе. Иттаннаш журналисташца, - царех дукхахберш шайн цIераш яха а ца хIуттуш, - интервьюш а, къамелаш а деш, цо теллинера, муха бу карарчу хенахь Кремло Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсашна бен тIеIаткъам бохург. Шена зеделларг цо Берлинехь пресс-конференцехь дийцира.

Цигахь дакъалоцуш вара масех шарахь Германехь, политикан тховкIело а йолуш, веха оьрсийн журналист Золовкин Сергей а, Сочехь „Новая газета“ зорбан гIирсан корреспондент болх бечара ша масситтаза вен хьовзийча, ведда кIелхьарваьлла волу.

Журналистийн юкъаралло шайн таллам нехан тидаме биллар кху деношкахь ларамаза нисделла дац – ворхI шо кхаьчна оршот дийнахь Политковская Анна йийна. Иштта оршот дийнахь цкъа хьалха Москоха а кхаьчна, цигара дIа йоллучу Оьрсийчухула ядийна хьош ю Сочехь кху Iай дIадахьа леринчу Олимпан Ловзарийн цIе. Ткъа „Репортераш дозанаш доцуш“ цхьанакхетараллин жигархошна хетарехь, Кремл и Олимпикан Ловзарш, Груска Ульрикес ма-аллара, „Оьрсийчоьнан шоколадан агIо“ дуьненна гайтархьама сел лерина кечдеш ду.

„Бакъду, церан цу тIехь аьтто балахь тамаша бу, - элира Груска Ульрикес, - Оьрсийчоьнан куьйгалло авторитаран агIор Iедалалла мел леладо а, нахана церан маршонаш мел йоьхку а“.

Пресс-конференцехь дакъа лоцуш хиллачу оьрсийн журналиста Золовкин Сергейс дийцира гулбеллачаьрга, къаьстина Олимпан Ловзарш дIахьочу Сочехь и маршонаш хьешар тIаьхьарчу хенахь вуно алсам даьлла, бохуш.

Юккъера Золовкин цу хиламе кхайкхар а дара шен бахьанийца - иза дуккха шерашкахь Сочехь ваьхна а, цигарчу хьолах 20 шарахь сов артиклаш язйина а ву. Маршо Радиоца шен хиллачу къамелехь Золовкин Сергейс дийцира, Берлинехь немцойн журналистийн юкъаралло дийцаре дина хиллачу хеттарех лаьцна.

Золовкин: «Тема тоъал актуале яра. «Оьрсийчоьнан хаамийн гΙирсашкара хьал Сочера олимпиада тΙекхочучу муьрехь» яра цуьнан тема. Вехха Сочехь ваьхна а, «Керла Газетехь» лерина корреспондент Ιийна а волу со кхайкхинера оцу пресс-конференце сайна хетарг Ιаьржа Ιорда йисттерчу газеташкара а, телехьожийлашкара а хьал соьга хатта. Ситуаци цигахь баккъал а дика яц.

Сочехь хΙинцале а кхайкхийна дунахана протесташ шайгара хазо доьхку низамаш, тайп-тайпанчу тIегIанашна тIехь – болх бар дехкарна тIе кхаччалц. Вуьшта, могIарерчу бахархошна цу ловзаршна гонахьа хIоьттинчу хьоло еш йолу новкъарлонаш-м ас йийца а ца юьйцу. Цкъа хи дIахададо, цкъа серло дIайолу, тIаккха некъаш дIакъовлу. ГIовгIа ю даима а лаьтташ. ЧI огIа вон тIеIаткъам бо цу доллучо а Сочехь бехачу нехан дахарна“.

Золовкин Сергейс дийцарехь, Оьрсийчохь Олимпикан Ловзарш кху муьрехь дIадахьар критике дечаьрга даима а Iедалхоша олуш долу „Спортий, политикий цхьана эян оьшуш дац“ бохург – иза гIалате некъ бу. ХIунда аьлча, дуьненан историно ма-гайтара, спорт а, политика а вуно вовшашца цхьана йоьзна хуьлуш ю.

Золовкин: „И хIиллане тезис юй, „спортий, политикий ма эяй вай!“, бохуш йолу, цо суна 1936 шарахь Гитлеран Германехь хилларг карладоккху. ХIинцалера Оьрсийчоь хIетахьлерчу Германица юста-м мегар дац. Амма и Оьрсийчуьрчу Iедалша юхьаралаьцна тезис яра-кх хIетахь фашистийн куьйгалло юхьаралаьцна хилларг а.

Вайна дукха дика ма хаьий, Малхбузерчу пачхьалкхаша хIетахь спорттий, политикий вовшахкъастийначул тIаьхьа хилларг. Цара и шиъ ца къастийра хIетахь, уьш Германе Олимпан ловзаршка а баьхкира, цундела дукха хан ялале Германин политика церан шайн цIа кхаччалц гена а елира-кх. Цундела суна иза доккха гIалат хета. Кхеташ ма дуй, и Ловзарш – уьш вуно сов-тIех лакхара мах болу, еза ловзорг юйла, Кремлан дайша шайн амбицешна там бан дIахьош долу. Цуьнца цхьаьна цу Ловзаршца вуно яккхий пропагандан Iалашонаш а ма юй. Делахь а, суна хетарехь, йоха герга яханчу режимана гIортор хилахь тамаша бу царех“.

Журналистана хетарехь, Сочехь кху Iай дIадахьа кечдина долу Ловзарш – иза оьрсийн Iедало доллучу дуьненан семалла лахйан кечйина нана-йоккха шоу ю. Ткъа бакъдолчехь и Ловзарш боккха эшам бу – меттигерачу Iаламна а, цигарчу курорташна а, ткъа иштта цигарчу нехан маршонашна а беш болу.
XS
SM
MD
LG