ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Анджи". Оьмар кхачийна?


Анджи, 2015 шо
Анджи, 2015 шо
Идрисова Барият

Бизнесхочуьнга Керимов Сулимане мехкан футболан тоба шен куьйга кIел эцар доьху доглозучу дагестанхоша

"ВКонтакте" машанерчу клубан агIонтIехь бу оцу хьокъехь кхайкхам. Саготта бу футболъезархой: кху деношкахь, 26-чохь, хилла ловзар тIаьххьарниг хилла диса мега "Анжин".

"Тхуна хаьа, клуб лахь, хьуна а кхочур ду лазаман дакъа – мел дукха ницкъ, ахча, сахьийзам дIабелла вай цунна! ДIадахначу шаро гайтина, дуьненан муьлххачу а маIIехь Дагестан йовзуьйтуш, цуьнан васт хилла яьхна спортан клуб Iалашъян вац цхьа а, хьо воцург. Оха доьху хьоьга, хьайн куйга кIел эцар иза юха а, ма ялийтахьара ахь!", - яздо наха миллиардере Керимов Сулимане.

Массийтта эзар куьг ду бухахь. Амма ца делла Керимовс цкъачунна жоп.

Стигалкъекъа-беттан 10-чохь цIахь левзира "Анжи", ийшира, цундела араелира Оьрсийчоьнан премьер-лигера. Цул тIаьхьа кIира даьлча яккха гIоьртира Федералан Футболан Цхьаьнакхетараллера лицензи, аьлча а, ловза бакъо хьукматан къовсадаларшкахь, амма ца елла цунна иза.

ХIун хир ду кхидIа?

Спортан тергамчас Батыров Мохьмада дийцира "Кавказ.Реалиига" клубах хIинцачул тIаьхьа хила тарлучух лаьцна. "Анжи" декхаре ю шен футболхошна а, белхахошна а алапа дIадала – 80 миллион сом ду цунна тIехь.

"Клуб юху я юьсу? Иштта лаьтта хаттар. Лицензи ца елла цунна цкъачунна. Карара бутт чекхбалале декхарх мукъаялахь, яккхаяла а мега кхидIа ловза бакъо", - билгалдаьккхира Батыровс.

Цо дийцарехь, 2-3 эзар хьажархо бен ца вогIу "Анжин" матчашка иза цIахь ловзуш (30 000 стаг чухоьуш ю цуьнан стадион), ткъа иза кхечу гIаланашка ловза йоьдуш, ца боьлху цуьнга хьажа цхьа наггахь болу фанаташ бен.

Хила тарлург иштта ду, Батыровс дийцарехь: "Хьалхара вариант – клубан президентна карадо оьшу ахча, дIало ловзархошна алапа, тIедогIучу шарахь I лигехь ловзу. ШолгIаниг – ахча ца карадо, клуб юху. КхоалгIаниг – суна хетарехь, ишта дерза тарло, декхарш дIадаллал карадо ахча, амма ловзу II лигехь, цигахь кIезиг хуьлу харж".

Клуб йохахь а, "Анжи" академи –тобанна керла ловзархой кечбен центр – дийна юьсур ю, эксперто бахарехь, Дагестанан спортан министралло дош делла цунна ахча латто.

Фанатийн ХIинжа-ГIаларчу "Акха дивизи" клубан лидеро Магомедханов Марата бакъдира, ша "Кавказ.Реалиица" къамелдеш, "Анжи" цIахь ловзуш хьажа 2-3 эзар стаг бен воьдуш цахилар, элира, кхечу гIаланашкарчу цуьнан матчашка хьажа наггахь фанат бен а ца воьду.

Фанатийн боламехь ву, Магомедхановс бахарехь, 300 хьажархо. Уьш кIезиг белахь а, иза теша клуб ехар ю кхидIа а бохучух.

"Анжи" оьшу кегийрхошна, цо царна спортан ирхенашка кхача некъ буьту. Массо а леташ хила аьлла ма дац! Оьшу махканна и клуб. Вайн дуккха а ду футболах дика ловзу бераш. Оьрсийчоьнан кегийрхойн футболан тобанехь ву пхийттара а валаза волу Касабов Артур, иза кхиийнарг а ю "Анжи" академи", - тоьшалла до Магомедхановс.

Футбол яц коьртаниг

Юкъархочунна, спортан комментаторна Рабаданов Рамазанна хетарехь, спорт яц махканна коьрта, шен социалан хьашташ кхочушдар ду.

"Спорт, оццул харжаш йийриг-м муххале а, мацалла, къоьлла йоцчохь кхаба а мегар ду, коьрта хьашташ кхочушдина делахь. Хи доцчохь хи оьшу, цIаналла латтош йолу коммуникацеш йоцчохь – уьш оьшу, некъаш беза вайна, дарбан хIусамаша еза. Хьал оццул доьхна а долуш, футбол ловзор, сан кхетамехь, зуламе ду. ГIуллакхаш ду вайн дан дезаш дуккха а, хьожа йогIу вайн хIордах, масала… Вай меттадаьхкичхьана, таронашца чIагIделчхьана, мегар ду футболах ловза а", - боху Рабадановс.

"Миллионаш а луш футболхой эцар, царна кеманаш, деза даарш латтор, церан дуьхьа базанаш кхабар – иза нийса дац", амма "Анжи" клуб йохахь а, футболан академи "Анжи" йиса еза аьлла хета шена, элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG