ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинца хIун дохьуш даьхкина оьрсийн эскарш?..


Iаьнан уггаре а шийла мур, чилла яра аьлла а доцуш, гуттар а шеран юьххьехь, аренан хьелашкахь хуьлуш долу тIеман Iамораш дIадахьа эскарш ду дIатардина дуккха а кIошташкахь. Царех цхьадолу дакъош, эвлана гергахь ду, лета жIаьлеш а, кхойкху нIаьнеш а хезаш.

Цхьана ханна бен уьш далийна дацахь а,керла бевллачу лулахойх цуьрриг баккхийбеш бац юьртахой. Федералан боккхучу некъахула дIавоьдуш ган а гуш, четарийн юрт а йиллина Iаш бу эскархой Теркйист кIоштан Бена юьртана юххехь а. Кху тIаьххьарчу иттех шарахь Нохчийчохь къепе хIотточу тIеман дакъошкахь гIуллакх деш ветеран ларалуш ву прапорщик Мурад.

Цу тIеман дакъойн хьокъехь цуьнга делла ас хIара хаттар: Новр кIоштан гIамаршкахь бIаьрго ма-лоццу яьсса меттигаш ю нацкъар бен ярташ а йоцуш,ишта гергахь адамаш а доцуш 11-12 чакхарма генахь Теркан раьгIнаш а ю эскарш дIатардан.

Мурад: «Меттиггий,бахархошца беш болу болххий хьесапе а оьцуш,дIатардеш ма ду эскарш. ДIо-о эрна арахь дIатардина а ду дакъош, юьртана гергахь хила дезарш а ду… И эскарш а, церан техника а нахана ца езий –м хууш ма дуй.

Делахь шайн –шайн Iалашонаш ,декхарш ма ду царна тIедехкина а. Теркан раьгIнашкахь,хьалха уьстагIийн жоьланаш хиллачохь а бу. Цаьрга гIуллакх доццург ца леладайта вайнехан полисхой а бу церан Iамораш тергонехь латтош»ю Сан хьекъалехь тахана-кхана дIадига дезаш ду тIеман дакъош».

ДуьнентIа мел йолчу тIеман техникаца ярташна юххехь дIатардина эскарш, мел «тап» аьлла тийна-таьIна Iаш делахь а наха сагатдо. Бер-кер,кхиазхой стенна буьйцу ,туш тоьхна Iачу салтий болчу агIор юьртахоша,шайн ницкъ а кхочуш бежана хIума а ца йохуьйту. МогIарера вахархо Ризван ву дуьйцуш.

Ризван: «Наха вовшашлахь дуьйцург и ду-кх-Iамораш дIадахьа балийна салтий. Цкъачунна,Дала мукъа лахь,цара еш новкъарло-м яц. Хьалххехь Iедалхоша дIакхайкхинехь нахана атта-м хир дара,са а ца гатдеш».

Ярташна юххехь дIатарбина кхобу эскархой бахьнехь, ницкъаллин структураша гуттар ма-биггара лебан,хеттарш дан кегийрхой бигча а,цIерачара сагатдар хаъал алсамдаьлла. Цунах дуьйцуш ю Теркйист кIоштера хIусамнана Сурат.

Сурат: «Ярташкара дукха бераш дигнера юха а низамхоша. Ницкъ а ца беш схьадахкийтина цхьадика. ХIара эскарш кхузахь долуш уьш бигна аьлча а нехан са ма гатло чIогIа. Хаам бан ма-безара и салтий цхьанне а сингаттамана балийна бац аьлла».,

Хууш ма-хиллара цхьа кIира сов хьалха цIеххьана тIеоьзначу эскаро ,наха шаьш даре а деш, адам кхерийна хилла чIогIа. РегIан даккъаш дIа а лаьцна, охьахевшинчу салташца, юкъаметтиг къасто,дика кеп а йина ваханчу оьрсийн маттахь Комарово олучу Iамта кIотIарчу вахархочунна тапча тоьхна чов йина а хилла салташа.

Хуучара дийцарехь, «юьрта дола дан гIоьртина» жима стаг, кху сохьта даьIахк а ца лоцуш кхеттачу дIандарго йина чов цIахь ерзош ву.,лоьраша дарбанаш лелийначул тIаьхьа.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG