ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украина – Оьрсийчоь: хIорда тIера конфликт



Буьззинчу тIеман кечаман раже даьхна Украинан эскарш. ТIеман министраллин пресс-гIоьнчалло бина и хаам тахана Iуьйранна. Керчь-гечонехь хьал талхарца доьзна шен ницкъашна изза буьйр дина Украинан Кхерамзаллин урхалло а.

Украинан эскарийн буйранчаша хьалхо хаамбира, герзаш а тухуш, Украинан кхо тIеман хIорда кема лаьцна Оьрсийчоьнан ницкъаша Керчан гечонехь, аьлла. Лазийна ялх украинан хIордхо. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) куьйгалло а бакъбо и халам: доза дохорна Iаьржачу хIорда тIехь лаьцна Украинан кеманаш, аьлла цо.

Оьрсийчоьно агрессин гIулч яьккхина, аьлла ду Украино дуьнене орца доккхуш даржийна дIахьедар.

Пачхьалкхехь тIеман хьал дIакхайкхо кечлуш яра Украинан Лакхара Рада оршоьтан Iуьйранна. Цуьнга мохк оцу раже баккхар дехнарг ю Украинан къоман кхерамзаллин кхеташо (СНБО).

Тахханехь, сарахьо, конфликт йийцареян кечлуш ю Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташо а. Оцу хьокъехь шен твиттерехула хаам баржийна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацехь Iамеркан Штатийн векал йолчу Хейли Никкис. Кхеташоне гулъялар дехна шина а агIоно – Украино а, Оьрсийчоьно а.

Москвано гуламе кхойкху дуьненаюкъара машаран хьукмат Азовн хIорда тIехь кхераме хьал хIоттарца. "Цавешаш хьийза агрессор юкъахь, дага а девлла бинчу сацамо бен юхавоккхур вац", яздо Украинан агIоно, аьлча а, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацехь Украинан векал волчу Ельченко Владимира.

Атлантикан альянсо (НАТО) а, Европан Берто а собаре хиларе кхойкху Оьрсийчоь а, Украина а.

Оцу юкъанна: Киевехь яьгна (я ягийна?) Оьрсийчоьнан дипломатин хьукматан ноьмарш йолу машен. Хьалхо Украинан шахьарахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векалтна хьалха гулбелира меттигера протестхой, цуьнан керта кIур болу коьчалш кхийсира цара.

"Бердянск", "Никополь", Яны Капу" ду Оьрсийчоьно Азовн хIорда чохь, герзаш детташ, чуьра эскархой а лазош (Украино бахарехь, 6 стаг, Оьрсийчоьно чIагIдарехь – 3), дIалецна кеманаш. Уьш сихха дIахецар тIедиллина Оьрсийчоьнна Украинан президента Порошенко Петра.

Лецна хIорда-кеманаш, эскархошца цхьаьна, Керчехь ду, боху прессо. Цунах лаьцна хаам баржийна Порошенкон пресс-гIоьнчас Цеголко Святослава.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG