ТIекхочийла долу линкаш

Президентна Трамп Доналдна дуьсу куьг яздар – иза цо дийр дац ала а дац.

Бахьана хууш ду санкцеш Малхбалено етта йолийча дуьйна а – ГIирма Украинера схьаяккхар, Донбассерчу сепаратисташна тIекарло латтор, Шемарчу Асад Башарехьа тIемаш бар.

РогIерчу документо доьхку Iамерикан совдегаршна Оьрсийчохь лелачу приватизацин базаршка 10 миллионал сов ахчанаш дахка. Оцу барамаша хьараме са йохьу Оьрсийчуьрчу хьакамашна а, церан гонашна а, доьзалшна а, боху сацам тIеэцначу Конгрессо.

Доьхку Iамерко шен бизнесменашна Оьрсийчоьно мехкдаьтта, газ арайоккхучу проекташка 5 миллион долларал сов инвестицеш хьийсор. Ткъа маггане а ца магадо ахча хьажо Арктикера маьIданаш хьаладаха леринчу оьрсийн проекташка. Мегаш дац Оьрсийчуьрчу мехкдаьттан, газан компанешна 60 дийнал, банкашна – 2 кIиранал сов ханна кредиташ дала.

Иштта шоръеш, шагъеш ю аьчканекъашна, маьIданашдохучу Оьрсийчоьнан секторшна тоьхна лела санкцеш а.

Кхин цхьа керланиг а ду кхузахь – Iамеркан президент шайн Конгрессе хIора шарахь хьежо декхарево Оьрсийчуьрчу миллиардерех, церан Путин Владимирца йолчу зIенех лаьцна информаци. Цу тIе, хIинца конгрессменаша магийчий бен Штатийн президентан бакъо яц тоьхна лела санкцеш юхаяха.

Амма магош дац космос толлуш Оьрсийчоьной, Iамеркой латточу гергарлонашна санкцешца новкъарлоян.

Кху кхаа шерачохь хIоразза а юкъайохучу санкцешна Оьрсийчоьно ечу реакцин а ю ша тайпа тренд. Юьхьанца «иза-м даккхийчех дацара» бохучу маьIнехь хуьлура жоьпаш. ТIаккха Путин Владимира а, Пачхьалкхан Думано а баха долийра, санкцеша мелхо а Оьрсийчоьнан экономика чIагIйо, шен таронашца кхиа некъ ло, чоьхьарчу бизнесна хуьлуш хилла новкъарлонаш духьалара евлла.

Cанкцеш тIечIагIъяхь, уьш цкъа а ца хиллачу кепара шуьйра агIонаш хьаеш хир ю"

Ткъа хIинца Оьрсийчоьнан куьйгалхоша, депутаташа, дипломаташа керлачу санкцех олуш мел хезарг а ду шога. Оьрсийчоьнанний, Iамеркан Штатийнний юкъаметтигаш кхин а артъеш, эгIош ду хIинца динарг, бохучу маьIнехь дIахьедина, РИА НОВОСТИ агенталло бахарехь, Пачхьалкхан Думин арахьарчу гIуллакхийн комитетан куьйгалхочо Слуцкий Леонида.

Трампа санкцеш тIечIагIъяхь, уьш «цкъа а ца хиллачу кепара шуьйра агIонаш хьаеш» хир ю, Оьрсийчуьрчу компанешна хилла Iийр бац эшам, кхечу пачхьалкхашна а хир бу, аьлла Слуцкийс. Цо догдоху Европа санкцешца Iамеркан лорах гIур хирг яцарх, цо дуьхало яре.

Бакъду, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан риторика башха хийцаелла а ца го. Санкцеша деш зен дац Оьрсийчоьнна, кест-кеста олучу Путинан Владимиран позици тIехь ю иза.

Масала, денош хьалха Iамеркан Штатийн администрацино шаьш-къаьстийна санкцеш тоьхна ГIажарийчоьнна, Къилбаседа Кореяна, Шемина доьхкина алссам адам доь герзаш арахецначу оьрсийн 8 компанина. Цара Оьрсийчоьна кIадда а дийр дац, амма терроризмна дуьхьаллаьттачу мехкийн юкъарлонаш-м талхор ю, аьлла Кремлан дипломатийн хьукмато.

Ткъа муха го санкцех долу хайра, бала нехан дахарехь, леларехь, къамелашкахь?

Дикачохь балхахь волчунна хаалур яц и санкцеш

​Нохчийчоь дешан маршонна къен мохк хиларе терра, кхуьйсийла дац къамелдийраш кхерамна кIел. ЦIерш а ца йохуш хозуьйту Маршо Радионо царна санкцех хетарг а, церан тIаьхьалонаша са мел, муха дуу а.

Нохчийчуьра вахархо: "Оцу санкцеша массарна а дина-кх зен. Ягориг язьелла, юург, массо хIума язьелла, машенан меженашна мах тIекхетта. Ягочунна тIекхетча, доллучунна а мах тIекхета. Массо стаг ву-кх санкцеш бахьана долуш бала хьоьгуш. Алапаш лахара ду, пенсионерийн ахча кIезиг ду, Iедалан ял а лакхаяьлла.

Дикачу белхашкахь болучарах хьакха ма ца ло и, царна хаа а ца ло. Газан,серлонан, хин хIора денна бохург санна мехаш десташ ду".

Санкцеша бахархошна кхачочу гIелонех а, уьш муьлхачу хорша ерзийна, билггал хьанна тIехьажийна хила догIура бохург а ду даьржина дуьйцуш уьш юкъаяьхначу кху кхаа а шарахь. Уггаре баьржина хьажам бу Нохчийчоьнан кхечу яхархочо бовзуьйтург.

Санкцеша ницкъ ца бо бохург аьшпаш бу"

Нохчийчуьра яхархо: "Дуьнено а Оьрсийчоьнна кхайкхийначу санкцеша Iедална беш ницкь бац, нехан дахар дика ду бохург - иза Iедалан пуьташ бу.

Ахь нахе ладоьгIча, го церан дахар мел гIелделла, хьал хьалха санна дац, хьо базара вахча, туькана вахча, мел цига лела адам лахделла го, ла мел доьгIнарг Iедална луш йолу ял, газах, серлонах ахча дIаядала гIерташ, дIа ца далалуш хьийза.

Мехаш тIекхетта: юург хуьлда иза, молха хуьлда иза, некъаца дIасавахар хуьлда иза. Мехаш а санна, хьуна луш долу алапа а совдоккхуш хилча, я пенси оуцу барамехь тIетухуш хилча цхьаъ дара... санкцеш ницкъ ца бо бохург аьшпаш бу.

Амма бакьду, ца бо санкцеша ницкъ шаьша уьш тIехьажийна йолчу нахана, Iедална а ца бо. Церан миллиардашкахь бизнесаш ю, цара шайн бизнесменаш йолах мукъабаьхна. Iедална луш йолу ял лахйина массо а санкцешка язбинчу нахана.

Бац Iедалдай мискачу нахаца, мискачу нехан дуьхьа болх беш, шайн го, шайн накъостий йолах боху, ца боху йолах мукъа миска нах.

Ю къехошна лерина программаш, амма бюрократино и хуьскаш а хала балийца дIакхачайо, кехаташ кечдеш мел хир хададо вайна хууш ду.

Европа а юй-те гIеххьачул ловзуш?! Со ца теша цунах, ловзош политика ю, дакъазбовлуш миска нах бу"

Санкцеша Оьрсийчоьнан Iедалехь, Кремлна гонах хьийзачу нахана хIумма а ца дина, амма дукха бахархой миллионашна ницкь бина, царна тIехь деш таIзар ду.

Санкцеш суна башха нийса етташ ю аьлла аца хета. ХIунда ца хета? Кху Iедалехь болчу нахера цара Европехь кхобу даьхний дIадоккхуш дац, банкашкара ахча слоцуш дац, цигахь церан берашка ду доьшуьйтуш, уьш шаьш а цигахь паргIат беха.

Европа а юй-те гIеххьачул ловзуш?! Со ца теша цунах, ловзош политика ю, дакъазбовлуш миска нах бу".

Санкцеша еш яц гIело я политикана а, я экономикана а, я социалан программашна а мел Оьрсийчоьнан президенто, Iедало, Думано бахахь а, цара тIеоьцучу омранаша, низамаша, некъаша гойту Iамерко а, Европано а дечу таIзарийн тIаьхьало.

Санкцеш шайн лорх болхбеш ю. Амма ала дац цкъачунна муьлха агIо хьалха къарлур ю – харц тIемаш, нехан мехкашна аннекси йийраш, я уьш цивилан гIиллакхашка берзо гIертарш.

XS
SM
MD
LG