ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказхойн Мехкех Набахти Ян Хьаьгна бу Оьрсийн Националисташ


Оьрсийчоь -- "Исбаьхьалла нацизмана дуьхьал" цIе йолчу Москохарчу гайтамера сурт. (Автор вевзаш вац)
Оьрсийчоь -- "Исбаьхьалла нацизмана дуьхьал" цIе йолчу Москохарчу гайтамера сурт. (Автор вевзаш вац)

Юьхьанца вовшех йозуш хилла а йоцу Оьрсийчуьра националистийн юкъараллаш хIинца, цхьана а етталуш, стамлуш ю. Цо аьтто бо царна, цхьана агIор, Iедална духьал лаьтта ницкъ а хилла дIахIитта, вукху агIор – оьрсех доцчу къаьмнашна алссам тIеIаткъамаш бан. Ишттачех ю, масала, Оьрсийн платформа олу, массех юкъараллех хIоттаелла цхьанакхетаралла. Цо шен сайта тIехь Шинарий дийнахь рогIера кхайкхам баржийна оьрсийн къоме «Къилбаседа Кавказо кхийдаде дов. Вайн жоп» цIе йолчу артикл тIехь.


Националистийн тобанех кхоллаеллачу «Оьрсийн Платформа» юкъаралло билгалдоккху пачхьалкхан бахархошлахь вовшашка шина тайпа цабезам бехаш хилар. Цхьана агIор – кавказхойн вовшашлахь ю гIоьртина юкъаметтигаш, вукху агIор – оьрсашний, Оьрсийчуьрчу кхечу къаьмнашний юкъахь лаьтта цабезам. ДIахьочу социологин хеттамаша гойту, пачхьалкхерчу бахархойх 50-75 процент нах Къилбаседа Кавказ, шайх гена йоккхуш, Оьрсийчоьнах дIакъасторе сатуьйсуш беха, боху националистийн артикло.

Кавказ оьрсийн къомо юзош а, цуьнан чоьтах хенера йолуш а ю, чIагIдо Оьрсийн платформано, шен декъашхоша зорбанехь а, Москохарчу а, кхечу гIаланашкарчу а гуламашкахь а хьалха а баьхна ма-хиллара.

Ксенофобин ун даржоррий, къаьмнаш вовшашца кхидIа а эгIоррий бен Оьрсийн платформано шен артикла буха диллина дацахь а, адамашлахь и хьу гена ца ялийта гIертар хIора а кхеташ волчу политикна, идеологна ду тIехь.

Националисташа рогIехь бечу кхайкхаман мах хадабайта Маршо Радионо къамеле кхайкхира Москохахь журналисташна низаман хаарш даржочу центран эксперте, Оьрсийчоьнан юкъараллин Палатин хьехамчига Пантелеев Борисе.

Пантелеев: «Тхаьш динчу жамIашкахь тхо тешна ду ксенофобин проблема экономикехь а, вайн пачхьалкхан политикан кепаца а йозуш хиларх. Яц кхиарехьа яьхна гIулчаш, динамика яц белхан меттигаш кхолларца. Цу тIе, коррупци ю меттигашкахь а, центрехь а, иза а ю халкъ бухарчу а, Москохарчу а Iедалех кхардош.

Ахча ца тоар, дахаран хьелаш цхьана а кепехь доцуш хилар ду нехан резадацар цу ксенофобин хорша даьккхинарг. Цундела кхоллало и тайпа лозунгаш, Москохахь боху, «оха кхобу кхидолу къаьмнаш», ткъа меттигашкарчу бахархошна шайн хьаькамашкара хеза, «массо а зулам а, массо а харцо а Москохара схьа ю».

Пантелевн Борисна хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша а, хаамийн гIирсаша а дебайо пачхьалкхехь ксенофоби. Масала, цхьана дуьненаюкъарчу спортан къовсамашкахь кавказхо тоьлча, цо Оьрсийчоьнан сий айдина, олий, дуьйцу, ткъа изза спортхо, масала, кхиберш санна, шен тароне хьаьжжина, езачу машена хиича, я цо цхьана оьрсийчо шена дуьхьалъяккхина харцо, кIонахчо санна, юхатоьхча, кавказхошна шаьш тIех даккхий адамаш хета, олий, дийца доккху. Цундела кхача а ца луш еха ксенофоби пачхьалкхехь, элира Пантелеевс.

Пантелеев: «Оцу шатайпа шалхачу стандартех пайда оьцу ма-хуьллу, цу тIе, хаамийн гIирсаша а мостагIалла даржаде мотт сов дукха буьйцу».

Орсийн платформа шех олучу националистийн юкъаралло, Iедале кхаьчча, ша я шен гонаша дендерг а довзуьйту артикла тIехь. Кавказхошка цхьа а къинхетам а хир бац, церан мехкашкахь тIеман-полицин раж хIоттор ю шаьш, шайн аьллар хилахь, яздо юкъаралло шен сайта тIехь. Ткъа шаьш кхин цхьаьнге а оьрсийчунна тIе куьг дохьуьйтур дац, я хIинца, я цкъа а, олий, йоьрзуш ю артикль.

И санна долу дIахьедарш Оьрсийчохь лелачу низамаша магош дац. Ткъа лелаш ду, Iедало цхьа наггахь а еш дуьхьало а йоцуш. Цундела сахьт дац, Оьрсийн платформано ша бохург, цуьнан мухха а мах белахь а, и мел къиза делахь а, чекхдаккха а.
XS
SM
MD
LG