Иракъан кеманаша динчу тIелатарехь вийна 6 ДАIИШ-ан тIемахо, хаам бо телегойтилло Al Sumaria, тIеман къайлахчу сервисашна тIе а тевжаш. Цу телегойтилло хаамбарца, вийначех вара Оьрсийчоьнан вахархо, гIазкхийн буьйранча, Абдул Карим ар-Русий (цунах кхин а Абу Самир а олура). Иза куьйгалла деш вара “Тарикъ ибн Зияд” батальонна.