ТIекхочийла долу линкаш

Iедалан хьостанаш чIагIдарехь, Нохчийн Республикехь эзарнаш бахархой дIататтабелла, коьртачу шахьаран майдане а гулбелла, Кремлана мехкан муьтIахьалла дIагайта. Ма-дарра аьлча, керла а, стагга а цецвала а хIумма а дац кхузахь. Гуттар а тергаллуш ма-хиллара, школашкара, лазарнешкара, Iедалан хьукхмат-урхаллашкахь къахьоьгуш болу берриг бахархой декхаре бина Соьлж-гIалахь гайтамна биначу гуламехь хила.

Соьлжа-гIалин гуламе дIа а кхаьчна, хьаькамашна шаьш гайта а гайтина, цигара «бовда» каяьлчех бу хIара къамел деш болу Шелковскан кIоштара хьехархой Хьамзат а, Билал а.

Хьамзат: «Гучу а девлла, хIинца цIадогIуш ду. Мархин баттахь нисдалар хьажахь Оьрсийчоьнан де. Багахь марханаш дерш а ,доцурш а бу. Царна хала дуй, даций бохург тергаме а оьцуш а дац».

Билал: «Марха цамарха дуьйцуш а дац. Iедалан балхахь волу стаг гуламехь хила везаш ву. Массарна а тIедиллина и декхар. Со а, сан накъостий машен а лаьцна, схьа а даьхкина кхуза хIиттина а лаьттина, хIинца дIадаха девлла ду.

Шайн лааме хьаьжна а доцуш, юх-юха a цхьацца ловзаршка, митингашкахь дакъалаца шаьш декхарелахь дар Iаламат чIогIа ца тов нахана. Цу хиламо психика гальяккхал тIеIаткъам а бо Iедалан балхахь болчу, амма хIинца-тIаккха лартIа догIур дац-те, дикачу агIор хийцаме дер дац-те хьал бохуш садеттачу бахархошна.

XS
SM
MD
LG