ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIай – къизачу Рамзана хьийзош долу къам"


Магасерчу гуламан жамI: гIалгIашна шех "бIоба" таръялийтинчу Кадыровс ша биллина шина къоманна юкъа

Ша-шена кхоьллинчу васто зен дохьу Кадыров Рамзаннна. Кху муьрехь цо хьийзо баьхначу гIалгIайх къахета догIу, олу наха Оьрсийчохь. Ткъа нохчий хьахочохь ца хьахош ца юьту Кадыровгара юьйлу шогалла.

Бутт бу нохчашний, гIалгIашний юкъа доза къастош къовсам иккхина. Тап-аьлла тийна Iа Нохчийчоь, гуламашкахь, кхеташонашкахь, Конституцин кхелехула кхерста ГIалгIайчоь. Юкъа-кара хаамаш баьржа, "Кадыровс ша вуьйр ву аьлла нохчийн латта тIехь гулам бан ваьхьина гIалгIа", "Кадыров кхаьчна ГIалгIайчу", олий.

Социалан машанашкарчу оьрсаша а, Кавказна юьстах дехачу кхечу къаьмнийн векалша а даздо "жима майра къам", яздо "федерацино кхоллалуш дечу боларх", "толаман истрех" лаьцна. Ткъа нохчех дукхаболучара боху цхьаъ: къуьйсучу меттигийн дай бу орстхой, ткъа уьш, де-факто бацахь а, берраш а санна нохчий ларало.

"Кадыровца дузу массара а тхан къам. Стенна ца кхета дийца даьхнарш нохчийн латтанаш дуйла! Ас цкъа а ца тесна Кадыровгахьа кхаж, амма кху хьолехь иза бакъ-м ву. Магасерчу митинге ладоьгIча-м со а хуьлу ГIалгIайчоьнан лаьтта тIехь вехаш!" – мах хадабо хиламийн Нохчийчуьрчу Аптис.

"Генара дIахьажча, тхуна го гIалгIай къизачу Рамзана хьийзош долу къам дуйла. Цуьнгахьа лаьтта сан ойла, иза гIийла го суна", боху Сибрехарчу Светланас.

"Кавказ.Реалиино" бинчу хаттамо гойту Оьрсийчоьнан субъекташкара бахархой шайн дукхаллехь цхьа а позици а йоцуш бисинийла: лелачух бац кхеташ, дерг довза тоьу газеташа яздечун хьалхара могIа.

Шен махкахь иза ша ву Путин

Тверерчу журналистна Полухин Алексейна хетарехь, мохк шорбарца шен къоман иэсехь виса дагадеана Кадыровна.

"Цунна [Нохчийчоьнан куьйгалхочунна] лиинчух тера ду шех лаьцна тIаьхьенаша ша машар, токхе хIоттийнарг, къам гомосексуалистех цIандинарг ву аьлла ца Iаш, мехкан доза а шординарг ву бохийла. Шен гIулчо гIовгIа йоккхур юйла ца хууш санна хьайина цо лаьттан проблема", боху Полухина.

Цунна гарехь, федералан центро ша бина хилла сацам бу ГIалгIайчоьнан парламенте "тIечIагIбайтинарг", оцо баьхна гIалгай гуламе.

"ХIинца Iедал шен цIе ларъеш хьийзар ду. Федераци юкъагIерташ а яцара, бохур ду. Нагахь санна ГIалгIайчоьнан конституцин кхело бина сацам Кадыровна ца тахь, лаьара Нохчийчоь ца гIоттийла. Парламент харц ю, конституцин кхело алахь, дIасабаха безар бу шайн-шайн цIа депутаташ", аьлла хета Полухинна.

Нохчийчоьнан парламентан спикер Дудов Мохьмад. ГIалгIайн муфти шеца ШарIан кхеле веха цуьнан кевне вахара Даудов кху муьрехь. Амма хIусаме ца витира цIийнан дайша.
Нохчийчоьнан парламентан спикер Дудов Мохьмад. ГIалгIайн муфти шеца ШарIан кхеле веха цуьнан кевне вахара Даудов кху муьрехь. Амма хIусаме ца витира цIийнан дайша.

"Дерриг а къам охьатаIош хьийзачу" Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дов до Кызылерчу йоккхачу стага Доржукай Аидас. Иза шек а яц къовсаме даьллачу лаьтта тIехь бехаш гIалгIай хиларх.

"Даржашка хьалабаханчу наха шаьш юьхьIаьржа хIиттабо шайгарчу кураллица, адамах цабашарца. Цкъа а ца хилча санна, кIезиг йисина оьздангалла, нийсо, цундела юкъаралла хьоьгу оцу ниIматех. Гойту иза ГIалгIайчуьрчу суьрто", тешна ю Доржукай.

Цхьаболчу "Кавказ.Реалица" къамел динчу нахана хета, Кадыровна куьйгах гIаж тоьхна иккхинчу хьоло, аьлла. "Шайн бакъонаш адамаша муха къовса еза гайтина ГIалгIайчоьно. Уггаре суна тайнарг ду наха Кадыровга цигахь "хьайн меттехь саца" алар. Хьалха иза дерриг а шена магош волу изавоккха хьаькам хетара нахана. ХIинца воьжна оцу локхаллера", боху Улан-Удэрчу вахархочо Номтоев Бориса. Цунна хетерехь, регионехь барт эгIийнарг ву ши стаг - Евкуров Юнус-Бек а, Кадыров Рамзан а.

ГIалгIайн ГIирма

ГIирмин аннексица дуьстира Кавказера хьал Москох цхьана IT-компанехь болх бечу Волнов Юрийс.

"Эшийна къам кхузахь, кхеташ ду, гIалгIай бу. Дагахь а доцуш, цIеххьашха латта даьккхина цаьргара. Тоьлларг Кадыров ву. ГIалгIашкара латта даккхар ду Путинна ГIирма яккхар санна. Ойла а йина, дIахадийна латта. Ткъа халкъо иза ца лайна", кхетадо Волновс. Цунна хетарехь, оцу бахьанийца южур ю Кадыровн рейтинг.

- Кадыровс хьовха, массо а нохчаша а лору къовсаме даьлла латта шайн. Историн бух а бу цаьргахь. Иза муха кхето деза тIаккха? – хоьтту "Кавказ.Реалиин" корреспонденто.

- Иза ГIирма яккхарна оьрсий тIетар санна долу хьал ду. Аналоги ю юьззина, - къар ца ло Волнов.

"ГIирмица лелийнарг" дагалецира тхоьца къамел деш Петарбухарчу Экономикан Лакхарчу школин аспиранто Воробьев Виктора а. "Шаьш Кавказехь массарел а беза буйла гайта гIертачу Нохчийчоьнан хьаькамаша хьаьстина а, кхерийна а (алссам хеза кхерам туьйсуш) еш лаьтта аннекси. ГIирма яьккхинчу Путина санна до цара къамелаш: шаьш цигахь массарел а лакхара ду боху. Иза ду гIалгIашна цатайнарг" – боху Воробьевс.

Цунна шалхенаш го Кадыров Рамзанца: "оьрсийн маттахь дечу къамелашкахь машар а буьйцуш, нохчийн маттахь ша дечу къамелашкахь кхерамаш а туьйсу цо".

Оха динчу хаттаро гойту Воробьевс ла ца доьгIнийла цхьаболчу гIалгIаша нохчий сийсазбеш Магасерчу гуламехь баьхначуьнга.

Мехкдаьтта ца хьахош-м муха доьрзур дара!

Ульяновскерчу музыканто Павлов Михаила Кавказера ерриг "IалгIож" юзу мехкдаьттица. Цунна хетарехь, "цкъа а вузуш воцу Кадыров гIалгIайн мехкдаьттах Iабо гIерта Кремл".

"ГIалгIайчоь IадIийр ю, мехкдаьтта доккху меттигаш цо Нохчийчоьнна дIалур ю, аьлла, барт бина Евкуровца Путина. Меца Кадыров вузо ма везий цуьнан. Амма доьналла долу гIалгIай реза ца хилла. Цундела иккхина дов", бохуш туьду Кавказера хьал Михаила.

Музыкантна гарехь, массо а "кхийсина" Магасерчу гуламо: Путин а, Евкуров а. "Бакъду, цхьа Кадыров вац шек, цунна хаьа, Кремло некъ боккхур буйла, ахча шена латтор дуйла – хьанна атта ду шен карахь муьлххачу а минотехь тIера тIус дIаоьккхур болу граната кхаба?!" - элира цо.

- Аьлча а, шеко йоццуш, латта гIалгIайн ду-кх?

- Тайпанийн латтанех чIагIо йоллуш ала дац сан. Цкъачунна суна го протесташка бевлла гIалгIай, могIарчу нохчаша хIумма а ца боху цаьрга.

Иштта ю тхан Поповца хилла диалог.

Магасерчу гуламехь
Магасерчу гуламехь

ТIех тIетаIIош олуш а дац Петарбухарчу политолого Карягин Михаила ша бохург, цунна хетарехь, хилларг ду "лаьттаца йозу шира проблема корта боцуш листа гIортар".

"Ши куьйгалхо къоман авторитетех дага ца ваьлла шаьш барт язбале. Иза дина хиллехь, протест сиха йоьрзур яра, тайпанийн хьалханчаша нах кхетор бара. Хьаькамаша базар лелайо историна гонах, иза нахана ца тов", боху Карягина.

Ша этнограф вац, цундела тIетаIIош ша хIумма а ца хIутту ала, ца хаьа шена, хьенан ду латта. "ХIораннан а шен бакъдерг ду. Кадыровс ницкъаша чекхдоккху Нохчийчоьнна пайде дерг. …Кадыровс нах дарбо. "30 машенахь вахана Кадыров ГIалгIайчу" аьлла бу газето яздечун корта. Дера доьшур ду наха-м и саннарг. Цо ша кхоьллина шена и васт", элира Карягина.

Комментареш

New Comments Available

Ичкерин векалш нохчех дIа а хадош, царна неIалт кхайкхийна муфтийс. Къоман цIарах оцу кепара дIахьедан бакъо юй цуьнан?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG