ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паччахьийн ловзарш


Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказера векал Матовников Александр а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.
Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказера векал Матовников Александр а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

Кавказехь стенна ло Iедал воIе, вешига, шичига?

Къилбаседа Кавказехь кхо кеп ю меттигера Iедал даржашка тардеш. Цхьаъ – хьаькамалла Кремло шеггара бахкийтинчу "хьешашка" луш. Масала, Дагестанехь Васильев Владимире санна. ШолгIаниг –дарж дегара хенан йохалла воIе кховдош. КхоалгIаниг – гIенташ долахь, шича-вашалла а лоруш, латтош.

Адыгейхь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Нохчийчохь ца хеддаш лела тIаьххьара ши кеп – Москох къастийначу доьзалех бен урхалла цатешор. Стенна?

Къегина масал ду дукха хан йоццуш ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалле оццу даржехь Iийначу Ковков Валерийн воI Коков Казбек хIоттор. Хьалхо Адыгейхь "коьртачу гIента" хаийра мехкан президент Iийначу Тхакушинов Асланан юьртахо, цуьнан зудчун цIийнастаг Кумпилов Мурат. Кремло дарже ваьккхина Кадыров Ахьмад вийча, цунах дисина Нохчийчуьра урхалла президенто Путина тешийра цуьнан воIах Рамзанах.

Бакъду, цхьа Кавказ хилла а ца Iа Iедал доьзалшна Путина доькъуш кхаьчна. Кхушара жигарадаьккхина Кремло пачхьалкхан лаккхарчу даржашка шен элитин бераш хийшор. Юьртбахаман министран дарж делла ФСБ-н (къайлахчу сервисан) директор Iийначу, пачхьалкхехь Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхо волчу Патрушев Дмитрийн воIе Патрушев Николайга. И санна озабезамаш лела меттигаш вуно дукха ю Оьрсийчохь. Гергарлонашкахула Iедал декъар муха нисло тоам боллуш дика теллина "Петарбухара политика" фондо, цо дуккха а бовзуьйту Путина шен доттагIашна там беш гIенташ делларш.

Кхин тIетовжа нах бац

Делахь а, йоккха башхалла ю федераланний, регионийнний элиташна юкъахь. Федералаш буьззина дай бу Оьрсийчоьнан. Регионалийн гIора дозу Кремлах, цо кхийдочу ахчанех. Оьрсий бехачу регионашкахь, меттигашкара дехьа-сехьа а бохуш, цхьа нах лелабо Кремло пачхьалкхан урхаллехь. Ткъа цхьацца бахьанашца шен бIаьрг тIехIоьттинчу доьзалшкахь кхобу Кавказера урхалла. Стенна?

Хаттарна жоп луш, ала тарло: Кавказ шатайпа регион ю. Бакъду, хила тарло ишта а. Къилбаседа Кавказехь халкъашна дац тешош шайна куьйгалхой харжар (цхьа Нохчийчоь ю оцу могIарара йолуш – харжамаш бен кеп а хIоттош хаийна цига "паччахь").

Нохчийчохь Iедал цхьана доьзале тардар дозу ала тарло цигахь, даккхий зенаш а деш, ши тIом лаьттина хиларца. Ткъа ГIебарта-Балкхаройчохь, я Адыгейхь хIунда ло Iедал дегара воIе, гергарчуьнгара – гергарчуьнга?

Жоп хила тарло ишта: нахалахь хьалхе цхьана беза-бевзачийн карахь ган Iаьмначу мехкашкахь дефицитехь бу урхалле хийшо хьакъ болу нах. Дац иза кавказхошлахь дешна, куьйгалла дан Iаьмна, зеделла интеллигенци яц бохург. Ду Кремлна оьшу нах, цуьнан цIарх караелла архаш муьтIахь лелор йолу нах кIезиг бу бохург.

Оццу тешамбацарца дозу президентна хадеш лелла нах "чоьхьарчу" Оьрсийчохь губернаторийн даржашка хIиттор а. Ткъа Кавказехь Оьрсийчоьнан элита тIетовжа торуш, лаккхара даржаш тешо мегаш гонаш бац хьалха урхаллехь а Iийна, Кремлна шаьш "дика" а гайтина юьстахбевллачу хьаькамийн доьзалш бен. Путинца гергга берта вахана стаг хилла веза цигахь Iедалан мукъа караоьцург – уьш партино, я ахчано зийначу нехан я бераш ду, я уллера гергарнаш бу.

Тайп-тукхумца, я шен цхьана доьзалшца йозучу уьйрашкахула куьйгалхой къестор шордан тарло Кремло Кавказехь. Хьаькамаш халкъе хоржуьйтуш боцчу кхечу мехкашкахь а хийша там бу "коьртачу даржашка" куьйгаллехь зийначу дайн кIентий, шичой, йиша-вешин бераш – ГIалгIайчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь.

Амма ца го кавказхой цивилизацина тIаьхьакхиаза нах бу олуш хуьлучу оьрсийн эксперташна, мел кхераме некъ бу Кремло боккхушберг – Оьрсийчуьра Iедал, дерриг а, монархешкахь санна, шена беза-бевзачу, шена муьтIахь гайтинчу доьзалшка дIадалар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG