ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Яндарбиев ве бохура Путинан режимо"


Пхийтта шо хьалха, 2004-чу шеран Чиллан-беттан 13-чу дийнахь, Къатаре хьовсийначу Оьрсийчоьнан ницкъхоша вийра гоьваьлла вевза нохчийн политик Яндарбиев Зеламха. Нохчийн радикалийн декъах ву олура цунна цхьаболчу тергамчаша…

Чолхе бара Яндарбиевн некъ – веккъа дIа яздархо хилла Iачу муьрехь а, Нохчийн Республикан Ичкерин лидер хIоьттича а. Цо санна чолхе а, хала а дIадаьхьинера шен дахар, и санна, президентан даржехь Iийначу инарлас Дудаев ЖовхIара а - 1996-чу шеран Охан-беттан 21-чохь кеманашца тохар дина вийра иза.

Советан заманахь Нохч-ГIалгIайчоьнан яздархойн юкъарлоно шен могIаршка ийцира Яндарбиев. Байташ, проза, пьесаш язйора цо. Лаьттира иза Iедало хьийзабешшехь вовшахбетталучу къоначу литераторийн "Пхьармат" клубехь а. Зеламхин политикан кхетам шена товш бацарна, кест-кеста емалвора иза Iедало.

Таханалерачу Нохчийчохь Яндарбиевн байташ эшаршкахь лоькху, авторн цIеяккха цахIуьттучара дешнаш "халкъан" ду а олуш – баккъал а еза, хазахета халкъанна уьш.

Советан Iедал доха даханчу шерашкахь Вайнехан Демократин парти кхоьллира Яндарбиев Зеламхас. Адамаш маршоне марздеш, махкахула политикан хийцамаш баржош, къам Советан пачхьалкхах дIакъаьста кечдеш хьийзира и парти.

"Хьалхара тIом" бирзича, 1997-чу шеран Дечкен-баттахь хиллачу президентан харжамашкахь ша эшча, политикера шен жигаралла лагIйира Яндарбиевс.

"ШолгIа тIом" болалучу муьрехь Малхбалерчу мехкашка а, АфхIанистане а, Пакистане а хьажийра иза Нохчийчоьнан президента Масхадов Аслана, шен векал а вина.

Нохчийчоь йозушйоцу пачхьалкх хиларх арахьарчу мехкашка къаро йойтуш къахьигира Зеламхас. АфхIанистанехь куьйгалла дечу Талибанца иза вовшахкхетча, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин санкцийн тептара язвира Яндарбиев. Цул тIаьхьа Оьрсийчоьно кховдийначу информацин буха тIе а тевжина, Интерполо ша лаца кхайкхийначу нехан могIара а ваьккхира иза. Шена гонах хIоттийначу хьоло ца вуьтура Малхбалера векал буьззинчу барамехь болхбан.

Цабезарш хIаллакбечу хьерахь оцу юкъанна

Даймахканна а, политиканна а Яндарбиев юьстахваьллера аьлла, лагI ца бира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша иза хIаллакван шаьш арабаьккхина некъ. ПIераскана иза а, 13 шо долу цуьнан воI а араваьллера Дохерчу маьждигера, ламазаш а дина. Цигара цIаваха новкъаваьлла и шиъ иккхира шайн машен хьалалатошшехь. Зеламха велира хан юкъа ца юлуш, кIант чIоггIа лазийнера, амма дийна висира.

Къатаран кхело оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба кхачийна зуламхой – Оьрсийчоьнан тIеман иччархойн урхаллин (ГРУ) белхахой Богачев Василий а, Белашков Анатолий а - беха ца Iийра гаттонехь. 2004-чу шеран Мангал-беттан 30-чу дийнахь Оьрсийчоьно лерринчу кеманца Дохера Москох кхачийра уьш. Пачхьалкхаша бинчу бертаца а догIуш, даймахкахь лаьцна кхаба везаш вара и ши стаг. Амма Москох дIакхачийначул тIаьхьа карош яц могIарчу тергамчашна церан лар – бац, я хилла а бац уьш Оьрсийчоьно ша набахтешкахь бахкочу нехан цIерш йовзуьйтучу тептаршкахь.

Шена товш боцу нах, уьш дуьненан муьлххачу маьIIехь хиларх а, хIаллакбан дош луш, къамел долийначу Оьрсийчоьнан куьгалхойн хьалхара гIулч яра Яндарбиев Зеламха вер.

Яндарбиев Зелимха
Яндарбиев Зелимха

"Режимо шена шен мостагIий хIаллакбан къастош (цIахь – Политковская, Эстемирова, кхиберш, арахь – Литвиненко, Скрипаль, кхиберш) дуьххьара вийнарг волчух тера дара Яндарбиев, цунна тIера йолийра и политика", элира Кавказ.Реалиига" бакъоларъярхочо Дмитриевский Станислава.

Нах оцу тактикаца хIаллакбарна бехке Путин хилар билгалдоху тергамчаша кест-кеста.

"Яндарбиев вен бохура Путинан режимо. Режиман амал зуламе хиларна а, нохчех кхерарна а дина ца Iара иза. Малхбузено генадаьккхина хIумма а эр дац, оппоненташ кхера беза шеца къийса, бохург дара цуьнан иза. Доккха зулам а дара динарг. Путин ша ву цунна жоп дала декхаре. Иза кхеле озо а веза оцу бахьанийца, кхел ХIаагехь дIаяьхьча гуттар а дика хир ду", чIагIдо вевзаш волчу Оьрсийчоьнан политика тергонехь латторхочо-эксперто Гобл Пола.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG