ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхойх исламисташ ца ала реза дац Оьрсийчоьнан Iедал


Кадыров а, Оьрсийчоьнан Думан депутаташ а
Кадыров а, Оьрсийчоьнан Думан депутаташ а

Оьрсийчоьнан Iедало къобал ца йина Нохчийчуьрчу парламентно шена хьалхатеттина инициатива: террорхойн дин а, церан цIераш а хаамийн гIирсашкахь яхарна набахте чохь яккха хан тохар. Нохчийн депутаташна ца тайниг дара хаамийн гIирсаша ДаIиш тобанах дуьйцуш, цунах “Исламистийн” тоба а, ткъа церан декъашхойх “Исламан пачхьалкхан” векалш” а бахара. Цу дIааларша харц гойту “ДаIишан бакъйолу Iалашонаш а, маьIна а”, къуьйсура Нохчийчоьнан депутаташа. И хаам зорбане баьккхира www.islamnews.ru агIоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG