ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вац со Оьрсийчоьнан къомах"


Садовская Алёна

Оьрсийчуьрчу бахархойн кхетамо тIе ца оьцу "Халкъан Цхьааллин Де". Еккъа цхьа категори бен яц оцу дийнахь майданашка йолуш – оьрсийн националисташ. Социологаша бинчу хеттамаша гойту Оьрсийчоьнан бахархойх эханна ца хаьийла, стенна даздо Лахьан-беттан 4-гIа де. Оьрсийчоьнан бахархойх цхьа халкъ хила цатигарца доьзна дуй те иза? " Кавказ.Реалиино” эксперташца дийцаре дира хаттар.

Довзийтар:

2005-чу шарахь юкъадаьккхина дезде - Советан пачхьалкх йоьхча, хьашто йоцуш дисинчу Октябран революцин дийнан (Лахьан-беттан 7-гIа) метта. Даздан къастийна де дозу 1612-чу шарца, Минина а, Пожарскийс а, Польшерчу интервенташна духьалоеш, Москох мукъаяккхарца. Оцу юкъанна аьлча, социологин зераш дечу ВЦИОМ-ан хаттарна жоьпаш луш, 63% бахархоша "Цхьааллин де" аьлла билгалдаккха магийна Советан пачхьалкхо дуьненан шолгIачу тIамехь толам баьккхина де. 2% нахана бен ца хета полшахойх Москох мукъаяьккхинчу Лахьан-беттан 4-чу дийнах "Халкъан Цхьааллин Де" дан оьшура аьлла.

"Кхолла ца елла хIинца а ерриг Оьрсийчоьнан халкъ (наци) шех ала тору юкъаралла. Иза кхоллалуш ю, хала кхоллалуш а ю. "МостагIийн таьжгенаш" а яц уьш, ша процесс ю иштта лазаме, еха", боху политолого Малашенко Алексейс.

Цунна гарехь, вуно дукха хьелаш чолхене девлла Советан пачхьалкх йоьхча – къаьмнашна, территорешна юкъайоьлла конфликташ.

" Махках, къомах, динах дозалуш долу кхо хьесап ду лелаш. Масала, Къилбаседа Кавказехь, "хьуна хьо мила хета: Оьрсийчоьнан халкъан векал, бусалба я, аьр вай, суьйли", хаьттича, кеп-кепара ло жоьпаш. Изза хаттар дойла ахь Сибрех, жоп цигахь а хир дац "Оьрсийчоьнан вахархо", "оьрси" аьлла.

Цигахь, масала, хезар ду, "со сибиряк ву". Петарбухахь олу "со петархухахо ву". Чолхе хаттар ду иза – мила ву со уггаре хьалха, оьрси, керста, Оьрсийчоьнан халкъах цхьаъ, Москох веха стаг?.. Къаста а белла, буьззина кхиина бац кхетам, вай муьлш ду ала. Халкъ (наци) кхуллуш йолчу оьрсийн этносан а бац и кхетам. Хаттал Калининградерчу, Владивостокерчу бахархошка, лур дуй цара массара а цхьа жоп? Дац, хетарехь", билгалдоккху Малашенкос.

Цунна хетарехь, цкъачунна къамел дойла а дац "цхьааллах" лаьцна, цхьа шатайпа "цхьаьнатохаралла" бен яц гуш ерг.

Ткъа политолого Галлямов Iаббаса ду боху Оьрсийчоьнан халкъ (наци), этникан хьесапе иза ца дирзинехь а.

"Наци, нахана цхьана баха мел лаьа, йолуш ю. Амма нахана цхьаьна баха ца луучу даьлча, иза леш ю. Оцу маьIнехь аьлча, Оьрсийчоьнан наци йолуш ю", тешна ву Галлямов.

Делахь а, протесташ алсам мел юьйлу а, "цхьана пачхьалкхехь баха кIезиг лууш хир бу нах", аьлла ю политологан прогноз.

Москох гуламехь, 2017
Москох гуламехь, 2017

"Центрехь либералан тенденцеш чIагIлур ю, ткъа къаьмнаш дехачу республикашкахь – этникан национализм". ТIаккха гучубевр бу массо а шерашкахь IаьIна дегабаамаш – центро тIех дукха урхалла шен карахь латтор а, къаьмнийн меттанаш Iамор декхарера даккхар а, кхидерг а. ТIаккха "кхерам буссур бу Оьрсийчоьнан нацин цхьааллина тIе", боху Галлямовс.

2012-чу шарахь бен ара ца даьлла "Оьрсийчоьнан наци" олу термин тIечIагIъеш документ. "Къаьмнийн юкъаметтигаш кхиоран стратеги" аьлла дара и документ. Ткъа 2016-чу шарахь Оьрсийчоьнан халкъан бахаман а, пачхьалкх кхиоран а институтан кафедрин куьйгалхочо Михайлов Вячеслава яздира Путине, Оьрсийчоьнан къомах лаьцна низам арахеца дезара аьлла.

ХIетахь цо "Новая газетехула ("Керла газета") бохура, хала а, лазамца а чIагIлуш ю халкъашлахь "Оьрсийчоьнан наци" термин, дуьхьало йо Оьрсийчоьнан Федерацерчу республикаша, уьш кхоьру оцу термино оьрсех боцчу нехан къаьмнаш эшаме дигарх.

Делахь а, 2016-чу шеран гурахь Путина къобалбира "Оьрсийчоьнан нацех" болу и хьехам. Эццахь болабелира болх. 2017-чу шеран бIаьста нацех долчу низаман проектан цIе хийцира, цунах хилира "Пачхьалкхан къоман политикан баххех" цIейолу проект. "Цхьа къам" хила кийча яц юкъаралла, дIахьедира низаман проект кечъечу тобан куьйгалхочо, академико Тишков Валерийс.

Тахана стенга кхаьчна оцу низаман проект хууш дац. Амма кхушара, кху деношкахь, Iедало ца хIиттийра Москох даздаран барамаш – хьалхарчу шерашкахь хIиттийнехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG