ТIекхочийла долу линкаш

"КТО" дIаяьккхинчу денна лерина даздарш ду Нохчийчохь


Оьрсийчоь -- Соьлжа-ГIала

Кадыров Рамзана тахана Нохчийчоьнан бахархой инстаграмехула декъалбира машаран денца. “Нохчийчохь дуьненаюкъара терроризм а, ваххабизм а яьржинера. Къам холчу хIоьттинера. Шайн дахар ца кхоош, дуьххьарчу Нохчийчоьнан президента Кадыров Ахмата а, цуьнан накъосташа а хIаллакбира эзаршкахь кхераме хьалханчаш а, царна хьалхалеларш а. "КТО" (контртерроран операци) раж дIаяккхар тоьшалла дара вайн Даймехкан мостагIчун тIехь вай толам баьккхина хиларна,” яздира цо шен агIонехь.

2009-чу шеран Оханан-беттан 16-чу дийнахь "КТО-н" раж дIаяьккхира Нохчийчохь.

Ала догIу, 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан масех гIалахь маьрша нах чохь Iаш болу петарийн гIишлош а лелхийтина, бIеннашкахь нах байира. Хиллачунна нохчийн тIемалой бехке а бина, Оьрсийчоьно болийначу тIамехь кхелхира иттанийн эзаршкахь маьрша нах, доьзза байна лоруш бу Оьрсийчоьнан эскаран ‘зачисткашкахь’ лецна бигина эзаршкахь нах.

XS
SM
MD
LG