ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлан карахь ду "турпалхо" вар а, вохор а. Чепига-иччархочун кхин а цхьа сурт


Боширов-Чепига
Боширов-Чепига
Крутов Марк Добрынин Сергей Маршо Радио (оьрсийн сервис)

Маршо Радионий, талламчийн Bellingcat тобанний кхин цхьа сурт а карийна Чепига Анатолий Владимировичан. Прессе кхачаза дара иза. Иштта гуллуш лаьтта СкрипальгIарна – Сергейна а, Юлияна а – Британе а вахана, "Новичок" дIовш даларна бехкевечу, шайца хиллачу паспорташца "Боширов Руслан", "Петров Александр" ву бохучу шина иччархочух йолу информаци.

Бутт кхаьчна яхначу бIаьста СкрипальгIарна дIовш даларца доьзна Британин полицино Солсберерчу видеокамераша "лаьцначу" шиннан суьрташ даржийна. Низамхоша бахарехь, бехке хила тарлуш волу "Боширов Руслан" а, "Петров Александр" а ву суьрташ тIехь.

Деношкахь талламчийн Bellingcat тобано а, Оьрсийчуьрчу The Insider хьостано а даржийра оцу шиннах шайна карийна документаш. Царалахь ду Оьрсийчохь паспорташ лучу хьукматан сайта тIехь карийна "Бошировн" сурт а, "Петровна" керла паспорт даларх болу хаам а. "Боширов" цхьа а "Боширов" воцийла, Чепига Анатолий вуйла хиира иштта. Ткъа "Петровх" дерг аьлча, цунна паспорт цуьнан сурт "даржа ма дойла" аьллачу грифца делла – цундела цкъачунна хааза юьсу шолгIачун бакъ цIе.

Британино СкрипальгIарна "Новичок" дIовш даларна бехкево "Петров" а, "Боширов" а
Британино СкрипальгIарна "Новичок" дIовш даларна бехкево "Петров" а, "Боширов" а

Таллам бинчу Bellingcat-о а, The Insider-о а къастийна Чепига Оьрсийчоьнан тIеман штабан коьртачу урхаллера иччархо вуйла а, цо цхьа хан хьалха Благовещенскехь иччархо дешнийла а, Москох эпсарш-дипломаташ, аьлча а, шпионаш, Iамош йолу академи чекхъяьккхинийла а.

Чепигин суьрташ кхозу Благовещенскерчу иччархойн (ГРУ) доьшийлехь. 2014-чу шеран Iай (гарехь, Донбассехь тIеман гIуллакх дарна) "Оьрсийчоьнан Турпалхо" цIе елла Кремло цунна. СовгIат даларх яздира хIетахь араяьллачу меттигерчу "Суворовский натиск" газетан ноьмаро а. ("Досье" проектерчу журналиста Канев Сергейс бахарехь, Майданехь гIаттам иккхича, Украинан президентна Януковична махкара вада аьтто а бина Чепигас).

Благовещенскерчу доьшийло арахецначу, Кремло "Оьрсийчоьнан Турпалхо" орден еллачу эпсарийн музейхь кхозу Чепигин сурт
Благовещенскерчу доьшийло арахецначу, Кремло "Оьрсийчоьнан Турпалхо" орден еллачу эпсарийн музейхь кхозу Чепигин сурт

…Делахь а, Кремль шенчун тIехь лаьтта тахана а – деношкахь президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс дацаре дина Чепигах цуьнан децIахь дуьйцург, яздориг. "Коьртачу Иччархойн урхаллерчу полковникна Чепига Анатолийна Оьрсийчоьнан Ткрпалхочун цIе елла яц", аьлла цо.

Маршо Радионо билгалдоккху, Чепигин сурт ду дIатоьхна (я хилла хIинццалц) Благовещенскехь цо чекхъяьккхинчу доьшийлерчу музейн пена тIехь, дешархойн-турпалхойн суьртийн могIарахь. Иза гойла ду цигахь даьхна карийначу интернетерчу суьрташлахь а, видеошлахь а.

Карарчу муьрехь Маршо Радион аьтто ца баьлла ДВОКУ (Чепигас дешна меттиг) яьккхинчу эпсаршкара бакъдерг хаа – тахана шен меттехь ду я дац Песковс турпаллаллах "ваьккхинчу" полковникан сурт. Амма, теша, дуьсур дац бакъдерг ма-дарра хаанза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG