Оьрсийчура политикан системина хьашт ерг демократизаци ю аьлла йолийна шен рогIера артикл, президент ваха кечлуш волчу Путин Владимира.Нийсса демократи кхиорца а, кхаьънаш эцарца къийсарца а яха еза гIулчаш кхийдайо йо цо цу тIехь. «Нехан диллина бакъдерг дийца таро хилийта, политикан система кхоллар ду маьIне», бохуш яздо Путина. Ша шийтта шарахь Iедалехь волуш шаьш и гIулчаш хIунда ца яьхнера ца дийцина, юха а, пачхьалкхан урхаллин мукъ шегахь бен ца гучу Путинас. Цул сов, ца хьахийна, бистхила нахана кхерам баькхинарг ша а, ша кхоьллина система а юйла.
Иштта, губернаторш харжаран система а юхаялор ю бохуш чIагIдо оьрсийн премьер-министро. Амма билгалдоккху, царна тIехьажаран гIирсаш а, уьш даржех бохор а президентан карахь дуьсург хилар. Шен артикл тIехь цо ца дуьйцу, губернатор хоржуш «президентан цаца» буйла. Оьрсийн пачхьалкхан ДУМе чуеллачу низаман проектехь и цаца боцуш бу.
Урхалла а, ахчанаш а доькъучу хенахь «махкана ден урхалла» дайа йийш яц бохуш яздо Путина кхин дIа а. Меттигехь ден урхалла шордан деза а боху цо. Жимчу бизнесах оьцу ша йолу ял, меттигерчу муниципалитеташка дIаелча дика хир дара аьлла хеташ а ву иза.
Интернетах пайда а оьцуш, нийсса демократи кхиоран гIирсаш муха шорбан беза а дуьйцу Путина, Британехь юкъадаьккхинчух масала а оьцуш. Цхьа бIаь эзар аз гулдина юкъараллин ойла, парламентехь йийцаре яккха еза боху цо. Амма шен цIе ца йоьккхучу нехан интернетах пайда бац, махкахой муьлаш бу къастош электронан система оьшу, цо дийцарехь.
Юкъараллехь шуьйра йийцаре ян еза низамийн проекташ, Iедалийн хьукхматийн сайташна тIехь меттиг хила еза боху цо, дIа-схьа дийца а, кехаташ яздан а.
Кхаьънаш эцарца къийса, Iедалерчу цхьа моггIа стоьлан дайн «гIуллакхаш ма-дарра гуш хиларан» бакъо юкъаяккха еза аьлла а хета, хIокху сохьтана премьер волчу Путинна. Шаьш мел ечу харжех а, йоккха хIума оьцуш, доьзална дойучу ахчанах а, садоIучу меттигех а, бехачу меттигех а лаьцна дийца декхар хир бу стоьлан дай. Хьесапдаран хIусам а, Юкъараллин хIусам а кхолларан керла кеп а юкъаяккха еза боху Путина, ДУМера массо фракцига дакъа а лоцуьйтуш. Парламентан таллам баран процедура жигара лелон еза аьлла а хета цунна.
Махкахойн юкъаралла пачхьалкхан гIуллакхашна юкъаяха гIертаре хьаьжчи, Iедалан жигаралла тIаьхьаюьсуш хиларна къера ву Путин. Iедале долу дехарш хийцадалар а, юкъара класс шен готтачу дахарера арадалар а – шайн белхан жамI хета Путинна. Вуьшта аьлчи, реза боцу нах майданашкахь гулбалар а, шегахьа дерзийна премьер-министро.
Путинан рогIера артикл ешначу наха яздо интернетехь, оппозицица къамел дан Iедал дагахь доций гуш ду, бохуш. Журналисто Черкасов Глеба яздина: «Шун дийца йиш ю, амма къастор дерш тхо ду» - боху маьIна ду оьрсийн-премьеран Путин Владимиран артиклан.