ГIадужу-бутт болалуш махка цIавирзинчул тIаьхьа лаьцна волу Гуьржийчоьнан хилла президент Саакашвили Михаил оршотан дийнахь дуьххьара ша кхелана хьалха хIоьттина Тбилисехь. Иза суьде валийра Гори гIаларчу тIеман базин дарбанан цIийнера. Цигахь дарба лелош ву иза, набахтехь цхьана баттахь ша мацалла хьегар сацийначул тIаьхьа.
Саакашвили набахте хьажийнера, хьалхо, иза дуьхьал а воцуш, хиллачу суьдо цунна хан тоьхна хилар бахьана долуш. ХIинца кхел керла гIуллакх луьстш ю цунна дуьхьал. Саакашвили бехке веш ву даржехь харцо ярна, 2007-чу шарахь Лахьан-беттан 7-хь хилла дуьхьалонан акци дIасалоллуш а, Патаркацишвили Бадрин бахам дIабоккхуш а.
Хиллачу президента тIецалоцу шен бехк хилар. Маршо Радион Гуьржийн сервисо бинчу хаамца, оршотан дийнахь ладогIарш дуьйлалуш Саакашвилис дIахьедира, ша лоруш ца хилар прокуратура а, Гуьржийчоьнан суьдан система а, ткъа шена тIехь еш йолу кхел комеди ю жамI хьалххе хууш долу элира цо.
Цуьнца цхьаьна, Саакашвили тIера ца валара, кхелан кхеташонашкахь шега дакъалацийта бохучунна. Хьалхо Iедалш реза дацара иза кхелан кхеташонашкахь дакъалоцуш хилийта, кхерамазаллан бахьанашца доьзна ду иза бохуш, делахь а уьш юхадевлира шайна, малхбузерчу пачхьалкхийн векалша а цхьаьна, дина тIедожор бахьана долуш.
Тбилисерчу кхелана хьалха гулбелла бу Саакашвилин агIончаш. Цара некъ къевлина суьдан гIишлонна уллехь. Тасадаларш а хилла полицин белхахошца, лецна нах а бу.
Кхелан кхеташоне чуйитинарг ду цхьа-ша Юкъараллин телерадиокомпанин Хьалхара телеканал.
- Саакашвили Iедале веара "розийн революци" олу хиламаш хиллачул тIаьхьа, Гуьржийчоьнна цо куьйгаллла дира 2012-чу шаре кхаччалц. Цул тIаьхьа иза махках велира. Гуьржийчоьнан керлачу Iедалша махкалла дIа а даьккхина, масех бехктакхаман гIуллакх долийра цунна дуьхьал.
- Саакашвилис, Украинин махкахо в волуш, дакъалецира оцу пачхьалкхан политикан дахарехь. Гуьржийчу цIаверза сацам бира цо, цуьнан дуьхьалончаша толам а боккхуш дIабирзина меттигера харжамаш буьйлалуш шен агIончашна гIортор ян дагахь. Махка хилла президент веара къайлаха, иза лецира доза хадийначул тIаьхьа масех де даьлча. Мацалла хьегар Саакашвилис сацийра, ша набахтал арахьа йолчу госпитале дехьаваккха Iедалш реза хиллачул тIаьхьа.