ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилиc дIахьедина, таханлерчу харжамашкахь къаста мегаш бу шен кхоллам аьлла


Гуьржийчоь -- Зугдидера кхажтасаран куп, 30ГIад.2021

Шот дийнахь, Гуьржичоьнан пхеа шайн урхалла дечу гIалахь а, 15-тта муниципалитетехь а шолгIа мур бу дIабоьдуш муниципалитетийн харжамийн. Харжамашкахь коьрта дуьхьаланча ю, 2011-чу шарахь миллиардеро Иванишвили Бидзинас кхоьллина, Iедалехь йолу "Гуьржийн сатийсам" парти а, "Цхьаьнакхетта оппозици" а, хиллачу президентан Саакашвили Михаилан "Цхьааллин къоман болам " партин инициативица кхоьллина йолу.

Коьрта тидам тIебохуьйтуш бу Тбилисехь а, пхеа йоккхачу гIалахь – Потехь а, Руставехь в, Батумехь а, Зугдидехь а, Кутаисехь а дIадоьдучу кхажтасарна, цигахь "Цхьаьнакхеттачу оппозицин" кандидатийн толам баккха баккъалла шанс хиларна "Гуьржийн сатийсам" партин кандидаташна тIехь.

ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь къайлаха Украинера цIавеанчул тIаьхьа лаьцна волу экс-президент Саакашвили Михаил цхьа бутт гергга хан ю мацалла хьоьгуш волу, ша дIахецар тIедожош. Кхажтасар дIадоладалале цхьа де хьалха пачхьалкхан хилла волчу куьйгалхочо дехар дира махкахошка, харжамашкахь дакъалацахьара аьлла кхайкхам беш.

Саакашвилис варе до, харжамийн жамIех цуьнан шен кхоллам а боьзна хилар. "Шун дакъалацарца доьзна ду, лийр ву со я вехар ву", - аьлла ду журналисташна цуьнан адвокатех цхьамма дIадешначу дIахьедарехь. Шен хьалхалерчу цхьана дIахьедарехь Саакашвилис хаам бира, "валлалц я маьрша ваккхалц" мацалла хьега дагахь ву ша аьлла.

Массийтта харжаман куьпах кхажтасар дIадоьдуш ду, къовсаеллачу партийн цIарах болчу тергамхошна а, "гIортор йон тобанашна а" юкъахь тасадаларш а хуьлуш.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG