ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилиc кхайкхам бина Америке, гуьржийн Iедалхошна санкцеш кхайкхайе аьлла


Саакашвили Михаил а, оцу хенахь Американ вице-президент хилла Джо Байден а. 2011 шо
Саакашвили Михаил а, оцу хенахь Американ вице-президент хилла Джо Байден а. 2011 шо

Гуьржийчоьнан хиллачу президента Саакашвили Михаила диллинчу кехатца кхайкхам бина Джо Байдена администраце, гуьржийн Iедалша емал а дахьара, Тбилисина Iаткъам а бахьара аьлла, цо чIагIдарехь, Гуьржийчоь демократех юхаяларна сацор Iалашонца.

Саакашвили ГIадужу-баттахь дуьйна лаьцна латтош ву Гуьржийчохь, де хьалха мацалла хьегар сацийна цо, 5о дийнахь латтийна йолу.

Саакашвилин кехат зорбане дьккхина Америкерчу Politico хаамийн гIирсо. Хиллачу президента яздо, ша дуьхьал а воцуш, чуволла кхел йина долу бехкаш политика бахьана долуш дехкина аьлла хета шена бохуш. Цунна хетарехь, "Гуьржийн сатийсам" парти тIаьхьарчу шерашкахь "шен Iуналле эцна кхелан ситема а, дукхахбоху пачхьалкхан а, пачхьалкхан боцу а зорбан гIирсаш, таро йина коррупци яржарна, харжамашкахь манипуляци йина, ткъа иштта гергша яхийтина Путинан Оьрсийчоьнна".

Саакашвилис дагадаийтина, ша президент волуш, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президент хиллачу Байденца цхьаьнакхетта хилар, ткъо цо дош деллера гуьржийн демократина гIортор йийр ю ша аьлла.

"Тахана ас кхайкхам бо цуьнан администраце вуно кхерамехь йолчу тхан демократина гIортор ярехь дакъалацахьара аьлла", - яздо хиллачу президента.

Саакашвилис хьахийначу гIуллакхашна юкъахь ду - Цхьаьнатоьхначу Штаташа официалан кепара емал дар гуьржийн 1едалша лелош дерг.

"Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо иштта дийцаре дан деза Гуьржийчохь адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал санкцеш кхайкхор, Магнитскийн глобалан низамца догIуш ма хиллара", - яздо Саакашвилис.

Официалан Вашингтон хIинццалц сатухуш реакци еш яра Саашкашвили лацарна а, цо мацалла хьегарна а гонаха, официалан Тбилисе, экс-президенте адамаллица лелалахьара, бохуш кхайкхамаш а беш, цуьнан нийсонца шен гIуллакх къасторан бакъо хилар билгалдоккхуш. Цуьнца цхьана емал ца дора Америко Гуьржийчоьнан Iедалш.

  • Саакашвили Михаила мацалла хьегар сацийна цхьа де хьалха, Тбилисерчу набахтин дарбан хIусамера Гори гIаларчу тIеман госпитале ша дехьаваьккхинчул тIаьхьа. Цо дуьххьара дуьйцург дара ша лаьцначура дIахецар, цул тIаьхьа - набахтера дарбанан хIусамера могIарерчу дарбан цIийне охьавиллар.
  • Саакашвили Михаил 2021-чу шеран ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь дуьйна латтош вара Рустави гIаларчу колонехь, оцу дийнахь дуьйна мацалла хьегар кхайкхийна цо. Лахьанан-беттан 8-хь Саакашвили дехьаваьккхира набахтин дарбан хIусаме.
  • Гуьржийчоьнан экс-президентан адвокаташа латкъам бинчу Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело кхайкхам бина цуьнга, мацалла хьегар сацаде аьлла, доларчу клинике дехьаваккха ша бохуш политика доьхучунна гIортор а ца еш.
  • Саакашвилина гIортор еш мацалла хьоьгуш вара гуьржийн парламентан 10 депутат а, "Цхьааллин къоман болам" партин лидерех цхьа а.
  • Лахьанан-беттан 13-чу дийнахь Тбилисехь митинг хилира Саакашвилин агIончийн. Оппозици тIера ца йолу политик хьийзор политикан амал йолуш ду бохучунна

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG