ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилин лор: Гуьжийчоьнан экс-президент госпитализаци яр оьшуш ву


Саакашвили Михаил Тбилисехь
Саакашвили Михаил Тбилисехь

Набахте чувоьллина, цул тIаьхьа мацалла хьегар ловш волу Гуьржийчоьнан экс-президент Саакашвили Михаил госпиталехь охьавиллар оьшуш ву, цуьнан могашалла телхаш хиларна, хаам бина кIиранан дийнахь Оьрсийчоьнан ТАСС агенталло, цуьнан лоьрана тIе а тевжаш. Цунах лаьцна яздо Американ Аз зорбан гIирсо.

Малхбузенехьа волу, ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь мацалла хьегар кхайкхийна политик дIалецира, масех шарахь махкал арахьа ваьхначул тIаьхьа иза къайлаха Гуьржийчу веанчул тIаьхьа. 2018-чу шарахь Гуьржийчохь, иза дуьхьал а воцуш, кхело сацам бира цунна хан тоха, даржо шена лучу бакъонел тIехваларна а, президент волуш ша лелийнарг кIайладахьарна а.

Саакашвилин лоьро Кипшидзе Николоза дIахьедина, ша экс-президентан хьал дийцаре дина хилар, карарчу хенахь иза латточу Тбилисина гена йоццуш йолчу набахтин лоьрашца.

"Ас эха сахьтехь къамел дира цуьнца, тIейогIучу буса хIун дан деза дуьйцуш. Кхана юха а цунна тIехIотта ваха дагахь ву со. Тхан иза дарбанан хIусаме вига дезар ду, мьттуш ву со" – дIахьедира лоьро гуьржийн телеканале, хаам бо ТАСС агенталло.

Хьалхо Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедира Гуьржийчохь Саакашвили дIалаьцначул тIаьхьа шаьш "вуно лерина ладоьгIуш ду хуьлучуьнга" аьлла.

Пачхьалкхан департаментан векло Прайс Неда кхайкхам бина Тбилисе, "Саакашвилица лелош дерг нийсонца леладе адамийн бакъонашкахула Гуьржийчоьнан низамашца а, Гуьржийчоьно дуьненаюкъараллана хьалха тIелаьцначу декхаршца а догIуш ма хиллара" аьлла.

Украинин махкахо, Гуьржийчоьно лехаме велла Саакашвили къайлах Гуьржийчу веара Гезгмашин-беттан 29-хь, ткъа ГIадужу-беттан ё-чу дийнахь иза лецира гуьржин низамаш лардон органийн белхахоша. Цунна гIо дина кхо стаг а ву суьдо лаьцна. Саакашвилис дIахьедина, ша политикан тутмакх ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG