Украинин президент Зеленский Владимир саготта ву Гуьржийчохь хилла президент Саакашвили Михаил дIалацарна, хаам бо Свобода Радионо. Иштта дIахьедар дина Украинин президентан зорбан-секртетара Никифоров Сергейс.
"Украино кхайкхам бо гуьржийн агIоне украинахойн махкахочунна дуьхьал цу тайпа гIулч яккхар муха хилла а, бахьанаш хIун дара а бохучух кхетор", - хаам бина Никифоровс.
Шен рогIерчу Facebook-рчу кхайкхамехь Саакашвилис хаам бина, Украинин депутатаца Ясько Елизаветица шен йолчу юкъаметтигех лаьцна. "Ас а, Лизас а хаам бан сацам бина, тхойшиъ цхьаьнахиларх лаьцна, охашимма долош ду керла дахар,(кхуллуш бу) керла доьзал", - яздина Саакашвили Михаила.
ПIераскана сарахь гуьржийн премьер-министра Гарибашвили Ираклийс дIахьедина леррина хиллачу брифингехь Гуьржийчььнан кхоалгIа президент Саакашвили Михаил Гуьржийчохь дIалаьцна МВД-но а, Пачхьалкхан кхерамазаллин сервиса цхьаьна дIаяьхьначу операцехь аьлла.
Гарибашвилис дийцарехь, гуьржийн лерринчу сервисаша тидамехь латтош вара Украинера Гуьржийчу вогIуш экс-президента беш болу некъ.
Болчу хаамца, Саакашвили Руставерчу набахте валийна. Дукха хан яляле цо дIакхайкхийна мацалла хьегар, тIодожийна Украинин консулца ша цхьаьнакхетийтар. Цунах лаьцна журналисташка дийцина Гуьржийчоьнан омбудсмена Ломджария Нинос, хиллачу президентаца ша цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.
Саакашвили Батумехь ву аьлла хаамаш баьржира пIераскана Iуьйранна. Иза иштта хилар тIечIагIдина экс-президент дIалацарца. Иза махка муха кхаьчна хIинца а хууш дац. 8 шо дара Саакашвили даймахкахь хиланза.
Хилла президент дуьхьала а воцуш Тбилисерчо кхело бехке вина шен даржо лучу бакъонел тIехваларна, хаам бо Радио Свободан корреспондента Кобаладзе Георгийс. Цунна набахтехь даккха тоьхна кхело 3 а, 6 а шераш.
- ПIерасакана Iуьйранна Саакашвилин фейсбукерчу агIонехь видио гучуелира, ша Батумехь ву, бохуш къамел деш Саакашвили а волуш. Цо кхайкхам бинера нахе ГIадужу-беттан 2-чу дийнахь хир болчу харжамашкахь дакъалаца дуьйла аьлла.
- Видео дIаязйина ю буьйсанна. Цу тIехь гуш йолу гIишлош тера ю Батумерчу хIордан йистехь йолчерах. Иза зорбане яккхале Саакашвилис яздинера: "Iуьйре дика хилла хьан, Гуьржийчоь, 8 шо даьллачул тIаьхьа". Хилла президент махка ванза дара 8 шо.
- ТIаьхьара шераш Малхбузенехь а, Украинехь а даьккхина волчу Саакашвилис хьалхо дIахьединера, ша Гуьржийчу цIавоьрзур ву меттигерчу Iедалан органашка харжамаш болчу дийнахь, ГIадужу-беттан 2-хь сарахь аьлла. Цо сурт зорбане даьккхинера оцу дийнахь цIаваха ша эцначу кеманан билетан.