ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сахаров Андрейн совгIат дина Европарламенто Навальный Алексейна


Навальный Алексей
Навальный Алексей

Оьрсийн оппозиционерна Навальный Алексейна Сахаров Андрейн цIарах долу "Маьршачу ойлане" преми делла Европарламенто. Хаам бина цунах лаьцна Свобода Радиога церан шина хьастано. Официалехь толамхо дIакхайкхор волуш ву кху деношкахь.

Свобода Радионо хаам зорбане баьккхинчул тIаьхьа политика толам баккхарх лаьцна дIахьедина иза хьалхатеттинчу Европан халкъан партино а.

Адамийн бакъонашкахула кхачош долу Сахаровн преми – Евробертан коьрта совгIат ду.

Оьрсийн оппозиционеран кандидатура хьалхатттинера Европарламентерчу йоккхачу фракцино – Европан халкъан партино а, ишта либералийн "Карлаяккха Европа" фракцино а, "маршонехьа а, демократигахьа а, адамийн бакъонашкахьа а къийсам латтош майралла гайтарна" аьлла, билгалдоккхуш.

Шо доладелчхьана колонехь латтош ву Навальный. Цунна дIавш а делла, Германехь дарба лелийначул тIаьхьа Оьрсийчу юхавеача дIалецира иза. Политик маьршавоккхур ву 2023-чу шарахь. Ткъа оппозиционерна дуьхьал даьккхина ду кхин а масех бехктакхаман гIуллакх.

Стохка Сахаровн преми делира Беларуссин оппозицин векалшна, ткъа 2018-чу шарахь, Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь лаьцначу украинхойн режиссерна Сенцов Олегна кхечира. Оьрсийчоьнан колонера ша цIа вирзича, Европарламенте а веана, вистхилира иза депутаташна хьалха.

Нобелан машаран преми дала а хьалхатеттинера Навальный кху шарахь, амма цуьнан лауреаташ бевлира журналисташ – Филлипинашкара Ресса Мария а, "Новая газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG