ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIуда Iаьрбийчу Iумрат дан ваха йиш ю Дагестанера


ХьажцIахь бусулбанаш
ХьажцIахь бусулбанаш

ХьаьжцIа боьлхучу нахана кехаташ кечдечу дагестанхойн "Мавра-Тур" компанино дIахьедина, Iумрат дар юхадолийна хиларх. Хьалхара рейс хир ю ГIуран-беттан 15-чу дийнахь, яздо Кавказ.Реалиино. Хаам барехь, зияртхойн таро хир ю ХIинжа-ГIалара Джидде доьдучу кеманахь ХьаьжцIа кхача. Виза а, шина а агIор билеташ а, Меккехь а, Мединехь а хан яккхар а лерича, мах бу 990 долларш – оьрсийн соьмашца хуьлу иза 70 эзар гергга.

Марсхьокху-баттера схьа дуьйна СаIуда-Iаьрбийчоьнан Iедалхоша тIеоьцуш бу Pfizer, Moderna, Johnson& Johnson, AstraZeneca вакцинаш яйтина арахьара зияртхой. Карарчу хенахь паччахьалло цкъачунна магийна яц цхьа а Оьрсийчоьнан вакцина. Оцу юкъанна байначу беттан 15-чохь дуьйна, коронавирусан хьал тодаларца а, вакцинаци яр а эвсара дIадахьарна, СаIуда-Iаьрбийчохь эпидемиологин дозанаш деттар даьстира – масканаш лелор а, социалан дистанци ларъяр а оьшуш дац кхин дIа. Юкъара дистанци ларъяр юкъара даьккхина ишта Меккерчу Доккхачу маьждигехь а, Мединерчу Пайхамаран маьждигехь а. Делахь а, бусулбанашна хьоьху респираторш лелор.

Кавказ.Реалии портало комментарий йийхира "Мавра-Тур" компанига, зияртхойн Iумрат дан бахар юхадолорах лаьцна хатта, амма жоп ца кхечира цаьргара.

"Къилбаседа Кавказан исламан талламийн центран" куьйгалхочо Гереев Руслана билгалдаьккхира порталца хиллачу къамелехь, зиярате бахар юхадолор бусулбачарна доккха ниIмат хилар.

"Оцу юкъанна, Оьрсийчохь къобал ца йина вакцинаш йинарш бен буьтуш бац оцу пачхьалкхе. Суна хаьа, бусулбачара хIинцале а яйтина оьшу прививкаш шаьш дIасалелачу заманчохь, масала, Туркойчу а, кхечу пачхьалкхашка а бахана, цундела, маьршша Iумрат дан баха аьтто бу церан. Дукха хан яра цара кечам бен",- аьлла, билгалдаьккхина къамел динчо.

Нагахь санна, ХьаьжцIа баха луурш алсам хилахь, дийца даккха мегар дара зияртхошна лерина арахьара вакцинаш эцарх хаттар, "хIунда аьлча, оцу барамо аттачу доккхур дара Оьрсийчуьрчу бусулбачийн зиярат дар".

Исламан пхеа фарзах цхьаъ ду ХьаьжцIа вахар. Шен дахарехь цкъа мукъна а ХьажцIа вахар тIедиллина ду 18 шаре ваьллачу, ваха таро йолчу хIора а бусулбачу стагана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG