ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийоь уггаре хьалха а, тоьлла а, чIогIа а хиларан 10 гайтам.

Нохчийчоь цхьацца гайтамашкахь хьалхара меттиг йоккхуш, тоьлла, чIогIа ю олий кест-кеста хаамаш баржабо Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша. Царах уггаре бIарла 10 гайтам иштта бу.

1.Уггаре а кхерамазалла йолу меттиг.

Нохчийчоь ю Оьрсийчохь уггаре а кхерамазалла йолу меттиг аьлла, дIахьедар дира Кадыров Рамзана кху деношкахь. Соьлж-ГIалахь хиллачу шен зорбанан конференцехь цо хаам бира, республикехь яц аьлла цхьа а «низамцехь йоцу герз долу олу» тоба. Иза иштта дац аьлла, дIахьедар ца дина Оьрсийчуьрчу цхьана а Iедалхочо.

2. Уггаре кIезиг цомгуш болу нах беха меттиг.

Оьрсийчуьрчу могушаллин министралло динчу дIахьедарца, стохка уггаре цомгуш хиларан тоьшаллаш белхахоша кIезиг эцнарг ю Нохчийчоь а (100 стагах 14.5). Уггаре дукха цомгуш хиларх тоьшаллаш эцнарг ю Ярославан кIошт. Цунна жимма тIаьхьаюсу Москохан а, Тверскан кIошташ.

3. Уггаре кIезиг малар молу нах беха меттиг.

“Маларца йоцу Оьрсийчоь” проекто а, Информацин коммуникацийн центро а бинчу талламца, Нохчийчоь ю Оьрсийчохь уггаре кIезиг маларш муьйлу республика.

4. Уггаре а дукха бераш деха меттиг.

Оьрсийчоьнан Росстато бинчу хаамца, Нохчийчуьрчу бахархойх уггаре доккха дакъа дIалоцу бераша. Буьйцурш бу болх бан хан йолчу нахал ханна жима болу бахархой. Росстатан терахьашца 2014-чу шарахь цу бахархойн дакъа дара 34 сов процент.

5. Уггаре кIезиг доьзалш дIасакъастар хуьлу республика.

Оьрсийчуьрчу регионашна юкахь уггаре кIезиг доьзал дIасакъастар хуьлу Нохчийн Республикехь. 1000 стаг схьаэцча, дIасакъаьсташ бац царах 1 процент нах а.

6. Уггаре дукха эскарш дIатардина меттиг.

Нохчийчоь уггаре дукха эскарш дIатардина меттиг ю. Билггала терахьаш дуьйцуш дац. Амма хьулдина доцучу хьастанашца а, зорбанан гIирсаша далочу а, бакъонашларъярхоша дечу а тоьшаллашца а догIуш, Нохчийчохь дIатарйина ю масийтта Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан тIеман тоба. Цул сов Нохчийчохь бу масийтта эзар ФСБ-н а, МВД-н, талламан комитетан а, кхин а цхьацца ницкъаллин структурийн белхахой, республикан еъа маьIIехь дIатардина Оьрсийчоьнан тIеман министраллан дакъош ца дийцича а.

7. Уггаре дукха маьждигаш долу меттиг.

РБК агенталло бинчу талламца, бахархойн терахь схьаэцча, уггаре дукха маьждигаш долу меттиг ю Нохчийчоь. ХIора 1490 вахархочун кхочу цхьа маьждиг. Дагестанехь и терахь ду 1908, ГIалгIайчохь – 2181. Дустуш аьлча, Туркойчохь цхьа маьждиг кхочу хIора 931 стагана, ГIажарийчохь – 1080, СаIудийн пачхьалкхехь – 111. Уггаре дукха маьждигаш ду Индонезехь – 818 600.

8. Уггаре дукха титулан къоман нах беха меттиг.

2010 шарахь бинчу талламца, аьккхий тидаме ца эцча, Нохчийчуьрчу бахархойх 95,1 % бара нохчий (ГIалгIайчохь 94,5 – гIалгIай).

9. Уггаре Оьрсийчоьнан Iедалшна муьтIахь йолу меттиг.

Официалан болчу хаамашца, 2011-чу шарахь Оьрсийчохь Iедалехь йолчу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партина шайн кхаьжнаш дIаделира 99,48% Нохчийчуьрчу харжамхоша. 2012-чу шарахь хиллачу президентан харжамашкахь Путин Владимирехьа кхажтесира электоратан 99,76%. 99,76% процент харжамхой бара цигахь дакъалоцуш.

10. Уггаре лакхара цабезаман тIегIа долу меттиг.

Эххаре, уггаре лакхара цабезаман тIегIа долу меттиг ю Нохчийчоь. Brand Analytics цIе йолчу аналитикан центро чIагIдарехь, Нохчийн Республика уггаре хьалхара меттиг дIалоцуш ю Оьрсийчохь цабезаман, хьагI-гамо хиларан тIегIанца. Кхин баш «безамо бIарзбина» бехаш бац нохчийн лулахой а.

Кхин а дуккха а гайтамашца хьалхара меттиг дIалоцуш ю Нохчийчоь. Масала, уггаре ирсе пенсионераш беха меттиг а ю иза. Язде тхоьга, кхин а мичахь хьалхаяьлла йоьдуш ю Нохчийчоь? ​

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG