ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш юкъаяьхна Евроберто а, Iамерко а


Оьрсийчоь -- Газпромбанкан цхьана декъан гIишло, Москох, 2014.
Оьрсийчоь -- Газпромбанкан цхьана декъан гIишло, Москох, 2014.

ПIераскан дийнахь нуьцкъале йирзина Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал тIеэцна йолу рогIера экономикан санкцеш, цхьа могIа Европера пачхьалкхаш, къаьстина Оьрсийчоьнца доза долу Финлянди, царна дуьхьал хиллехь а.

Цкъа хьалха Европерто, ткъа цул тIаьхьа масех сахьт даьлча Цхьанатоьхначу Штаташа а тIеэцна йолу керла санкцеш коьртачу декъехь Оьрсийчоьнан экономикан тIум ларалуш йолчу нефтан а, газан а секторех хьакхалуш ю. Цхьанакхеттачу Европин официала журналехь зорбане яьхначу цу санкцийн деталашкахь деша йиш ю, "Роснефть", "Транснефть", "Газпром нефть" цIе йолу яккхий концернаш гIуданаш лаьцначеран могIаршлахь хилар.

Иштта тIеман гIирсаш а, сурсаташ а кхуллуш йолу коьрта оьрсийн концернаш - "Уралвагонзаводий", "Оборонпромий", Цхьанатоьхна кеманашдаран корпораций а ю цу могIаршлахь.

Цул совнаха, Евроберто сацош бу Оьрсийчоьнца ша хIинцалца схьа цхьана беш хилла болу лаьттабухахь мехкадаьтта лахарца а, даккхарца а хилла болу болх а, ткъа иштта Арктикехь цуьнца цхьаьна мехкадаьтта лахар а. Аналисташна хетарехь, цу гIулчаша Оьрсийчоьнна даккхий зенаш дийр ду, зенаш дарал совнаха, цуьнан мехкдаьтта а, газ а яккхаран белхашкахь сел оьшуш йолу керла лакхара технологеш йоцуш йиса там бу иза.

Концернел совнаха, иштта адамаш а ду керлачу санкцеша юккъелаьцна. 24 керла стаг ву Малхбузено билгалваьккхина. Царна юккъехь политикш а, депутаташ а, хьукматхой а, ур-аттала спортхой а бу. Царех уггаре а вевзаш верг шен скандалан дIахьедаршца вевзаш волу, дукхахболчу тергамхоша жухIарган ролех Кремлан лаамаш юкъараллийна дIабовзийтаран болх беш лоруш волу Пачхьалкхан Думин депутат Жириновский Владимир ву. Ву царна юккъехь „Ростех“ корпорацин куьйгалхо Чемезов Сергей а. Ала дашна, и Чемезов шен хенахь, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир санна, Советийн Пачхьалкхан Кхерамазаллин Комитетехь болх бина а, цу комитето, Путин санна, Малхбалерчу Германе хьажийна а, цигахь Путин Владимирца доттагIалла тасделла а волуш, Кремлан коьртачу гIентан ден уггаре а гергарчу накъостех ларалуш ву.

Оьрсийн Iедалхойх иштта керлачу санкцеша лаьцна кхин пхиъ Пачхьалкхан Думин депутат а, Оьрсийчоьнан президентан ГIирмаца доьзначу гIуллакхийн гIоьнча волу Мурадов Георгий а, гIалгIаскхийн эскарийн атаман волу Воробьев Юрий а. Ларамаза дац иштта цу нехан могIаршлахь иштта 76-чу Псковерчу десантийн дивизин буьйранча инарла-майор Наумец Алексей нисвалар а. ХIунда аьлча, цу дивизин салтий а, эпсарш а бу тIаьхьарчу кIиранашкахь сепаратистийн агIонехь Киевана дуьхьал тIеман беш гучубийлинарш а, цигахь байъинчул тIаьхьа, къайлаха шайн даймахкахь дIабоьхкина гучубевлларш а.

Сепаратисташ хьахийначуьра аьлча, керла санкцеш хьакхало иштта ша шех „Донецкан халкъан республикан премьер-министр“ олуш волчу Захарченко Александрах а, оццу сепаратистийн низамца йоцучу цхьаьнакхетараллин тIеман министр ша лоруш волчу Кононов Владимирх а, Луганскера халкъан республикан премьер-министр ша шех олуш волчу Цыпкалов Геннадийх а, цхьа могIа кхечу сепаратистийн тIеман а, политикан а куьйгалхой а.

Керлачу санкцех шен оьгIазло хьул еш яц Кремл. И санкцеш гIаръевллачул тIаьхьа сахьт далале Путин Владимиран пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс цецвалар гайтира цу кепарчу хиламийн гуолатохарх. „Тахана Евроберто тIеэцначу сацамех аьлча, цунах кхоьтийла данне а дац. ТIаьхьарчу деношкахь президент Путинан къинхьегамца яьхна йолу машарехьа гIулчаш тидаме эцча-м муххале а“, - элира цуо еарий буьйсанна хан яьллачу хенахь, санкцех долу коста хаамийн гIирсашкахь баржа болабелча.

„Кху хьолехь тхуна кхеташ ду, Брюсселехь я ца го, я ган ца лаьа Донбассехь долу бакъдолу хьал, иштта царна цигахь ца лаьа, Оьрсийчоьно Донбассера хьал тодарехь йохуш йолу гIулчаш ган“, - аьлла тIе а тухуш.

Кхин а цеце яра Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хиллачух ша динчу дIахьедарехь. Цу хьукматан сайта тIехь яздина ду „И гIулч яккхарца Евроберто шен харжам бина - Украинин чоьхьара кризис машарца дIаерзорна нийса дуьхьал болу харжам...

Тахана Брюссело а, Евробертан пачхьалкхийн куьйгалхоша а шайн бахархошна жоп дала дезар ду, цара уьш конфронтацина юккъе а хIунда буьгу, церан коча экономикан стагнаци а, белхан меттигаш йохаран кхоллам а хIунду туьтту бохучу хаттарна“, - аьлла. Цу дIахьедарехь, цхьаьна агIор, Кремлан гаррехь долу хиллачух догдатIар.

Ткъа вукху агIор жимма беламе а, кхардаме а хетало оьрсийн дипломатийн хьукмато Европин бахархошна а, церан белхан меттигашна а сел гатдеш долу са – пачхьалкхан куьйгаллехь волчу масех стеган политикан амбицеш а, дегабаамаш а бахьана долуш кху масех баттахь бIеннаш эзарнаш Украинин бахархой тIеман баланашка лацийтинчул тIаьхьа, масех эзар стаг цигахь вийначул тIаьхьа, ткъа иттанаш эзарнаш шайн ков-кертах боьхначул тIаьхьа.

ГIалат хир дара амма Оьрсийчоь санкцешна дуьхьал цу кепара догцIена декаш долу дIахьедар а дина соцур ю бохучух тешар. Мелхо а, шен агIор керла гIулчаш яха дагахь ю Москоха, цу гIулчех могIарерчу Оьрсийчоьнан бахархошна мел зе хир делахь а. Иштта, цу пачхьалкхан куьйгалло ша тIеэца тарлучу санкцех дуьйцучохь хьахийра, дозанал арахьара машенаший, духарший чудар лахдан там бу аьлла.

Цул совнаха, Европе йоьду газ лахйан йиш хилар а къадийра Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс масех де хьалха. Бакъду, цкъачунна цуо хадон там бу аьлла йийцинарг цхьаццайолчу Европерчу пачхьалкхаша Оьрсийчоьнера эца а оьцуш, Украине реверс еш, аьлча а, и газ Украине юхаерзош хиларца доьзна дара.

Ткъа духарехий, машенех дерг аьлча, уьш цкъачунна пачхьалкхан барамашкахь хьукматашкахула оьцуш долчу дехарехий, машенехий бен хьакхалуш хир дац. Цундела шайн Оьрсийчоьнан урхаллийн декъашхойн а йиш хир ю кхин дIа а Брионин говзанчашка шаьшна кхин дIа а коч-мача тегийта а, Германера машенаш хехка а.

XS
SM
MD
LG