ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санкцеш йоллушехь муьшан некъ билла 355 миллионна кхечу пачхьалкхашкара гIирс оьцуш бу Нохчийчохь


Нохчийчуьра "Ведучи" курорт
Нохчийчуьра "Ведучи" курорт

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара а, Евробертан мехкашкара а гIирс эца масех тендер кхайкхийна Нохчийчохь Ведучи курортехь канатан некъ билла. Оцу Iалашонна 355 миллион сом дойур ду. Тоьхна санкцеш йолчу заманчохь, муха эца дагахь бу Iедалхой гIирс, хууш дац.

"Къоман канатан некъаш" ООО-но ши тендер хIоттийна цхьацца гIирсан меженаш эца а, леррина ортхалш эца а, VLI канатан некъана электронан компоненташ нисйан а. 312 миллион сом мах болчу хьалхарчу тендерца а догIуш, немцойн Schmersal компанин элементаш гайта йеза гIирсаш тIекхоьхьучо, иштта, британхойн Ferodo фирмин тормозан колодкаш а, шведахоша йина Nord-Lock фирмин шайбаш, Америкера а, кхечу пачхьалкхашкара а зайлийн кепехь долу Gates фирмо арахоьцу доьхканаш а.

ЩолгIа, 43 миллион соьмана йолчу тендерца, Sinumerik модульш оьцур йу – немцойн Siemens компанин урхалла дечу системин сери йу иза.

ГIирс оьцуш бу пассажирийн VLI канатан некъана лерина – 2021-чу шарахь Iедалхоша тендер дIайаьхьира иза кхуллуш, 1,3 миллиард сом мах а буьллуш. Шаьш канатан некъаш - францхойн Poma компанино дина ду.

Ведучи – ког-салазаш хоьхку курорт йу Соьлжа-ГIалина 80 километар дехьа. Инвестицийн проекто леринера 19 лаьмнашкахь ког-салазаш хоьхку 46 чакхарма беха некъ билла.

Украинана тIамца тIелатар динчул тIаьхьа Оьрсийчоьнна дуьхьал масех пакет малхбузенан санкцеш йаьхна. Иштта санкцеш тоьхна оьрсийн компанешна а, Кремльца боьзначу нахана а, царна дихкина Оьрсийчу гIирс а, кхиндолу сурсаташ а кхачор. Евробертан санкцийн 11 пакета юкъа тоха тарло, Москвана хьалхо тоьхна санкцеш йоллушехь, гIо ден 90 компани.

  • 2020-чу шеран гIуран-баттахь дийца даьккхира, 1,129 миллиард сом духкур ду "Ведучи" курортехь баккъал ло долуш санна система хIотториг аьлла. Федералан бюджетан ахча дара оцу гIуллакхна хьажориг.
  • Кавказ.Реалиин сайто ма-йаздарра, Нохчийчохь ког-салазаш хоьхку исбаьхьа некъаш дахка дагадеара 2010-чу шарахь, масийттаза ойла хийцайелира: 19 некъан метта шиъ бан аьтто хилира, ткъа куьзганийн шале хIоттор кехата тIехь дисира.
  • "Малхбузера Кавказ" ЮНЕСКО-н Дуьненан мехаллийн могIаре йаьккхина Адыгейра Лако-Наки плато тIехь ког-салазаш хехка курорт йан Iалашонаш хIинца а йолуш йу Оьрсийчоьнан Iедалхойн. Хьешан хIусамаш, канатан некъаш, ресторанаш хIитторо хIаллакйийр йу иттаннаш гектарашкахь хьаннаш а, мехала байш а. ЮНЕСКО-н векалшца гIишлошйарх дийцарш дан лерина бара оьрсийн хьаькамаш 2022-чу шарахь, амма Украинерчу тIамо новкъарло йира, дIахьедира экологаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG