Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцешна бухахь йолу "Абсолютан Чемпионат Ахмат" (Absolute Championship Akhmat – ACA) ийначу кепехь латарийн къийсадаларш Гергарчу Малхбалехь дIадахьа лерина йу, ишта Iалашо йу японхойн Rizin лигаца йукъарло чIагIдан а. Цунах лаьцна дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Ахьмада, иза ву республикехь спортан министр а, вице-премьер а.
Цо бахарехь, 2026-чу шарахь "Ахмата" 12 турнир дIайаьхьна Казахстанехь, Узбекистанехь, ГIиргIазойчохь, Таджикистанехь. Лигин президенто Бибулатов Мохьмада чIагIдарца, "оцу пачхьалкхашкахь летарш дIадахьа бина сацам дукха хьолахь меттигерчу и спорт йезачеран лаккхара интерес хиларна ду".
2020-чу шарахь санкцеш дуьхьал йахале хьалха "Ахмата" летарш дIахьора иштта Америкехь, Канадехь, Бразилехь, Германехь, Австралехь а.
Кадыровс ишта хаамбина, латархойн лиган куьйгалхоша 50 гергга спортхочуьнца контракт йукъахйаьккхина хиларх. ХIун бахьана дара, цо ца хаийтира, амма бохура, спортан жамIашца хьесапаш дина ца Iаш, латархойн мах хадор бу турнираш самукъане хиларца а, церан дисциплине хьаьжна а, турнираш кхиорехь дакъалацар тидаме эцна а.
"Мукъайевллачу позицешка тIаьхьало хинйолу, керла спортхой йукъабало Iалашо йу", - дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта.
- Дагестанхойн латархо Нурмагомедов Iусман Абу-Дабихь летта гуьржийн латархочуьнца Двалиашвили Мерабца. И ший а лаьцна ву. Нурмагомедов Iусман- UFC-н чемпионан Нурмагомедов Хьабибан гергара ву.