ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санкциш кхайкхийча Кадыровн фондо шеца доьзна совдегараллин хIоттамаш дIадохуш ду


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Кадыров Ахьмадан цIарахчу юкъараллин фондо шеца йоьзна цхьамогIа ша кхоьллина хилла совдегараллин хIоттамаш дIадохуш ду, иштта иза араяьлла кхечу организацийн кхоллархошна юкъара. Фонд Американ санкций тептаршкахь ю.

Яхначу гурахь ООО "Колизейна" ликвидации йина – 2007-чу шарахь дуьйна болх беш хиллачу компанино муттанаш духкура, цуьнан кхоллархочух цхьаъ Кадыровн фонд яра. Иштта дIаяьхна фондо кхоьллина хилла "Исламан медицинан центр", (молханийн сурсаташ арахоьцу) "Белфарма Грозный" урхаллин компани, кластеран кхиаман центр "Магнус Грозный" а, иштта АО финансийн-инвестиций тоба "Партнерский Банкиг" а.

Дечкен-бутт болалуш юридикан нехан реестрехь ООО "Золотой колосна" ликвидаци йарх лаьцна хаам гучубелира – 2006-чу шарахь регистрации йина йолу компанино сурсаташ, муттанаш, тонка а духкура. Цуьнан цхьаъйолу кхоллархо Кадыровн фонд яра.

2022-чу шеран Дечкен-бутт тIекхачалц ООО "Мегастройинвестан" кхоллархо яра Кадыровн фонд – Соьлжа-ГIалахь регистрации йина йолу компани гIишлош йарца йоьзна ю, 2021-чу шарахь 7 миллиард соьманна тIедаьлла ахчана декларации йина цо. Цуьнан керла кхоьллархой хилла Гудуев Юсуп (таханлерчу дийнахь йиъ компанин кхоллархо) а, Бацуев Муса а.

Чиллан-бутт тIекхачале Кадыровн фонд ООО "Нохчийн минералан хиш" компанин кхоллархо яра – 2007-чу шарахь регистраци йинчу оцу компанино цхьана шарчохь 1,1 миллиард соьманна тIедаьккхина ахча гайтина. Цул сов, регионан юкъараллин фонд ООО "Айсберг" компанин кхоллархо йолчура дIаяьлла.

Теман шайтайпаналла бахьанехь шен цIе ца яккхар дехначу, вевзаш волчу экономиста Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь аьлла: хетарехь, санкцийн тептаршна юкъанисъелла Кадыровн фонд хьалхо ша регистраци йина хиллачу профилехь йоцу активех мукъайала гIерта.

Кадыров Ахьмад цIарах йолчу фондана дуьхьала Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскан глобалан актан" бух тIехь санкцеш ю яьхна. Организаци масийттаза бехкейора "шен лаамехь-нуьцкъаха" фондана сагIийна ахча кхехьийта нах декхаре барна, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца лоцура. Зорбанан гIирсаша хаамбора, фондан ахча лелор, дайар цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю олура иза.

  • Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан 2021-чу шарахь тIе ахча ца даьлла, амма деккъа даьккхина ахча 11 миллион бен ца хилла. Делахь а Кадыровс ша бахарехь, шен ден цIарахчу фондо иттанашкахь хIусамаш йо, Украинерчу нохчийн эскархошна гIирс, герз а латтадо, гуманитаран гIо а хьежадо иттанаш миллионаш соьманна.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу канале хьалхо хIоттийна, тIаьхьа дIаяьккхира Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан, дийцарехь, гуманитаран сурсаташ кадыровхоша дIасадоькъуш видео. Эксперташа оцу тIера сурсаташ Украинера хиларна тIе тидам бахийтира. Журналистана-талламчана Христо Грозевна хетарехь, цо тоьшалла до, кадыровхоша Мариуполерчу бахархошна дIасадекънарш шаьш лечкъийна сурсаташ хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG