ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тоххара Iедало хIаллакдора цIоз, хIинца Iедал дац..."


Официалан тIегIано чIагIдарца цаьпцалгийн цIоз даржар бахьнехь кхаш-аренашна кхераме хьал хIоьттина аренца йолчу кIошташкахь: Соьлжа-ГIалин, Гуьмсан, Шелковск, Новр гIалин, Теркйист кIошташкахь.

Ялташ чудерзийна девллачул тIаьхьа, (хьаьжкIашший, малхо дагийна, дакъийна лаьтта маьлхан хIушший доцург), буьйсанаш а шельяла йоьлча, мел кхерам бохьу сагалматийн бIоно ала хала ду.

Новр кIоштан Капустино олучу меттигна гергахь дуьйш-дерзош латтанаш лелош ву Ахмедов Бухади.

Бухади: "ЦIоз суна кхузахь хааделла дац. Суна хезна а, гина а дац, цо дина зенаш а дац. Кхузахь зенаш йокъалла бахьнехь хилла-кх. Ставропол, Дегестан а мехкашкахь дина цара дийцарехь зенаш".

Ставропол мехкан Курской кIоштехь бехачу цхьаболчу нохчаша а даре до цIоз хааделла дац бохуш. Иштачех ву жима стаг волуш дуьйна а вайнаха гIамарш олучу меттигашкахь даьхний кхиош къахьоьгуш волу Дагуев Хьасан.

Хьасан: "ХIан хIан кхузахь цаьпцалгаш зенаш дина дац. Со волчу меттехь а, гонаха а цIоз даьржина бохург бакъ дац".

Хьалха заманахь хилларг дуьйцуш ву Новр кIоштехь 30 шарахь сов латталелош болх бина Астамиров Iалавди.

Iадавди: "Хорбазаш, ялташ ша и мангал хьаькхча охьадохкура цIозо. Хьалха Iедало молха тухура, дов-в олий кеманаш тIехула а хьовзадой. ХIинца Iедал дан ма даций. И дац ала-м ваьхьар а дера вац. Цхьанне а бала бац. Массо хIума а бехаш болчеран кара дIаделла. ХIора шарахь шайна йогIу ял схьа а оьцуш Iаш бу, кхин бала бац".

Ставропол мехкан Курскойн кIоштан Рощина олучу эвлахь дуьйш-дерзочу латтанийн долахо ву Магамадов Увайс. Цо мукIарло дира шаьш долчу цаьпцалгийн бIо кхачар хьокъехь.

Увайс: "Ой чIогIа цIоз деънера, дера деънера. Нефтекумск гIала йолчу агIор и бIо гучубаьлчахьана а кеманаш а гIовттина дукха хIаллакйина Iедало. Нохчийчу Новр гIала йолчу агIор дIаяхи бохур-кх уьш кеманаш тIаьхьар ца довлуш. И бIо дIабахана лаьттан аса яц ша мангал хьаькхча цIанйина бохур-кх кIа аца кIа, хорбаз ца хорбаз а, буц а, хьаьжкIа а…. Кеманаш доккха гIуллакх дина…"

Увайса чIагIдарца латтанаш лелочарна цIоз бахьнехь хилла кхин дIоггара зенаш дац.

Увайс: "Тля олуш цхьа мези бу-кх. ЦIахь мацах цкъа копастна а, помидорна а тIехь хуьлура царех терап садолу хIумнаш, хIорш-м кхин а боьха хIумнаш ю. Инзаре эрчо ю цара йинарг. Буйннал бен йоццушехь тIелеттачу цу мезаша хенал хьалха цIоьлла йоссийра хорбазашка, цул тIаьхьа оха мел хи деттарх кхин гIуллакх а ца хили. И меза баьхьнехь хорбазаш доьазза, пхоьзза лахар хили тхуна. Гектар тIера 50 тонна а ма оьцура оха. Германера ду бохуш деза молханша а диттира, пайда-м ца хили…"

Хьалхо Астамиров Iалавдис къадийна ма-хиллара махкахь бехачу къинхьегамхойн, Iаламца боьзна цхьа бохаме мур беъча, шаьш-шайх, шайн ницкъах тешар доцург, Iедалхошкара гIо хир ду ала дегайовхо кIезиг ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG