ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратоверчу набахтехь Рамадан бахьанехь дукха тутмакхашна юккъехь латар хилла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Саратован кIоштан № 4 йолчу УФСИН-ан набахтера № 7 -чу колонехь дов иккхина хан тоьхначу бусулбачу наханна а, криминалан субкультуран декъашхошна а юккъехь. Бакъоларъярхойн хаамашца, конфликт бахьанехь арсашца иккхинчу девнехь вийра цхьа тутмакх, итт герга стагана тайп-тайпана чолхе чевнаш йина.

Кавказ.Реалиига Gulagu.net проектан хьалханчас Осечкин Владимира бахарехь, конфликт эккхаран бахьана хилла, таIзар токхучу бусулбанаша, шайн декъехь Къилбаседа-Кавказера нах а болуш, Рамадан баттахь дино тIедохку декхарш кхочушдар.

"Дуьххьара дов кIиран дийнахь делкъана делира. Тхуна ма-хаъара, № 7 йолчу колонин хьалханчас цунах лаьцна хаамбира оперативан декъе, цигара информаци УФСИН-е кхечира. Амма иза мукъа де ду, массо хенахь санна урхаллехь стагга а ца хилла, куьйгаллера цхьа а реакци ца кхаьчна", - дуьйцу Осечкина.

Цо бахарехь, дов доьдуш долуш бусулбачу тутмакха урс схьаэцна, амма иза лелон ца хIоьттина иза. Цунна жоп луш, шайха "блатные" олучара цунна шога таIзар дан сацамбина, шайн таронаш дIагайтархьама.

"Сарахь хилла таллам дIабаьлча ма-дарра летарш дуьйладелира. Гулаган иерархера блатной берш шайн Iедал сийлалле даккха гIерта, цара шога таIзар до цунна тIе куьйг даьхьначунна", - боху Осечкина.

Gulagu.net гIирсан хаамца, арсаш хьекхаран чакхенехь цIий Iенор сацон гIерташ юкъаиккхина волу тутмакхех цхьаъ шина агIонна юкъа а нисвелла, вийна, кхин а итт герга стагана чевнаш йина, лаза а бина. Шиъ – шайн юккъехь конфликтехь дакъа лаьцна бусулба стаг волуш – хьукматера дIавигина чолхечу хьолехь.

Осечкина бахарехь, карарчу хенахь Саратован кIоштера ФСИН-ан коьртачу аппаратера комисси хьажийна оцу хаамийн талламбан, тIаккха стаг верна тIехула бехктакхаман гIуллакх айдина.

"Талламан комитето наггахь бен ца йо иштта оперативе реакци, тIаккха оцо гойту, хилларг – иза федералан барамера ЧП хилар", - тIечIагIдо Осечкино.

№ 7 йолчу набахтера конфликтах лаьцна информаци Кавказ.Реалиина тIечIагIйира Саратован кIоштехь болх беш йолчу адвоката Алиева Азас. Цуьнан хаамашца, лазийначарна юккъехь ву Нохчийчуьра тутмакх а.

Саратован кIоштера УФСИН-ан пресс-гIуллакххой журналистана официалехь комментарий яла ца хIиттира. Саратовн кIоштехула йолчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхаллин сайта тIехь стаг верах лаьцна бина хаам бац карарчу хенахь.

  • Масех шарахь дуьйна Саратован кIоштерчу № 1 йолчу пехийн лазарийн УФСИН-ан дарбан цIийне хьийсош хилла тутмакхаш латкъамаш дора, шайна тIехь Iазап латторна, сийсазбарна а. Цига балха хIиттийна болу санитараша а, завхозаша а ФСИН-ан а, УФСБ-н "М" декъера оперативхойн тIедилларца кхинболу тутмакхаш хьийзорал сов, иза камерашна тIе дIаяздеш хилла. ГIадужу-баттахь Gulagu.net бакъоларъяран проекто Саратован кIоштехь хуьлург гойтуш видеон архив арахийцира. Оцу материалашна тIехула масех бехкзуламан гIуллакх диллира.
  • Видеош схьаелла ОТБ-1-хь видеотIехьажаран камерийн администратор болх беш хиллачу Белорусин вахархочо Савельев Сергейс, наркотикаш дIасакхехьарна бехкевина исс шо ша чохь доккхуш. Цул хьалха иза Краснодаран махкара талламан изоляторшкахь хилла. Видеоархив гIаръяьккхича Савельевн аьтто белира Оьрсийчуьра дIаваха, хIинца иза Францехь ву политикан тховкIело яларе хьоьжуш. Низамехь доцуш компьютеран информацина тIекхачарна тIехула бехктакхаман гIуллакх айдира цунна дуьхьала, лехамашка а велира, амма прокуратурано и гIуллакх сацаде аьлла тIедожийра, иза низамехь ца хиларна.
  • Европан Кхеташонан Iазапаш юхатохаран комитетан секреиариатехь Страсбургехь хаамбира, шайга ФСБ-н а, ФСИН-ан а йоккха видеоархив кхаьчна хиларх, Оьрсийчоьнан пенитенциаран хьукматашкахь системехь диллина Iазап латторан тоьшаллаш а долуш. Шайн декъехь Краснодаран махкара, Дагестанера, Нохчийчуьра, Гуьржийчуьра, Азербайджанера бахархошна тIехь гIело латторан видеош кхаьчна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG