ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратоверчу набахтен лазартнехь шайна ницкъбарх дIахьедина кхин а 14 тутмакха


Саратовн кIоштарчу набахтера номер 1 йолчу дарбан хIусамехь Iазапаш хьегийтарх дIахьедина кхин а 14 стага, хаамбина "Известия" газете адвоката Мунтян Снежанас.

"Ас листа тIелаьцна кхин а 14 стага соьга кхачийна 14 арз, цхьа бIегIийла йолу хан ларъеш Iаш ю со, уьш Талламан комитете чудала бехктакхаман гIуллакх айдайта. Шайна дуьхьал лелачу зуламех дIахаийта сацамбина нах бу уьш. Царех дукхахберш лецначуьра маьршабевлла, уьш кхета системера шайна кхин дIа кхерам боцийла",- аьла цо.

Мел дукха хир бу латкъам бен берш аьлла хета адвокатна, уьш дукхахберш тапъаьлла Iа, хIунда аьлча, хIинца а церан куьйгакIел хиларна.

Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира дуьйцу, ницкъбеш Iораяьккхинчу видеох лаьцна а, ишта, жоп делира цо, видео тIехь ницкъбеш, хьийзочу нехан яххьаш къайла стенна ца яьхьира аьлла, деллачу хаттарна а.

Бакъоларъяран Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира дIахьедира, Оьрсийчуьрчу колонешкахь тутмакхашна тIехь лелочу шогачу къизаллех къайлахчу сервисийн (ФСБ) "къайлаха" йолу видеоархив кхаьчна шега аьлла. Юьйцург ю шовзткъа сов гигабайташкахь йолу видео.

Осечкина дийцарехь, цара "тоьшалла до", кураторийн тIедахкаршца тутмакхашна ницкъ беш, уьш хьийзош болчу ФСБ-н а, Федеран таIзарш кхочушдечу урхаллан (ФСИН) агентийн "зондеркомандаш" оьрсийн набахтешкахь лелаш хиларх. Цул совнаха, яьккхинчу видеокомпроматца оцу нахана вербовка йо кхин дIа а "ницкъбаран конвейерехь"дакъалацийтархьама, мотт боьттуйтуш, хьалха дуьйна талламхоша кечдинчу кехаташна куьйгаш а яздойтуш.

Архивера дуьххьарлера видео зорбане яьккхира "Вот так" цIе йолчу гIирсо, цу тIехь набахтин камерех тера йолчу хIусамчохь маьнгех вихкина стаг хьийзаво масийттаммо. ЧIагIдо, и хилам стохка Чиллан-баттахь дIаязбина бу бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG