ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратовхь трамвайш лелорхой шаьш ларйеш бу шайн лайлахь йисна вагонаш


Саратов лайлахь
Саратов лайлахь

Саратовхь трамвайш лелорхой шаьш ларйеш бу шайн лайлахь йисна трамвайш. Цунах лаьцна хаам бо Радио Свобода сайто, социалан машанашна тIе а тевжаш. Дийцарехь, йоьдуш лаьтташнехь сецна лаххара а ши вагон ю лаьтташ рельсашна тIехь – некъахойн а, сервисан а.

Саратовн бахархойн тобано гIо доьхуш кхайкхам хьажийна гIалин администраце а, Пачхьалкхан Думан гIантдега Володин Вячеславга а. Цара билгалдаккхарехь, лайлахь йисна шайн вагонаш ларъеш бу шаьш уьш лелорхой, хIора 12 сахьт даьлча хийца а луш. Цуьнца цхьаьна кхайкхаман авторша яздо, транспорт лелар саца мегаш ду бохуш, бIаьсте яллалц.

2018-чу шарахь ГIуран-баттахь Саратовхь онда ло диллар бахьана долуш, трамвайш лелар сецнера гIалин цхьана маршрутехь. Цул тIаьхьа белхалошна масех меттахь зе дина карийра некъашна тIехь. Эххаре а трамвайш юхаюьйлаелира 4 бутт баьлча– 2019-чу шеран Охан-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG