ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сатохалахь, Руслан!


Нохчийчоь -Кутаев Руслан шена ечу кхелехь
Нохчийчоь -Кутаев Руслан шена ечу кхелехь

Аьхкенан Iуьйре хаза яра. РагIун кIелахь тIо боккху машен хьийзош йолчу ненан аз дара хезаш. Юкъа-кара, ела а луш, цхьаъ дуьйцуш яра иза, шура чекхъяккха баьхкинчу луларчу зударшна. ХIун дуьйцу ца къастара, амма ненан аз мерза дара.

Малх гIушлакхе баьлла хеталора. Берзанчу когашна аьхна яра малхо йохйина цIенкъа. Набаро кхоччуш дхьахецна а воцуш, араваьлла охьахиира кIант ламеш тIе.

ТIехкон ага санна гIугI деш болх бечу шура чекхйоккхучу машенан цхьана пиллигехула охьаоьхура мела, нелхан басахь болу тIо. ТIаьххьара кIегий лепачу аьчга пешанна уллехь буогий чохь, тIе шаршу а тесна, рагIу къело марзачу хьожанца юьзна, Iохкура хIинцца дина кIеда хьокхамаш...

ХIан-хIан, хIара нийса дац, хIара хуьлийла дац! Суна ган дезарг кхин сурт ду...

...ЦIеххьана тIебеттабеллачу тIеман барзакъ доьхначу наха, куьйгаш хьовзийна, охьа а таIийна, садукъа долийра. Царех цхьаммо чоже буйнаш беттара, шен чIирхо иза волуш санна. Метта веача гуш яра, тIехIоьттинчу оьзда йоцу багаеттачу стеган инарлан цIен сиз доьду галпеш йолу хеча а, эткаш а. Цо беттачу маьхьарехь халла къасташ долу дешнаш дара «наркотикаш», «зулам», «ас гойтур ю хьуна нохчийн къоман депортаци»...

Набаран марха дIасалоллуш цIевзира набахтин неI. Массо а хIума меттах делира. Карахь догIанийн кочар долчу цIен бесахь, шуьйра батт а, эсанна тIекхоссадала кечделлачу жIаьлин санна бIаьргийн хьажар долчу набахтахочо цIогIа туьйхира, хьалагIовтта, дIахIитта, Iуьйранлера таллам байта, аьлла....

Доладелира тутмакхан рогIера де.

Руслан, сатохалахь, дIадера ду хьуна иза а....

Нохчийн къам махках даккхарна хьажийна Соьлж-ГIалахь конференци вовшахтоьхна волу Кутаев Руслан, 4 шо хан а тоьхна, чувоьллина, нароктикаш лелийна аьлла, харцонца бехке а вина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG