ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сайна дендерг – иза суна хIинца бен а дац". Сокуровс ша Путинца эгIарх лаьцна


Сокуров Александр
Сокуров Александр

ХIара хаам (материал) кхоьллина, (я) яржийна арахьара агент лоручу арахьарчу хаамийн гIирсо, (я) арахьарчу агентан кепехь болх бечу Оьрсийчоьнан юридикан хьукмато. *Вольтская Татьянас кхелехула арз дийр ду оцу статусна

ГIура-беттан 9-чохь рогIера цхьаьнакхетар хилира гражданан юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонашкахула а йолчу кхеташонан Оьрсийчоьнан президентца. Цигахь конфликт иккхира Путин Владимирна а, шен къамелехь "Оьрсийчоь хийца еза" аьллачу режиссерна Сокуров Александрна а юкъахь. Къамелна комментари еш президента хьийхира режиссерна, ша цхьаъ алале, ойла яр. Гуш дара Путин оьгIазвахна хилар. Путинца иккхина дов шена муха го дийцира Сокуров Александра Север.Реалиин корреспонденте.

Ша адамийн бакъонийн кхеташонехь динчу къамелехь Сокуров Александра хьехийра дуккха а теманаш, агIолецира набахте хьажийначу историкан Дмитриев Юрийн, аравала дихкина, цIахь латточу Петербурган депутатан Резник Максиман, лецна кхобучу Барахоев Ахьмадан, Саутиева Зарифин, цаьрца лецначу кхечу гIалгIайн жигархойн а, хьийхира, "ерриг а пачхьалкхехула оппозицера кегийрхой лаьхкина а ца лелош", Оьрсийчоьнан регионийн дахар тодаран хьокъехь ойла яр – тоьлуш дац Оьрсийчоьнца яха лууш йоцу Къилбаседа Кавказера республикаш маьрша яхар, бохура Сокуровс. Элира, тоьлу Оьрсийчоьнна ша шен "шуьне" ховшийна кхобу Беларусси, Абхази, Шема, къилбера регионаш Iад а йитина, леш лаьтта Оьрсийн Къилбаседе кхабар а, лаьттах йоллу газ яккхархьама хIаллакъеш йолу шира юрт Лужицы а, цигахь кхачулуш лаьтта вожане къам дендар а.

ОьгIазвахначу Путина профессионализм яц цуьнца, ойла ца еш до къамел, республикаш Оьрсийчохь яха лууш яц аларца "вайн пачхьалкхехь шолгIа Югослави эккхийта" лууш ву Сокуров,бохура. Цхьанненна а, хуьлда иза ша Сокуров а, мегаш дац мила кхубу Оьрсийчоьно дийца, и санна долу къамелаш - уьш"кхераме тайнигаш" ю, "халкъанна хьалха дийца даккха мегаш хIума дац", маситтазза элира Путина.

Режиссеран а, президентан а диалогна комментари еш Путинан пресс-векала Песков Дмитрийс бохура, Сокуровс, "цхьа а профессионализм йоцуш, ша хьехориг шена девзаш а доцуш", хьайира теманаш, "ткъа иза ца лов президента". Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана таллар хьоьху Сокуровн дешнаш пачхьалкханна дуьхьал хилар, цаьрца экстремизм яллар.

Александр Николаевич, хIун эр дара ахь Кадыровс хьайх лаьцна аьллачу маьттазчу дешнех? Цо ша дечу къамелца хьуна тосуш кхерам а го дукхахболучарна.

– Оцу стагах лаьцна цхьа дош ала а ца лаьа суна, вешар а вац со иза вийца. Пачхьалкхан президента олийла цо дуьйцучух шена хетарг. Алийта иза президентан администрацига, иза цуьнан болх бу.

Ахь айхьа муха мах хадабо адамийн бакъонийн кхеташонехь хьайн Путинца хиллачу къамелан а, цо хьайн дешнашна дуьхьал аьллачун а?

– Суна чIогIа халахетта айса аьллачух иза ца кхетта. Ас ца во иза бехке, кийча вацара иза сан къамел хаза. Цунна дукха хьолехь кхеташонехь декъашхоша дендолу къамел, хьалххе дохьий, хьалха охьадуьллу, ткъа ас цкъа а ца до иза, цундела цунна хала дара сихха кхета. Ас охьабиллинарг керлачу информацин мор бара, хьехамаш бара – суна хетарехь, вац иза ишттачу кепехь болх бан кийча.

Со дохковаьлла. Амма тхо юкъара хьал дийца гуллуш ду кхеташоне, хетарг массеран а цхьабоса хуьлийла дац

Цундела бехкедо суна ас, теманаш а хуьйцуш, сов паргIат къамел дарна а, могIарчу адамо санна, дипломатин ламаст ца лардеш, дийцарна а. Бакъал а ца мегаш хила а тарло пачхьалкхан куьйгалхочуьнга ишшта дийца, ца хаь суна. Делахь а со дипломат вац, политик а вац, кегий нюансаш ларъян, оццул махканна дезачу гIуллакхийн терго ян ца хууш хила а мега суна. Оцо иза дарвира, оьгIазвахийтира. Со дохковаьлла, хила ца деза иштта. Тхо юкъара хьал дийца гуллуш ду кхеташоне, хетарг массеран а цхьабоса хуьлийла дац. Суна сайх цхьана декханна кхетар бу моьттура, амма сан къамел – иза доккха гIалат хилира, нийса хир ду аьлла хета суна суо хIинца кхеташонан декъара дIаваьккхича. Президентан пресс-кеалан къамеле ладоьгIча, со кхета, уьш чIогIа оьгIазбахна. ХIун дер тIаккха – адамийн бакъонийн кхеташоне дипломаташ, политикаш, иштачу гIуллакхашна кечбина нах бахийта беза. Гуш ду, кхеташонехь болу нах кхин амалш йолуш хилар. Со санна лела, гарехь, мегаш дац, лелаш а дац. ХIинца хIун дер – иштта нисделла-кх.

– Цундела дуккха а нахана гира-кх дарвелча Путин муха хуьлу, къаьсттина ахь Къилбаседа Кавказ хьахийча. Иза стенна дара аьлла хета хьуна?

– Ас дукха хенахь дуьйна олуш ду, иза уггаре йоккха проблема ю Оьрсийчоьнна: дац листина я политикаца дерг а, я экономикаца дерг а, я культураца дерг а. Сайн хенарчу нахаца контакташ яц сан цигахь, Кавказерчу хьакамаша ца хIуьтту соьца къамелаш дан. Сан кегийнахаца, сайн студентийн нийсархошца хуьлу къамелаш, цара даггара дуьйцу соьца, шайн гонашка, дай-наношка дуьйцур доцург а тIехь, теша уьш сох. Суна гарехь, нагахь санна Оьрсийчоьнан Федерацино Кавказера историн, идеологин, экономикан агIонаш тидаме ца эцахь, рогIера йоккха конфликт эккха герга ю цигахь. Дахаре хIуттуш ду дешна доцу, культура йоцу, Iамийна доцу керла чкъор, хьалха бахархошна и ниIматаш Советийн школаша, Советийн институташа луш хиллехь, хIинца иза дац, исламан фактор ю есташ. Оццу ГIебарта-Балкхаройчу – кху аьхча цигахь кино йоккхуш лелла со – дуссуш лаьтта исламан дин, цунах кхоьру гIебартой а, балкхарой а, суна бевзарш-м кхоьру. Ас 2007 шарахь бехира, Украинаца, Казахстанца юкъаметтигаш эгIарна кхоьру со, хIетахь цхьаммо а ца ийцира иза тидаме. ХIинца ас боху, цхьацца бахьанаш ду, уьш ца ган йиш яц пачхьалкхах, федерацех хиндерг шена деза деза хетачунна – нагахь санна уьш вайна оьшуш елахь. Сайн къамелашкахь ас даима а хьехийна феерацин хьелаш, культуран, къаьмнийн аспектийн мехаллаш.

– Амма билггал иза дара резадацар гIаттийнарг, хетарехь.

– Соьца къамел дечо, халхеташ делахь а, тидаме ца ийцира иза. Ткъа суна массо а агIор схьахеза, цхьа а федераци яц янне а, олуш. Масех шо хьалха Медведевца цхьаьнакхеттачохь ас цхьацца хеттарш гIиттийра, федеративан хIоттам а хьахош, цо соьга элир: ахь хIун дуьйцу, Александр Николаевич, хIун федераци. Кхеташ ду, со цецваьллера – царна суначул алсам хаьа хир ду-кх ю вайн федераци я яц, аьлла. Амма со федеративан пачхьалкхан Конституци йолчу махкахь веха, цу тIехь ю пачхьалкх, I00 шо хьалха кхоьллинчу кепехь, къаьмнашка екъаелла. Ас тидаме дилира и документ долу 100 шо хилар, кхидIа иштта хила йиш яцар.

Суна ца товра сайца иштта къамел деш – дукха хан ю соьга оцццул шога къамел данза, цхьаммо а ца дина

Суна делла жоп дара со цецвоккхуш – пачхьалкх йохо воллу со, гIаттам айбар санна ду сан къамел, иштта дIа кхин а, дага ца догIу хIинца ма-дарра. Къамел дан а дара хала, со Смльнехь вара, ткъа стенгахь вара президент, суна хаац, зIе, хан ийзош, генара яра: со дийца волало, ткъа иза ша долийна къамел чекхдаьккхина а вац, иза волу – со волало дийца, иза огIазъоьху, сан къамел шогга хеда а деш. Дискусси йитира ас, иза маьIна доцчу уьйригах тарлуш яра, цо сол хьалха сийдоцчу воккхург пачхьалкхан куьйгалхо вара.

Ас баккъал а боху, со ца кхета, ас хIун аьлла цуьнга вониг, цунна оццул халахеттал

Кхеташ ду, суна ца товра сайца иштта къамел деш – дукха хан ю соьга оцццул шога къамел данза, цхьаммо а ца дина. Гарехь, цхьаъ нисделла оцу стагаца, белхан дийно хIоттийна хила мега, америкахошца хиллачу къамелаша кIадвина хила тарло, ца хаьа суна. Амма оьгIазалла цуьнга цхьа цIеххьана йоьссира – соьгахь йоккха цхьа программа, манифест ю, элира цо. Ас юхьанца ойла йира, ма дика а ду сан, могIарчу вахархочун къамел сила йолчу манифесте дирзина. Амма хиллера вон манифест адамийн бакъонаш тергалъечу кхеташонан декъашхочун хилар – иза дика дац, хила ца деза. Нагахь санна оцо пачхьалкхан куьйгалхочунна вас йинехь, ас иза сайна къинтIера воккху – ас баккъал а боху, со ца кхета, ас хIун аьлла цуьнга вониг, цунна оццул халахеттал.

– Хьуна муха хета, хьан къамел профессионалан къамел дац цо юха-юха а стеннна олура?

– Дан а ду иза ишта – со вац я полтик а, я журналист а, я публицист а, со пхьалгIара стаг ву, со цхьана исбаьхьаллин белхахо ву, ас сайн къамел драмин дустаршца хIоттадо: адаман дахар, цуьнан бакъонаш гатъеш долу социалан хьелаш дуьйцуш, ас масал даладо пачхьалкхехь садукъдинчу профессионалийн гонех лоций – ткъа цунна-м ца хаьа ас хIун дуьйцу а. Ас элира, тIегIанашка а биллина болх бац вайн пачхьалкхехь катастрофашна дуьхьал беш, тIамна халкъ кийча хила Iамо деза, орцан министралла ца ларайо, гIаланашкахь нахана ца хаьа, 20-30 градус шело а лаьтташ, электросерло ян йоьлча шаьш хIун дан деза, мехкан къилбаседа-малхбузехь а, Сибрехахь а, Уралехь а ца оьшу даккхий цIенош тIекIел дан, царна чохь цхьа бохам иккхича йовхо муха латто еза хууш ца хилча, ткъа и цIенош долуш долчохь нах бохамна буханисбелча, царна юург латтон йолу меттигаш ян еза. Нагахь санна хи хьадахь, хIун дийр д оцу яккхийчу бIаьвнаш чохь бехачу наха, наной берашца цхьаьна, къаной муха биссор бу лакхарчу гIатташна тIера охьа – цунах лаьцна ойла йой цхьаммо а?

– Цунах ойла яр - иза хьан бала бацарна оьгIазвахана хиллий-те Путин?

– ХIаъ, новкъа деара цунна, сан гIайгIа стенна бу иза, аьлла. Со ала воллура: аш стенна ца йо цуьнан ойла? Iалам хийцадалар цIеххьана доладала а ма мега, муьлххачу а баттахь, тIейогIучу бIаьста, ткъа шу ерриг пачхьалкхехула хьавдда лела кегийнаханна тIаьхьа, уьш набахтешка хийшош. Пачхьалкхехь оццул дистина лаьтташ политикан дахар а долуш, муха айдийр ду халкъалахь мохк безар? Со цецвуьйлу, оцу хаттаро стенна гIаттийра оьгIазалла пачхьалкхан куьйгалхочуьнгахь.

– Ахь элира: "Вайн декъа тIехь юуш Iа Беларусь, Къилба ХIирийчоь, Абхази… Шемина гIодан вайн деза…" Ткъа и тайпа кхайкхамаш наха, шайн митингашка арабовла таро йолчу хенахь, гIарабаьхна ма бу, аьлча а, дукхахболу бахархой ахь аьллачунна тIехь бу…

Борис Николаевичца кхин а хала, ира дара сан къамелаш, Нохийчуьрчу тIеман хьокъехь а, амма ишттаниг хилла дацара

– Ас сайна ала магийра "вайн декъа тIехь юуш Iа" – иштта олу-кх президента а, дукха наха олу ишта, эскаршкахь гIуллакх динчийн маттахь, сан накъосташа а, ас леррина ладугIуш болучара. Дукхаболчу божаша кхетош мотт бу иза. Бакъ ду-кх иза, юуш Iа. Стенна хетта иштта алар кIоршаме? Ца хаьа суна. Мелхо а, вай шех кхетийла, вай цхьана Iалашонийн могIарахь хилар гойтуш дац иза президентна? Стенна хета деза иза кIоршаме – иза шега Владимира Владимировиче хатта деза.

Хьуна билггал хаьаий, цхьана Iалашонийн могIарахь дуй-те вай?

– Ас дуьйцург пачхьалкхан Iалашонаш къастор ду. Пачхьалкхо боху, Оьрсийчоь, Беларусь, Шема цхьана Iалашонийн могIарахь ю – цо ма эцний шена тIе уьш а, къилбера регионаш а пачхьалкхан бюджете. Мел къадвелла, мел суна оьгIазвахна хила веза ас аьлларг оццул дера тIеэца. Аш сан текст ешахь, шу кхетар ду, мел атта ду иза кхето, адаман могIарчу маттахь иза хIоттийна юйла. Амма со дипломат вац, Путинна а хаьа воцийла. Сан Ельцинца а хилла хала къамелаш, аммаоццул оьгIазе уьш тIеэцна дацара! Ткъа Борис Николаевичца кхин а хала, ира дара сан къамелаш, Нохийчуьрчу тIеман хьокъехь а, амма ишттаниг хилла дацара!

– Дуккха а шераш ду Путинца ахь, Оьрсийчоьнан Iалашонаш шена еза лоручу Iедалан деца до бохуш, къамелаш ден. Хьо теший цо шена уьш баккъал а адеза лору бохучух?

– Соьга цхьаъ бен алалур дац, гарехь, тхуна кеп-кепара гуш хила тарло пахчьахлкхан Iалашонаш. Цуьнан Iалашонаш – пачхьалкхан Iалашонаш хила мега, ас хьехораш халкъан, юкъараллин Iалашонаш-хьашташ ду. Ас дуьйцурш бахархойн хьашташ дац – сайн халкъан, гIаланашкарчу юкъараллийн, къаьмнийн, динийн хьашташ ду. Яц ас юьйцурш-м пачхьалкхан Iалашонаш, уьш йийца со лаккхарчу даржехь хила веза.

Цхьана хенахь цхьа хьажам хуьлу хиламе, юха сихха хуьйцу и хьажам

Президентехь йолу инфомаци, халахеташ делахь а, яц бахархошкахь ерг, масала, адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхошкахь ерг. Суна хетарехь, президента пачхьалкхан хьашташ Iалашдо, ткъа суна сайн халкъан хьашташ ду кхеташ, герга. Ткъа пачхьалкхан хаьшташ – иза политика ю, ткъа политика дукха хьолехь нисло аьшпех йозаелла. Цхьана муьрехь политика цхьаъ хуьлу, кхечу муьрехь – нийсса бIостанехьа. Вайна ша президента къайлене диллира ГIирмера хьал, амма ша йоккха интервью елира, хилларг муха ду дуьйцуш. Цхьана хенахь цхьа хьажам хуьлу хиламе, юха сихха хуьйцу и хьажам – хIан, хIинца къайле яста мегар ду, олий, дийца мегра ду, олий! Суна ца хаьа иштта лела!

Ахь элира-кх, хьайгахь яц президентехь йолу информаци – хьуна муха хета, цуьнгахь юй хьоьгахь, адамийн бакъонийн кхеташонехь йолу информаци, я цунна цIечу, можачу тIоьрмигаш чохь цо товш лору информаци бен ца йохьу? ЦIеххьана бакъдерг шега аларна ваханерий-те иза оьгIаз?

– Цунах лерг суна ца хаьа. Со дуккхаза а теш хилла иза дуккха а хууш стаг хиларх, пачхьалкхера хьал цунна дика девзаш хиларх, цхьацццаболчу махкарчу хиламашка болу цуьнан хьажам кест-кеста нисло оппозицин шогачу хьажамца богIуш. Цунан йиш ю хьал хийца, нисдан, ткъа оппозицин бац и ницкъ. Суна хаьа иза стенна ца до – оцу хаттарна жоп ша пачхьалкхан куьйгалхочо бен лойла дацахь а. Делахь а ала дац цунна махкахь хуьлуш лаьттарг ца го.

– ТIаккха кхин а оьшуш ду-кх сурт, пачхьалкхехь Iазап лелий а, ахь бицинчу гIалгIашна тIехь еш харцо юй а, кхидолчух а шена хууш хилча, хIумма а стенна ца до цо?

– Оцо гойту лелаш политика хилар – къиза, аьшпийн, къайленера гIуллакхаш. Оцо гойту, шена набахтешкахь лаьтта Iазап гуш доллушехь, иза юха ца тохарна тIехь а цхьа политикан бахьана дуйла. Тхуна Кхеташонан гулам боьдуш а болуш хиира Владимир Владимировича пачхьалкхарчу набахтийн урхаллехь болх бинчу цхьана белхахочунна инарлин дарж деллийла – ткъа иза ма вара оццу къизаллин хьокъехь юьйцучу Иркутскерчу набахтехь болх бина. Оцу стагна ло инарлин дарж цхьана хазачу кета тIе яздинчу омрица. Иркутскера телефон етта – белхахой самукъадаьлла, муьйлуш, къоьруш Iа: президент тхох кхетта, таIзар тхох цхьанна а дийр дац, бохуш. Иза а дара цхьамма тхох президенте хатта дезаш.

Суна халахета политикан къамелаш низамийн академикаша ца деш, могIарчу режиссерна дийца дисина

Сан декхарш кхин дара, оцу темица къамел динчу тхан коллегас хоттур ду моьттура суна цунах дерг – ца хIоттийра, ца хIоьттира. Со вуьззина кхеташ вац хуьлуш лаьттачух, президентна ца хууш хила а тарло Иркутскечу колонехь долу хьал, ткъа вайна хаьа, стенна а делахь а. Оцу белхахочунна инарлин седа стенна белла – дера деза иза-м парламенто, Федерацин Кхташоно президенте хатта.

Ахь юха-юха Конституци хьахайора…

– Конституцех ойла ас сайн къамелах йоьзна яра. Иза политикан дIахьедар дара, цунах адамийн бакъонийн кхеташонан декъашхой даима а кхоьру. Суна халахета политикан къамелаш Кхеташонехь хуьлуш доцуш, уьш низамийн цхьана академикаша ца деш, могIарчу режиссерна дийца дисина, ткъа со уьш дан ваьхьна. Ас хIинца сайга кхета ма-лло кхетор ю сайн позици. Дукхаболучара телефонаш йиттина соьга, амма ас ца аьлла сайна хетарг, хIинца хьоьга дуьйцу. Ас доллучунна а коьрте дохкрш сайн даймехкан хьашташ ду. Сан мохк халчу хьолехь бу, суна баккъал а йоккха конституцин кризис го пачхьалкхехь, иза массо а кризисийн бух бу. Муха яц иза профессионалан тIегIанехь дIахьахийна ойла? КхидIа ас дийцира, стенца го сайна и кризис. Ткъа лаккхара юридикан Iилма шеца долу стаг, пачхьалкхан президент кхета ца лууш висина…хIун эр ду тIаккха, Делан некъаш къайл ю-кх, олуш ма-хиллара.

– Ткъа и ахь буьйцу бух хIаллакбеш, дерриг а Iедал шен карахь хилчхьана, бохуш, шен хирриг деш ца лела иза? Эццахь гIоттий ахь хотту: стенна ду иза ишта…

– Дац, дац, дац. Со тешна ву, ишта дац иза. Оцу стагехь буьззина кхетам бу, муха чIагIвала веза махкахь, муха латто еза пачхьалкх кхиаран гурахь хаьа цунна. Цундела Iиттало иза хIора денна со саннчу гIаттамхошца, тентакашца я Iедал духкуш лелачу жуккаршца, боьха хIуманашца, иза юкъ каро езаш ву оцу къовсамехь, оцу варшашкахь даима а, къасто дезаш ву, мила бакъ лоь, хьан аьшпаш буьтту, мила ву шен гIуллакх хьалхадаьккхина леларг, нийса лелаш верг тахана а, кханенан а дуьхьа.

– Суна хетарехь, ирча бу цуьнан оцу хьокъехь болу кхетам, чалтачийн гIоьнца мохк карахь кхабар.

– Хила а мега, суна ца хаьа. Хьуна ма-гарра, ас цуьнца дагара дуьйцуш хан ца хьо, дукха ду суна а девзаш, ца кхетош дерг а хила тарло дуккха а. Цуьнан а хила мега изза кхетам, я кхин. Тарло цо цкъа шена мел хала ду лартIахь стаг харжа олигархашний, мотт беттачарний, аьшпаш буьттучарний, дукха а боцчу цIенчу наханий, берриг а шен гонечу нахана юкъара. Цо иза ала а мега, вай кхета а тарло. Амма цо иза цкъа а ца олу, ца хьахабо Iедалан урхаллин чуьра тIом. Вайна иза ца бевза. Цо шен кхетаме хьажжина, макахь кхоллаеллачу къоман амалехь бо болх. Халкъо, халкъо аьлча а, бахархоша тIеоьцу цуьнан белхан и кеп, и политика. Бахархоша. Халкъ дац дуьйцург – халкъ дуьхьал ду.

– Ахь аьллачун ойла еш хила а ца мега цо? Цунна ца хаа йиш ма яц ахь шега бакъдерг аьллийла.

– Со цхьа а вац, хIумма а яц. Цо ойла йо ша санначара, шена шерашца а, дахаро деллачу хааршца а герга болчу, ша цхьана кепара зийначу наха аьллачун. Ас цунна баркалла боху "Фауст" кхолла а иштта кхидIа а гIодарна, цхьаберш санна суна а тарлора цунна хьалха горахIотта, амма соьга иза далац, хIунда аьлча, сан яккхий Iалашонаш ю, уьш ас сайн дуьхьа кхиош а яц. Цуьнан пресс-векало дера ечу комментарешка ладоьгIча, гуш ду цигахь оьгIазалла есташ хилар. Сан къамелан текст йоьхур ма яц цо юха а леррина ладогIахьама. Яц. Хетарехь. Цхьа а вац цуьнга ала: Владимир Владимирович, Сокуров ца вевзаш ма вац хьо, хьоьгахь дийнна тептар ма ду цунна мотт беттачара дуьзина, ахь айхьа ма ца магийра дукха хан йоццуш иза лаца, цуьнгара фонд хIаллакъян. Цо ма сацийра и дерриг а. Эр дац цхьаммо а: "Владимир Владимирович, дешахь оцу стага аьлларг юха а". Иза ду-кх дерг. Цо суна Iаткъам а бо.

– Амма цо, кIадлуш, тIаьххьара элира, "дика хир дара вайшимма юха а, ваьшша а ваьлла, къамел дича, дукха хан ю вай иза данза". Оцу цо аьллачух пайда а оьцуш, иза ган луур дарий хьуна?

– Цо иза духхьара а ца боху. Керлачу шарна лерина шатайпа бегаш бу иза. Цо ма-баххара и тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста хуьлуш хилча, дукха а хир дара ас хIнца динчу сайн къамелехь хазонза дитина. ХIунда аьлча, со тешна ву, соьга цо ладугIур дара, дийр дацара цо а, ницкъаллин урхаллаша а деш лаьттарг. Иза ша харц хиларх кхетаваллалц со гIоттур а вацара гIентара хьала.

Ас Владимир Владимировиче а дина изза хаттар: "Ахь хIун мах хадабо Нохчийчуьрчу тIемийн?

Иштта сан Ельцинца хуьлура, Нохчийчуьра тIом буьйцучу хенахь. Ас цуьнга и тIом сацо беза бохура, Нохчийчоьнна цунна луъург дIадала деза олура, дозанашка эскарш а хIиттийна, тIом сацо беза олура, нохчийн къам дукха заманахь дуьйна хьагна долу маршо цунна дIаяла еза, олура. ХIунда аьлча, Нохчийчуьра тIом – маршонехьа тIом бара. Я гIаттам бара. Ас Владимир Владимировиче а дина изза хаттар: "Ахь хIун мах хадабо Нохчийчуьрчу тIемийн? Иза маршонехьа тIом бу я гIаттам бу?" Гаттам белахь, контрибуци а хила еза, Федарцина тIом бечу хенахь мел хилла харж меттахIотто а еза. Ткъа иза маршонхь тIом белахь, референдум дIаяхьа еза – кегий чкъураца шеца, бахархойн категорешца – шайца, дуьненаюкъара тIехьовсархой а болуш, дIасакъастар кехате дерзо дезш дара. Оьрсийчоьнах дIакъастарх дерг олуш, Путина суна яппарш а еш, бохура, йолуш ю и тайпа процедура, стенна дуьйцу иза кхузахь. Маца, мичахь дийца деза иза тIаккха? ХIинца дуьйцуш ца хилча. Со жима стаг вац, сан кхетамо боху уггаре коьрта хеттарш къестаден зама ю хIара. Вайга парггIат дийцало хIинца. Кавказерчу республикашка хатта ду вайн, стенная ц цигахь индустри кхуьуш, юкъараллин институташ, культура кхуьуш. Кегийчарна вуно хала ду цигахь. Мичахь ду кхиар? ХIинца Кавказ тийна Iа, кехаташ аца кхочу соьга. Ур-атталла ГIалгIайчуьра а ца боху хIумма а, ас церан дуьхьа суо кхерамна кIел кхоьссиншехь. Сан доттагIий а дIатийна, уьш цигахь а кхерабелла Iа. Сан хаттар ду: мичахь ду кхиарн болар? Иза ас хоьтту федералан центре а, иштта республикийн куьйгалхошка а: мичахь ду кхиар? Иза бен дац ас бохург.

– Хьуна муха го хиндерг? Ган а гой хьуна иза?

– Снуа иза халчу, къовсамечу политикан боламеашкахь го, суна иза мегаш а ду. Халахеташ делахь а, ца витира со цунах ала – мехкан легаш Iийдар, политикан кIуркIамане пахьалкх ерзор, политикан оргазм пачхьалх йохориг дуйла хаийта. Хила ца еза оццул дукха политина, ца еза иза ницкъаллин сибатехь хила. Пачхьалкхехь коьртаниг бахам кхиоран болх хила беза, дешар, Iилма, социалан цхьа институцеш кхоллар. Из аду пачхьалкхо дан дезарг. Полиико садукъош лаьтта вайн, ког баьккхинчохь ю политика.

Иза хIаллакйина яц ткъа?

– Муха? Пачхьалкх ницкъ хьалха а баьккхина хьийзар – иза пачъхьалкхан политика айар дац? Пачхьалкхан коьрта болх бу карахь ницкъ дебор, вайна иза хаа а хаьа. Малхбузерчу мехкашкахь а бу ницкъ кхиор коьрта болх. Оппозицехь йолчу партешкахьа, "Цхьааллин Оьрсийчоьнехьа" тосучу кхаьжнашка хьажча, вуно кIезиг нах бу.

Хено гойтур ду хуьлушдерг, цкъачунна воккхавен хIума дац, жамI лардер вай

Шуьга 20-25 процент кхаьжна лечкъалур бу, амма бозбуанчаллица мел бохург лачкъалур бац. Делахь а, бхархойн доккхахчу декъо шайн сатийсамаш Iедалерчу партица бузу. Иза бахархойн инстинкт ю. Бахархойн, яц халкъан.

– Хьан къамело Лужицы юьртана билггал пайда бохьр бу аьлла хетий хьуна?

– Ленингарад-механ Iедал меттахдала тарло аьлла хета. Фильм еш дут хо оцу къомах лаьцна, сан дешархо ву и болх беш,оха билггал йоккхур ю фильм цигарчу хьолах лаьцна. Президентан омра хилахь, цо ша ма-аллара, болор бу цигахь белхаш. Омра ца хилахь – цигахь корпораци ю, мехкдаьттан-химин, цо хьошур бу Ленинград-мохк, оцу юьртан лаьтта тIехь бийр бу цара бан болийна некъаш, хьокхур ю хьаннаш, дIашардийр ду кешнаш, нагахь санна Ленинградан администраци къарлахь. … Амма хIилла долуш бу корпорацернаш, цара президентна бIе дош лур ду, ткъа кIелдIахула бохр ду: ахь хIун до Сокуров, хьо хьераваьлла, цигахь=х ац вехаш цхьаъ ах стаг бен, кешнашкахь яц кхо жIар бен, ткъа оха 50 миллион хьажийна цигара коммуникаци дехьайоккхург. И дерриг а тийна-таьIIина кабинеташ чохь до. Хено гойтур ду хуьлушдерг, цкъачунна воккхавен хIума дац, жамI лардер вай.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG