ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сенцова Людмила: "ХIара со ву, мама, боху цо – сан елха бен са а дац"


Политикан тутмакхан Сенцов Олеган нана Сенцова Людмила шен цIахь ГIирмехь.
Политикан тутмакхан Сенцов Олеган нана Сенцова Людмила шен цIахь ГIирмехь.
Крым. Реалии

100 дийнал а совъялла Оьрсийчоьно набахтехь латточу украинахочо Сенцов Олега мацалла лаьцна хан. Иза тероран тохар дан воллура аьлла вигира ГIирмера – цигахь еха цуьнан къена нана Людмила Георгиевна. Маршо Радион корреспондентна цо гайтира, Олег оьрсаша дIахецна аьлла, эладита шега кхаьчча, дог кIадделла, охьаюжуш шен лазийна куьйгаш. Даржийнарг бакъ ца хиллехь а, ненан аьтто баьлла деношкахь воI хаза.

Сенцова Людмилин 75 кхаьчна кху деношкахь. Иза декъалъян веара гIирма-гIезалойн жигархо Джелял Нариман, дIакхачийра цо йоккхачу стаге Украинерчу кинематографисташа а, могIархоша а даийтина совгIаташ. Цуьнца яра Украинера актриса Зюбина Римма а. СовгIаташ кховдийра хьешаша Олеган шина бере а – 15 шо долчу Алинига а, 12 шо кхаьчначу Владе а.

Жигархой СенцовгIеран доьзале кхочучу юкъанна, даьржира нахалахь уьш хIун некъ эцна боьлху – ахчанаш тийса буьйлира Украинан маьI-маьIIера бахархой, царалахь ву, масала, гоьваьлла волу гIирмахойн хьалханча, Украинан Радин депутат Джемилев Мустафа а.

Олегца къамел динчу нанас дуьйцу: "Мел доккха хазахетар ду иза хаьий шуна?! Цо боху соьга: "Мама, со ву хIара!" Ткъа со, теший шу, йист а ца хилало, дукха хан ма юй суна иза хазаза. Ерриг эгош ю со, бIаьрхиш Iена, хIун дийца айса деза, хаъане а ца хаьа. ТIаьхьо метта еа. Алинига вист хила воллура иза, ткъа Алина-м тхан ю даима а хьаддий-еддий хьийзаш. Къамел дин оха. Юха волавели, Алинас хIара дан деза, важа дан деза, аьлла. Ас, ела а елла боху: "КIант, хIинца кхийти со хIара хьо вуйла, тхуна оха хIун дан деза хьеха воьлча!"

Сенцова Людмилас бахарехь, цо Путине шен кIантанна къинхетам бар доьхуш дахьийтина кехат шина инстанцех чекх а даьлла, режиссер чохь кхобучу набахте кхаьчна. "Цхьа жоп деана, кехат президентан администраце хьажийна, аьлла. ШолгIа жоп кхаьчна, кехат набахте хьажийна, аьлла. Боху, Олега ша беха беза Путине шена къинхетам. Хир вуй хьан воI шена гечдар деха реза, шега хаьттича, "хIан-хIа" бохучу маьIнехь корта ластабо Людмилас.

"Цо, хаахь, дов дийр ду суна (Путине къинхетам бар дехарна – авт.), цуьнан шеко а яц. …ХIун дер тIаккха, суна ишта гIолехьа хета-кх, Олегца тIаьхьа къестор оха дисинарг".

Сенцов Олегца цхьаьна 10 шарна набахте хьажийначу ГIирмерчу анархистан Кольченко Александран нана кест-кеста йогIу Людмила йолчу. "Со-м цхьаьнхьа а ма ца йоьдий, иза кхочу суна, теша иза уьш цIехьабоьрзург хиларх. Цкъа телефон етта соьга: "Дерриг дика хир ду, кIенташна дуьхьал, уьш цIабалон гIур ю вайша Киеве кеста".

…Еарийдийнахь Iамеркан Штатийн Пачхьалкхан секретара Помпео Майка Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца дийцаредина Сибрехарчу набахтехь мацалла кхобучу Сенцов Олегера хьал. Лавровс, шен агIор, кхайкхам бина Вашингтоне, Оьрсийчоьнан аьтто беш, Iамеркахь къайлах болх барна бехке ен Бутина Мария лаьцначуьра дIахецар.

20 шо хан тоьхна Сенцовна Оьрсийчоьно, бехкевина ша дIалаьцначу ГIирмехь терроран тохарш кечдеш хилла аьлла. 100 дийнал а сов хан ю цо, Москохна политикан тутмакхаш-украинахой дIахецар тIедожош, мацалла лаьцна. Лоьраш саготта бу Сенцов кестта дахарх дIакъаста торуш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG