ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратистийн "ЛНР" батальонан командиро юхаеэцна кадыровхой ледара кечбина бу алар


Ходаковский Александр
Ходаковский Александр

Украине тIаме хьийсийначу Нохчийчурчу эскархойн корматаллех а, уьш ледара кечбина хиларх а аьллачу "ЛНР" сепаратистийн "Восток" батальонан командиро Ходаковский Александра юхаэцна шен дешнаш. Видео шен телеграм-канале хIоттийна Кадыров Рамзана, яздо Кавказ.Реалиино.

Ходаковскийца оцу тIехь Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам ву къамел деш. Нохчийчуьра ницкъахой муха кечбина бу аьлла хета сепаратистийн командирна, шега хаьттича, вукхо жоп ло: "Корматалла йолчу нахах Iиттаделла тхо", хьалхо кадыровхой "кхинберш санна бу" аьллера цо, цунна хетарехь, "маьрша дахарехь баьхна". Ходаковскийс билгалдаьккхира, нохчийн тобанхой хадархойн дакъойх а, ППС-н гIуллакхдархойх а бу, цхьа а гIо дан гIирсаш а, йа еза техника а йоцуш аьлла.

"Ларамзачу дешнашца кхетор" дара элира Кадыровс "Восток" батальонан позици хийцаяларх, Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIдарехь, "харц информацин" буха тIехь кхоьллина.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Зазадокху-беттан 22-чохь дIахьедира, Соьлжа-ГIалара "рогIера шайн лаамехь вовшахкхеттачийн" ковра Украине дIахьажорах. Цо телеграм-канале яьккхинчу видео тIехь иттаннашкахь машенаш ю герзашца, тIеман барзакъца болчу нахаца. Амма хууш дац уьш маса ву а, Соьлжа-ГIалара уьш дIабахна де а.
  • Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдина, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецош, нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх.
  • Украинехь байинчу эскархойх хаамаш баржош бац Нохчийчоьнан Iедалхоша. Цкъачунна хууш ю республикера вийначу кхааннан цIераш, ткъа Украинан СБУ-хь дIахьедо, бIеннашкахь бу байина кадыровхой бохуш. Информаци талла аьтто бац, саццаза беш тIемаш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG