ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

SMC-хаам бахьанехь хан тоьхна зуда маьршаяьккхина


ТIеман техника Абхазе боьдучу новкъахь ю аьлла, Гуьржийчуьрчу шен доттагIчуьнга 2008-чу шарахь SMS-хаам бахьийтарна Москохарчу "Лефортово" набахтехь хан йоккхуш хилла Севастиди Оксана маьршаяьккхина. "Медиазона" агенталле бина и хаам цуьнан адвокато Смирнов Евгенийс.

Кху беттан 7-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира омра арахийцира, Севастидих къинхетам барца.

Гуьржичоьнца тIом балале хьалха, SMS-хаам бахьийтинера Сочин яхархочо Севастиди Оксанас оьрсийн эскарш тIеозорах лаьцна. Цул тIаьхьа 7 шо хан тоьхна, набахте хьажийнера иза.

Набахтера схьа аьрзнаш дора Севастидис, белхан де 14 сахьтехь ду шайн, ша бечу балхах баттахь хIоттийна алапа 100 сом ду бохуш. Севастидис бахарехь, набахтехь могашалла а эшна цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG