ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Берийн бIаьра муха хьоьжур ду вай?"


Алиханова Алина

Къилбаседа Хийрийчоьне лаамза йойтуш ю мокхазбоккхийла

Оьшу махканна мокхаз боккхийла оьшу я ца оьшу? Жоп ца карадо БуьритIерачу хьаькамашна. КIира хьалха, Iедал реза дац иза йиллийта, аьллачу министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовсо Фадзаев Ахсарбека хIинца боху, дерриг а къастийна даьлла регионехь а, федералан тIегIанахь а, мокхазбоккхийла юьллур ю.

Кхераман …лаккхара класс!

Сочерчу инвестицийн форумехь стохка дуьйна а язбина лаьтташ бу мокхазбоккхийлах барт. Маьлхан батареяш а, микрочипаш а ян оьшу мокхаз арахеца Iалашо ю цуьнан.

Проекто 1,5-3 эзар белхан меттиг лур ю, мехкан бохча дузур ду 16 миллиард соьманна. Iедална хир яц цхьа а харж, боху проекто.

Ткъа кхин ойла ю хIирашлахь еза цIе лелачу техникан Iилманийн докторан Хузмиев Измаилан. Миллиардаш-м хир ду, амма цаьрца цхьаьна лаккхара кхерамболчу маьIдан чан а яьржар ю гонах, боху цо.

Шен махкахошкара шеко дIаяккха кху беттан I6-чохь ХIирийчу веара Москох "Кремнийтехнопром" корпорацин директор волу Пинов Ахсарбек.

Правобережный кIоштахь цуьнца цхьаьнакхийтира Iедалан ден гIовс Фадзаев. Оцу кIоштахь йилла дагахь ду Iедал мокхазбоккхийла. Бесланехь гулбеллачу бахархоша уггаре хьалха хоьттург дара, мел кхераме хир ю объект.

Доп бесланхошна ца делира. Массех минотехь дийцира, регионе барам боцуш дукха ахча догIур ду, бохуш. Делахь а, аьтто ца белира нах резабан. Ца оьшу цхьа а рицкъ, нагахь санна нехан могашаллина проект кхераме елахь, элира ладогIа баьхкинчара (уьш 40 гергга вара).

Меттигерчу цхьана депутато дIахьедира: "Со реза ву йиллийта мокхазбоккхийла, амма юьллуьйтур яц кху кIоштахь-м!" Цунна тIетайра массо а гуламхой.

Миллиардашца цхьаьна онкологи а?

Пинов Ахсарбека, доцург дийцарна, бехкевира Хузмиев. "Шуьша ший а ву Iилманча, хьанах теша деза тхо?" – хоьттура наха.

Хьешо харц ца дира мокхазбоккхийлехь цхьадолу дакъа могашаллина кхераме хир дуйла, амма бац и кхерам ма-бийццара лаккхара, чIагIдора цо.

Нагахь санна диверси я авари нислахь, болуш бу шайн кхерамзалла хилийта некъаш, бохура хьешо, Европерчу зеделларг тоьшалле а далош.

Моккхаз бохкарца евзачу Китайрчу мокхазбоккхийлашца къовсаяла а таро йолуш хир ю хIирийниг, элира Пиновс.

Резабоцу нах инзарбаха санна дара, цо ша Путинна а бовзийтина ша рабаьккхина некъ алар.

"Махканна кIезиг ю "Электроцинк"? Цигахь-х нах бу онкологех леш. И мах охьа а буьллуш, тхуна ца оьшу миллиардаш", - мохь туьйхира Пиновга бесланхойх цхьамма, зудчо.

"Хьо", "тхо" – ши гара ду, ахь хьо махкахо ву олу, амма хьо Москох веха, тхо – кхузахь, хьо дIавахчхьана волу. Кхана берийн бIаьра муха хьоьжур ду вай?"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG