ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Северодонецкера маьждиг дохийна аьллачу имамо жоп делла Кадыровна


Рамзан Кадыров
Рамзан Кадыров

Северодонецкерчу бусулбачу нехан маьждиган имамо Беридзе Тимура харц дина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дешнаш – цо фейк ю аьллера и гIала йоккхуш тIемаш доьлхучу хенахь кадыровхоша маьждиг дохийна бохург.

Беридзес шен фейсбукерчу агIонехь пост арахийцира, мангал-беттан 16-хь оьрсийн эскарша цIе яккхаран кассеташца леррина тохарш дира Северодонецкерчу исламан "Бисмилля" культуран центрана, бохуш.

"Циггахь 20 стаг вийра, оцу кертахь хи оьцучу заманахь. Цхьаберш оцу йистехь "Грузия" кафен уллехь дIабоьхкина – маьждигца цхьана хIаллак хилла иза… Кадыров – иза хьан делах валаран, шалхонаш лелоран, динна ямартло яран жамI ду", - яздина имамо. Маьждиг дохор тIечIагIдина Луганскан кIоштан администрацин куьйгалхочо Гайдай Сергейс.

Цунна жоп луш, Кадыров Рамзана "фейк" ю аьлла и хаам, и гойтуш Нохчийчуьра эскархойн кхечу меттехь даьхна суьртех пайда эцна, шен декъехь спецназан полкан буьйранчан Чалаев Замидан суьрташ долуш.

Тохар къаьсттина маьждигна тIе динера, хIунда аьлча, гонахара гIишлош йохийна яцара, дIахьедина Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Беридзе Тимура. "Кадыровхоша шайна тIе язбо муьлхха а, уггар кIезга болу кхиам – квартал, урам, жима эвла дIалаьцна шайша, бохуш. Амма кхузахь кIелхьара бовла гIерта, шаьш кхузахь хилла а дац, бохуш", - аьлла къамел динчо.

Доьлхуш тIеман тийсдаларш долчу хьелашкахь агIонийн официалан векалша арахоьцу информаци талла аьтто бац.

  • Украине оьрсийн чугIортарехь дакъа лоцуш болу Нохчийчуьра бахархой "ислам дин лардеш бу", аьлла дIахьедина республикерчу парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада Кадыров Рамзанан телеграмерчу каналехь арахецначу видео тIехь. Сербхойн IN4S порталана еллачу интервьюхь Украине хьажийначу "Ахмат" тобанан буьйранчас, ницкъаллин блокехула Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Алаудинов Аптис "бусулбачу а, керстачу а нехан цхьааллех" лаьцна дIахьедина. Ницкъахочун къамелехь динах лаьцна контекст Украинана духьал тIом бакъ а беш, цунах "лерина операци" олучу Кремлан пропагандица ийна яра. Кавказ.Реалиис хеттарш динчу эксперташа тидам бира, ницкъахочун къамелехь вовшашца ца догIу дIахьедарш хиларна.
  • Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыровх оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. Чиллан-баттера схьа дуьйна цуьнан агIоне язбеллачийн терахь 60 эзарна тIера шиъ а, ах миллионе кхаччалц лакхадаьлла. Эксперташа масийттаза тидам бира, цуьнан каналехь арахоьцучу фейкашна.
  • Украинан агIо а лаьцна тIом беш болу Шейх Мансуран цIарах йолчу батальонан эскархой Ичкерин билгалонаш тIехь йолу шевронаш, седарчий охьа а кхуьссуш, "тIепаза бов", кадыровхой гучубевлча, аьлла бехк баьккхира Кадыровс мангал-бутт болалуш. Батальонехь Кавказ.Реалиига дийцина, шайн эскархой Запорожьен меттигашкахь биссинера, Лисичанск ларъеш дакъа ца лаьцнера – цигахь яьккхина хила тарло Кадыровс арахецна видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG