ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша ФСБ-н белхахо ву бохуш, Нохчийчуьра ММА-н латархочо ахчаш дохуш хилла Москван вахархочуьгара


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Турхо цIарца вевзаш волу нохчийн ММА-н латархо Дакаев ИбрахIим лаьцна полицино Москвахь, нуьцкъаха ахчаш дахарна бехкевина. Иза лелош хилла цо шен накъостаца.

Шен доттагIчуьнца Висаригов Джабраилца Москварчу вахархочун хIусаме веана хиллера Дакаев, тIакха и вуьйр ву бохуш кхерамаш тийсина, цуьнан хиллачу зудчунна 75 эзар сом дехьадаккхар тIедожийна хиллера. Цара ФСБ-н белхахойн кехаташ гайтинера.

Москварчу вахархочо цара бохург дина, амма полицига дIадийцина. ШолгIачу дийнахь полицино лецира Висагиров а, Дакаев а, йаздо "Известия" зорбано. Ший а хадеш балхахь хилла, шолгIачо толам баьккхина хилла Hype Fighting. промоушенан поп-ММА-н йай йолчу йозаллехь хиллачу летаршкахь.

Марсхьокху-беттан 6-хь бехктакхаман гIуллакх долийнера шиннан а дуьхьал, ницкъ а беш, хьашт доцург лелорна бохучу артиклехула. Нуьцкъаха белхаш байта, йалх батте кхачалц лаьцна латтон, йа пхеа шаре кхачалц набахте хьажон а кхерам лаьтта цаьргахь, йаздо Baza телеграм-канало.

  • Мангал-беттан чакхенгахь Дагестанера иэединчу латархочунна Магомедов Асхьабна арахь даккха диъ шо а, 300 эзар сом гIуда а туьйхира. 17 шо долчу кхиазхочуьнгара 300 эзар сом нуьцкъаха даккхарна бехкевира иза.
  • Америкехь вехачу бизнесхочун кIант лачкъорна нохчашна тоьхна хан йухайаьккхина Москварчу гIалин кхело. Стаг лачкъорна, нуьцкъаха ахчаш дахарна, нехан даьхний хIаллакдарна а артиклашца 9 шо хан тоьхнера царна шогачу рожан колонехь йаккха. Америкехь регистраци йинчу компанин президентан кIант вара лачкъийнарг. 2021 шеран зазадоккху-баттахь Москвахь "нохчийн къомах болчу божарша" йиттинера цунна, цуьнан дега доккха декхар схьало ала бохуш. ТIаьхьо полицига арз дира вукхо.
  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Москварчу Гжельскан урамехь дуккха а нах вовшхкхетта, герзаш кхуьйсуш летарна тIехула масех бехкзуламан гIуллакхаш диллина аьлла, дуьйцура. Цигахь дакъалацарна бехкебора Нохчийчуьра бахархой а, иштта ГIиргIазойчуьра а, Узбекистанера а бахархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG