ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша гIоза-декъал ю, боху Нохчийчохь хьийзош ю бохуш юьйцучу Тарамова Хьалимата


Тарамова Хьалимат, скриншот
Тарамова Хьалимат, скриншот

Социалан машанашкахь кхайкхам баьржина, зорбанан гIирсаша лачкъийна, ницкъ ловш ю бохуш юьйцучу Трамова Хьалимата. Цуьнан къамел зорбане даьккхина pro_chechnya инстаграм агIонехь.

Жимачу зудчо боху ша кIадйелла шех а, шен доьзалах а лаьцна харц хабарш а, эладташ а даржорах. Видео яккха дезна шен боху цо шен, ша йийна, подвала чохь латтош ю, хьийзош ю бохуш наха харц хабарш даржош хиларна .

"Хоуьйту ас со лортIехь ю, со ца йийна, со сайн доьзалца а, гаргарчу а, юххерчу нахаца ю, ас чIогIа доьху йитахьара со", - боху йоIа.

  • Кадыровхоша, ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан I0-чохь ницкъаша Нохчийчу дIайигина Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI Тарамова Хьалимат. Иза ядош гIодина меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша текхош, етташ бигина полицин декъе.
  • Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца доху бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.
  • Цул тIаьхьа дукха хан ялале, Тарамова гайтира меттигерчу "Грозный" телеканалехь. 35 минотехь яьккхина лерина репортаж гайтира телехьожийло, Нохчийчуьра йоI "лачкъо гIортарх". Видео тIехь цо элира, шен гIуллакхаш дика а ду, цхьаммо а еш гIело а яц шена, "дага ца догIу" шена ша шелтере муха кхаьчна а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG