ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша Iеламча хеташ волу "эскархойн буьйранча". МозгIарш дуьхьал бу Алаудиновна

Алаудинов Апти
Алаудинов Апти


Нохчийчоьнан инарла Алаудинов Апти йуха а Оьрсийчоьнан православин килсаца къовсамехь ву. ХӀинца, "Ахмат" спецназан "идеологи" оццу тобанерчу эскархошна йовзийта дагахь арахецначу жаргина тIехула ду иза. Цхьана мозгIаро исламан пропаганда йу аьлла цунах, вукхо гIурт бу аьлла. Алаудиновс жоп делира, шайн эскарш а гулдай, тIом бан гIо аьлла. Тхан сайто теллина дов даларан бахьанаш.

"Даджалан эскарна дуьхьал хиллачу тӀамехь Ӏийсан эскар" (Делера салам хуьлда цунна) цӀе йолу и жайна "Ахматан" тӀемалошна довзийтира 2025-чу шеран гIадужу-баттахь, хаам бина пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло. Книга нахана йохка йолийна йац, амма интернетехула и йеша аьтто бу.

100 агӀонах лаьттачу белхан автор ву аьлла, дӀайавина ву хӀинцалера "Ахматан" имам Хийтанаев Мохьмад, иза цхьана хенахь Нохчийчоьнан муфтийн гӀовсан а, Соьлжа-ГӀалин бусулба суьдхочун (къадин) а, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гӀоьнча а хилла ву.

Тхан сайто ма-йаздарра, Хийтанаевс динан дешар Iамийна Нохчийчохь а, Шемахь а. 2016-гӀа шо чекхдолуш, Соьлж-ГӀалахь полицин белхахошна тӀелатар дарна шеко йолчу нехан гергарнаш лецначу муьрехь, царех цхьаннан доьзал хьийзийначех ву иза. Кадыровхойх волу динан да вузура ишта нахана тIехь Ӏазапаш латторца. 2017-чу шеран гурахь цӀеххьана хадийра Ӏедална гергахь волчу оцу имаман карьера галйелира – меттигерчу телеканалашкахь иза кхин гойтуш а вацара, цул тӀаьхьа балхара дӀаваьккхира. И сацам баран бахьанаш нахана гергахь довзийтина дацара.

Кадыровна иза дагавеанера Украинана тӀелеттачул тIаьхьа, Хийтанаевх "гӀараваьлла Iеламча" ву аьлла. Цул тӀаьхьа иза хилира харц динан пропагандин рупор, шаьш СВО олуш операци "беза тӀом" бу а бохуш. Нохчийн "НИЙСО" боламо дийцарехь, ша йуьхьӀаьржачу хӀоьттинчул тӀаьхьа шен доьзалан бахам "Iалашбархьама" тӀаме вахана хилла имам.

Хийтанаев "Ахматан" имам хилира 2024 шеран лахьан- баттахь. ХIетахь иза цу даржехь ву аьлла, Алаудинов Аптис хьахийра, дӀахьедира, православин динан мозгIарца цхьаьна, цара "Оьрсийчоьнан къаьмнийн а, динийн а цхьааллин билгало санна <...> дӀаяьхьира Белгородан а, Курскан а кӀоштан а тIом бечсе меттигца лаьттачу асанехь динан сийлахь мисси" кхочушйира.

"Шайн идеологи а кечйай, тIамтIе гIо".

Украинана дуьхьал беш болу тIом "дуьненаюкъарчу зуламца" бен къийсам санна дӀакхайкхош, йазйинчу Хийтанаевн книги тIехь, шеца цхьана и жарга вовшахтеснарг а, и йазйан бIо болийтинарг а "Ахматан" буьйранча ву аьлла, билгалваьккхина.

Алаудиновс цу кепара "хьехамаш" бо эскархошна Украинана буьззинчу барамехь тӀелатар дан долийчахьана – тӀамо гӀо дира цхьана хенахь Кадыровца гергарло лелош хилла, эххар а Кадыровс дIатеттинчу полисхочунна йухаван. ХӀинца нохчийн инарлин Делах болу хьежамаш кехата тIехь охьайазбина. Амма автора оцу йукъана чӀагӀдо, ша "билггалчу бакъдолчунна" тӀетевжина, шен йозанаш а "шога Ӏилманан бух тӀехь" кечдина ду.

Оьрсийчоьнан православин килсан динан дайх дуьххьара нахана хьалха цу тептарна реза цахилар дӀахаийтинарг вара Андреев Вячеслав, цо иза "исламан пропагандин тидам тӀебохуьйтуш масал ду" аьллера.

Алаудинов – керста нехан Iеламча вац, шен аудиторина, шен "Ахмат" полкана ву

"Исламера схьадогIучу дийцаршца, вайн Делаца хийца гIертачу Ӏийса-пайхамаро уггаре а хьалха ден дерг ду-килсаш тIера а, кхечу йезачу меттигашкара а жӀараш йохор. Цо керста нах мукъабохур бу джизйа дӀайаларх (динехь боцучарна луш йолу йасакх –редацин билгалдаккхар), и бохург ду- керста наха бусалба дин тӀеоьцур ду бохург, ткъа иза цхьаъ бен боцу некъ бу джизйах мукъабаха. Иманехь чIагIбалазчарна а, дустаран теологин чолхаллаш йевзаш воцчунна а хӀара жайна - бусулба дин тӀеэцаран некъ бу", - дIахьедира Андреевс.

ГӀадужу-беттан йуьххьехь цу тептарх лаьцна доклад йира Оьрсийн Православин Килсан Синодалан миссионерийн декъан куьйгалхочун гӀовсо, динан дас Фуфаев Сергейс. Цо шен къамел дерзийра, "оцу хьехамо гойту исламан а, керста а динан ойланаш цхьаьнакхетна хилар, цо гIурте кхачийна", ткъа динан дайшка кхайкхам бира, шаьш нахаца дечу къамелашкахь тIечIагIдеш хила, Хийтанаевн а, Алаудиновн а жайна православин динца цхьана а кепара "йогIуш цахилар".

"Ахматан" инарлана дуьхьал йу РПЦ
Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:03:30 0:00

Алаудинов дуьхьал ву шен книгех лаьцна Фуфаевс дуьйцучо Оьрсийчоьнан керстан динна хетарг гойтуш хилар бакъдан, цо къадийра, шен "Iилма" цо "гIурт" бу алар, ша нохчо хиларца доьзна ду.

"Со шун рецензи оьшуш ву? Дела вазалора вац-кх! Шайн тIеман дакъа вовшахтохий, шайн идеологи а кечйай, оцу идеологина бухахь нах вовшахтохий, тIаме го", - хьийхира Алаудиновс.

Стохка стигалкъекъа-баттахь Алаудиновс "Ахмат" спецназан керла байракх йовзийтира. Байракхан йистошкахь дуьхь-дуьхьал хIоттийна йу динан ши билгало -исламан ахбутт а, православин жӀара а.

"Ахматан" билгало хийцар кадраш хийцайаларца цхьаьна нисделира: инарлас кхетийра, Украинехь тIом болийначу йуьххьехь оцу декъехь беккъа нохчий бара, амма хIинца нийса ах оьрсий бу, доьалгIа дакъа-Оьрсийчуьра а, Советан пачхьалкх хиллачу республикашкара а тайп-тайпанчу къаьмнех болу "лаамхой" хиларца.

ХӀара дуьххьарлера дов дац "Ахматан" буьйранчин Оьрсийн православин килсаца. Стохка аьхка цуьнан дов делира Сочера динан да Гавриилца, цо чӀагӀдора, бусулбанаш, моллас омра дахь, "массо а Москвара бахархой байа кийча бу" аьлла. Алаудиновс жоп делира, мозгIарх "оба йоьхна тентиг" олуш. Эххар а хьал дирзира православин килсехь камерана хьалха маслаIат а хуьлуш.

ТӀом а, оьрсийн православин килс а гуш-хезаш йемал деш хиллачу, хьалха 12 шарахь Башкиран епархехь гӀуллакх динчу иеромоно Петра (Степановс) йукъара ца доккху Алаудиновн динан дайшца хилла конфликташ Кремло Нохчийчохь питана кечдархьама лелош хила тарлуш хилар. Кадыров цомгаш ву, шегара Iедалан мукъ шен цхьахволчу кIанте кховдо гIерташ ву бохуш, хабарш дуьйцучу йукъанна.

"Питанчаша дуьйцург схьалеца ца оьшу, хьенан Дела "нийса ву" боху, и ледара къийсамаш Iад битийша. Динца доьзначу бахьанашца къаьмнийн барт эгIо мегар дац! Ткъа схьагарехь, и дан хьийзаш бу", - дIахьедира Степановс.

Гражданийн динан теолог

Редакцица хиллачу къамелехь Константинополан килсан динан дас, килсан Ӏилманчас Кураев Андрейс билгалдоккху, Фуфаев Сергейс, шен "Ахматан" тептарх лаьцна бинчу хаамехь, "ледара тIегIанан" теологина тӀетевжина хилар.

"ХӀетте а динан Ӏилманан агӀор а доцуш, теологин агӀор хьаьжча, ас ишта эр дара: бусалба нах мел тешаш долу хIума, церан теологин а, церан Делах тешаш хиларан а билгало йу, аса кхузахь ца дуьйцу шарIа, ас церан Делах тешар, Далла Iамал йар ду дуьйцург. Вайн динийн къастам бу, керста динехь цхьацца догматаш, Делах лаьцна хетарг, бусалба наха тIе ца лоцуш, царна ца товш хилар. Амма бусулба нехан Делах тешаран уггаре а дикачу чулацамехь цхьа а хӀума дац оцу динан дас дӀахьедар динарг санна реакци оьшуш", - бохуш, кхетадо Кураевс.

Бусалба регионашкахь гIуллакх деш болу боллу православин епископаш, билгалдоккху цо, Синодалан апологетикан миссехула долчу миссионерийн декъан куьйгалхочу гIовса дIахьединчу хьежамашца бIостане бу.

"Ма-дарра аьлча, оцу Фуфаевгара бехк баккха безара, ша динчу къамелана. Амма коьртаниг, билггал башхаллаш йуй-те тIамах лаьцна керста нахана а, бусалба нахана а тIамах лаьцна хентачунна йукъахь, аьллачу оцу коьртачу хаттарна гена волу иза. Хала хеташ делахь а, ала догIу, кхин дIоггара йаккхий башхаллаш а йац", - бохура къамелдечо.

Керста нах коьрта хила беза, ткъа бусалабанаш – фонехь

Оцу йукъанна, кхин дIа дийцира цо, йолчу башхаллех лаьцна дийца патриархи ца хIутту.

"ХӀунда аьлча, цунна, бусалба динан Iеламча санна лелла ца Iаш, Оьрсийчоьнан бахархойн динан теолог санна хьийзчу инарлас Алаудинов дIалаьцначу позицехь хила лаьа. Ткъа оцу гражданийн динехь дерриг а вуно къеггина ду: Путинан омрица леш мел верг, турпалхо ву. Цундела формалехь, дарже хьаьжжина, Фуфаевс гойтург РПЦ-н куьйгаллин позици йац, иза жоьпе хIоттор ву. Аса дагадоуьйту патриарха Кирилла лелийнарг, цо масийтаза дIахьедира, оьрсийн православин исламца йукъара дуккха а ду, католикашца долчул а аьлла", - билгалдоккху Кураевс.

Шегарчу дарже хьаьжжина, Алаудинов ца волу "лартIахь доцург" ца дийцича, бохура социолого Дубровский Дмитрийс. Цуьнан идейш Украинана дуьхьал бечу тIеман идейшца йуьстича, "Ахматах" лаьцна книга- тIом болорах лаьцна шина а агIонна хетарг дийца гIертар ду.

"Политикан Iалашонийн дуьхьа динашна йукъахь барт хир бу. Амма оцу Iалашонна, ша теолог ву бохуш хьийза "тIеман буьйранчел" мел а ницкъе верг оьшу. Массо а динашкахь долуш ду дуьне дохарх, иблисца тIом барх, ишта кхин дIа а дийцарш. Ткъа уьш вовшах стенна ца туху? Ша дара, цо цхьа "тамехь" керста нах цу йукъа тоьхнехь. Цо шеца дIа ма буьгу уьш цхьана маьIнехь- текстехь. Суна хетарехь, оцу хIумано эргIад бахийтина РПЦ-н мозгIарш, "хIунда аьлча, ишта дан мегар дац". Кхузахь коьрта хила беза керста нах, Москвара патриархатана хетарехь, ткъа бусалбанаш - уьш фонехь биса беза", - аьлла хета цунна.

Махьшарехь хиндолчух лаьцна Алаудиновс Оьрсийчоьно Украинаца бечу тIеман контектсехь далийна хьадис, -иза йеккъа пропагандин гIулч йу

Оцу йукъанна, тIамехь дакъалоцуш боцчу дукхахболчу керста нахана, цу кепара книгаш маьIне йац- цара уьш ца йоьшу, тамаш бу-кх и жаргаш хиларх лаьцна а царна хаахь, билгалдоккух социолого.

"Религия – идентификацин дакъа ду, политикан программин дакъа дац. Цундела политикан бусалбан нах, политикан керстан нах а санна, кIезиг бу. Тамаш бу-кх пачхьалкхан доктринех уьш кхеташ белахь, цу тIехь мичара йаьлла а ца хууш, кхаьчна жарга муххале а йоьшур йац цара, цуьнан мухха чулацам белахь а", - боху Дубровскийс.

Иштта нохчийн динан гIуллакхдархочунна а (редакцица къамел дан резахилла, шен цӀе ца йовзийтарна) хета, теологина генахь волчу Алаудиновн "хьехам" цӀена пропаганда йу аьлла. Цу Ӏалашонца "Ахматан" буьйранчас далийна хьадис, къематде тӀекхачале бусалба нах кхечу динехь болчу нахаца цхьаьнакхетарх а, цхьаьна тӀом барх а.

"Цо иза мел тешаме леладо хьажа деза. И хьадис низамехь лоруш дац; цигахь цхьацца кӀеда-мерза хилар магош ду. Цунна гонаха цхьаалла йолу барт бац. Дукхахдолчу дийцаршкахь иза гучудолу, амма цхьаболчу теологаша шеконе дуьллу цуьнан бакъ хилар. Алаудиновс оцу хьадисах Оьрсийчоьно Украинехь болийначу тIеман контекстехь пайдаэцар, - иза йеккъа пропагандин гIулч йу", - тешна ву къамелдийриг.

Ала дашна, бохура динан гIуллакхдархочо, хIума хаздалар дуккха а кхераме а, зуламе а ду, стаг верал. "Iехавалар бохург кхузахь хIун ду хьуна, Делах лаьцна харц ойла хилар, адамийн синкхетамца манипуляцеш лелор. Иштачу некъашца ахьа нах хIаллак ма бо", - дерзийра цо.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржехь хила тарлучу кандидатийн тептарна йукъара ваьлла Алаудинов. ТIечIагIбазчу хаамашца, Кадыровн могушалла телхина йогIучу кхе масех баттахь цуьнан метта хIоттон стаг лоьхуш бу.
  • Оьрсийчоьнан тIеман горнашкахь дийцарш жигара даьхна, Кадыров Рамзанан бIанакъоста, "Ахмат" спецназан командиро тайп-тайпана динашна йукъахь захалонаш дарх лаьцна дIахьедарш динчул тIаьхьа. Динан агIонера политикан экъане бирзина къовсам, ламастийн дозанех, кху заманан Оьрсийчохь къаьмнашна йукъара цхьааллин риторикех а хеттарш а ийдеш.


XS
SM
MD
LG