ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша шена тIе куьйгаш хьочу хьоле ваккхар: Къилбаседа Кавказехь доьзалехь гIело латтор


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказехь кхуьуш ду хьийзор, дукха хьолахь бекхам ца беш дуьту сий лардеш адамаш дайар, ткъа кегий зудабераш маре эхийтаран проблема тахана а йолуш йу. Иштта хьесапаш дина дукха хан йоццуш Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а доьзалехь гIело латторах зорбане даьккхинчу рапортехь. Цуьнан авторца – талламхочуьнца Сиражудинова Саидица къамел дира Кавказ.Реалиин корреспонденто.

Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъбар шен башхалла йолуш ду: меттигерчу йукъараллашкахь хIусамдайша зударшна йеттар диллина йемалдеш дац, ткъа доьзал боьхначул тIаьхьа наношкара схьадоху бераш, иштта "Iадаташ" ду а бохуш. Ткъа гIелонах уьду зудабераш йуха цIа дуьгу полицин гIоьнца. Бакъоларйаран органаша дукха хьолахь тергамза дуьту доьзалехь бала хьегийтар, ткъа цкъацкъа гIо до бевддарш лаха арабевллачарна.

Къилбаседа Кавказан мехкашкахь "сий лардеш" бойу дукха хьолахь къона марехь боцу мехкарий, йа марера боьхна зударий. Уьш бойу – церан дайша, хIусамдайша, девежарша, шичоша. "Бакъонан инициатива" проекто бинчу талламо гайтира, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц оцу нехан карах велла 39 стаг хилар, царех кхоъ – божарий.

"Кавказ. Машар. Кхиар" центран президенто Сиражудинова Саидас дийцира, юридикан тIегIанехь проблема хилар бакъдан пачхьалкх дуьхьал хиллачул тIаьхьа муха ду доьзалехь гIело латторца долу гIуллакх.

– Рапортехь ахь йаздо, тIаьххьарчу шерашкахь доьзалехь гIело латтош проблема хилар тIе ца лацар доцург, и "магош" хиларх а. Ахьа дуьйцург мел даьржина хIума ду?

– Массо а тIегIанехь ницкъбар магош хиларх дуьйцийла йу вайн карарчу хенахь. Уггар лахара дуьйна – и нах бу, йукъаралла, лакхене кхаччалц. Тхан рапортийн йеш терго йац, шена ницкъбарх дIахьединчийн хьокъехь талламбар доцург. Хьал чолхе ду, тIаьхь-тIаьхьа кхин тIе а телхаш лаьтта.

Халахеташ делахь а,  доьзал – массарна а ца хета эвсара, шаьш Iалашден са

Дуккхаъчу доьзалашкахь шайн дIахIиттийна Iадаташ ду. Майрчо зен-зулам дина зуда дукха хьолахь дас-нанас тIе ца лоцу, тапъалий Iе олу цуьнга, Iаткъам бо цунна. Хала хеташ делахь а, доьзал – массарна а ца хета эвсара, шаьш Iалашден хIусам.

– Хьайн рапортехь ахь айбинчу проблемех цхьаъ йо – волайнхой шаьш шайна тIе куьйгаш хьочу хьоле бахар. Кест-кеста хуьлу хIума дуй иза?

– Статистикех лаьцна дуьйцийла йац тхан. Дуьххьара хIара рапорт статистики тIехь дан лиира суна. Амма сайн Iалашонна гена йелира со, мел а чулацаме хилира и, тахана лаьтта коьрта проблемаш а йуьйцуш. Суицид йарх вайна даим а ца хаьа. Наггахь йоьIан доьзало олу, иза "цомгаш хиллера", цхьа йиънарг ца лайна, и дIовше йаьллера цунна олий. Ткъа кхелан сацамаш – наггахь хуьлуш хIума ду: Къилбаседа Кавказан массо а регионехь нислуш хIума а ду, амма цхьана хиламийн декъехь талламаш ца бо, дукха меттигашкахь абьюзерна таIзар ца до.

Ша шена тIе куьйгаш дахьа гIоьртинчул тIаьхьа волайнхо дийна йиссинехь, бехкзуламан гIуллакх доло цуьнгара пурба а, доьзалера гIо а оьшу. Амма регионехь оцу кепара хIума нислахь, оцу волайнхочунна а, цуьнан гергарчарна а Iаткъам бо. Кхеташ ца хуьлу, йеххачу заманчохь кхаьрца бала хилла боцу генара гергара нах а цхьаьна тIетийсало, тапъалий Iе, "чуьра ара ма даккха" бохуш.

– Ахьа билгалдоккху, 2023-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь дикка лакхадаьлла зударий хьийзор аьлла. Цунах муха кхета веза?

Хьал де дийне эшна догIуш ду, агресси а, зударшна тIехь контроль латтор а кхуьуш ду, лахлуш йу зударийн бакъонаш Iалашйечийн таронаш а. Оцу доллучо а хьал кхин тIе а талхош ду.

ТаIзар доцуш дитар вайна гуш хилла ца Iа – зуламхой шаьш а бу кхеташ, кIелхьарволийла хиларх

ХIокху рапортийн Iалашо – хьолан йист йоккхуш йоций дIагайтар ду. ТаIзар доцуш дитар вайна гуш хилла ца Iа – зуламхой шаьш а бу кхеташ, кIелхьарволийла хиларх. Цунах пайдаоьцу цара, таIзарх бовлархьама. Ницкъбинчул тIаьхьа оцу стеган сий ца дов йукъараллехь.

Аса ца хьахийна, "ца гойтуш" дисинчу цхьадолчу хIуманех лаьцна. Хала хеташ делахь а, вайна гуш ду, цхьана хенахь зулам дина нах, шайн тайпа-тукхумехь лараме нах хилар. Адамаш цунах кхета: оцу зуламо иза велла дIаваллалц цунна Iаткъам бийр бац.

Царна гуш хуьлу, полицино берта йохуьйтуш хилар йоI, йоI а, доьзал а "мехах" оьцийла дуй, шолгIа, кхоалгIа зуда хила маре йохуьйтийла ду иза, цхьана ханна цуьнца там-мах бан йиш йуйла а, шена тIаьхьало йоцуш дисийта.

Йоллу Оьрсийчохь таIзар доцуш виса аьтто бу ницкъбинарг. Зударий низамаша ларбеш бац. Доьзалехь бала хьегийтар – зулам ду аьлла кхетам бац. Ша хьийзочунна тIехIотта стаг воций хиъча муххале а кест-кеста нисло иштаниг. Доьзалехь ницкъбарна профилактика йеш низам тIеэццалц, хьал толур дац. Тхан регионехь хьал карзахе долу "сийх", "зударийн леларх" болу кхетам цахиларна.

– Къилбаседа Кавказехь сий лардеш нах бойуш хиларх дийцича, муьлхачу республикехь хьал массанхьачул а ирча ду?

– И талла Iалашонца интервьюш, мониторингаш, кхелан практикехь анализ а цхьаьна йира аса. Амма "сий лардеш" стаг вер – и уггар а къайлахьун тема йу регионашкахь. Зулам къайлахьош доьзалша шайн ницкъ мел берг до. Царех лаьцна вайна хаьа, цхьахволу гергарниг реза а ца хилла, доьзална дуьхьал ваьлча. Шаьш шайна тIе куьйгаш даьхьна мехкарий а оцу "сийн" бахьанашца нисдойла йу, суицид йан декхаре бо уьш.

Зударийн дахар кхелаша божарийн дахарал а лахара лору

Суна хетарехь, оцу кепара нах байар дукха хьолахь нисло Нохчийчохь. Дагестанехь дуккха а ду дIайаздина оцу кепара гIуллакхаш, амма и доьзна ду мехкан доза доккха хиларца а, цигахь адам алсам хиларца а. Нохчийчохь, хетарехь, дуккха а хир бу "сий лардеш" байина, амма къайлабаьхьна нах.

Уьш тайп-тайпана толлу. Доьзна хуьлу и, зулам динчу стеган позицех а, полицин цуьнга болчу хьежамашца а.

Вайна гойла ду кеп-кепара таIзарш дар: велла дIаваллалц чуволларна тIера, стаг вийнарг таIзаре ваккхарна тIе кхаччалц. Амма хуьлуш ма-хиллара, кхелаша зудчун дахар лахара лору божарийн дахарал а. Стаг вийначунна йуккъерчу барамехь аьлча, ворхI шо кхачадо, ткъа зуда йийча 4-5 шо.

– Ахьа билгалдоккху, бераш хьийзор а дукха хьолехь доьзалехь хуьлу аьлла. Мел кест-кеста йуьйцу и проблема, цуьнца болх а муха бо?

– Берашна тIехь ницкъбарх къамел наггахь бен хьахош дац, цуьнца къийса а чIогIа хала ду: кхузахь дукха хIума, оцу кепара бер хьийзон мегар доций хаа дезачу ненах доьзна хуьлу. Нагахь санна, и зуда ша а волайнхо йелахь, оцу хьолах иза йоьлла а йелахь, иза а тапъйолий Iа.

Мехкан имидж ца талхорхьама берех лаьцна ца дуьйцу

Бер хьийзийна хиларх полицига хаам дIакхаьчнехь, ницкъахоша къизалла лелон тарло оцу стагаца. Амма бакъду, тIаккха а гIуллакх кхеле ца кхочу. Наггахь мехкан имидж ца талхорхьама берех лаьцна ма-дарра ца дуьйцу. Масала дукха хан йоццуш ГIалгIайчохь ма-хиллара (йуьйцург йу диъ шо долу Муцольгова Самира. Карладоккху, йиттина йийнчул тIаьхьа йеллера иза, иштта хьийзийна а бохура йоI. – редакцин билгалдаккхар).

Кхелахошна, мехкийн урхалхоша, меттигерчу хьаькамашна ца лаьа оцу тайпа хIума шайн регионел а арадала. Цундела динчу зуламан хIоттам хуьйцу.

Амма бакъду, нагахь санна, и гIуллакх кхеле кхаьчна, суьдхошна кхерамаш туьйсуш ца хуьлий, бехкебечарна шога таIзарш кхайкхадо. Делахь а, оцу хьолана Iаткъам бойла ду дуккха а бахьанаша. Нагахь волайнхо 14 шарел тIехъйаьллехь, цунах доглозийла йац. Вайна гуш ду, зудабераш-кхиазхой бехкедо, "нийса ца лелла", цо ша "бахьана делла хилла" олий.

–Хьан рапортехь дуьйцу ахьа, девашас хьийзийначу 14 шо долчу йоIах лаьцна. Оцу йукъанна, билгалдоккху, цу хенахь иза марера цIа йеана йара аьлла. Цуьнца доьзна хьахо лаьара суна кегий зудабераш маре даларх. И проблема мел йаьржина йу?

– Иза-м шозза марера йоьхна йара. Оцу хеначохь маре йахча регистраци ца йо, цхьанна а таIзар ца до йа. Суна хетарехь, тахана чIагIлуш ду кхийзхой долу зудбераш маре эхар.

Наггахь йукъаралло а олу, нагахь санна йоI 16 шо кхачале маре ца йаханехь, "цуьнан мах охьаболу", иза "хьейелла" цIахь

Аса дийцинарг чIогIа инзаре хIума ду, стаг Iадаваллал. Кавказехь, нагахь санна, оцу йоьIан да-нана дацахь, гергарнаш хьийза шайн ма-хуьллу иза кочара йаккха. Дукха хьолахь доьхна маре хьулу цуьнчух, тIаккха йуха а, йуха а маренаш дойту цуьнга.

Каравойла ду там-мах бен болу имам, амма дукха хьолахь йукъа ца гIерта а хьийза. Наггахь йукъаралло а олу, нагахь санна йоI 16 шо кхачале маре ца йаханехь, "цуьнан мах охьаболу", иза "хьейелла" цIахь. Аса ца боху боллу доьзалаш иштта бу. Амма и доьзал шайн йоIе дешийта, иза кхион лууш бацахь, оцу хIусамера зудабераш эгIаза хуьлу.

Церан школе леларна тIехь терго латтайойла ду, амма некъаш ду оцу бакъонна тIехвийла: масала, дукхахдолу зудабераш хьуьжаре дехьадовлу исс класс йаьккхинчул тIаьхьа. Берашна тIехь терго латтон социалан белхахой хIусамашкахула лелар бац, нагахь санна деана арз дацахь. Йарташкахь лулахоша ишта проблема тергамза йуьту, цунедела социалан хьукматаш а йукъа ца гIерта.

  • Оьрсийчохь доьзалехь ницкъбар – дукха хьолахь зударшца Iотталун пороблема йу. Мел кIезиг а 43 процент бала хьегна зударша шайн партнеран йа гергарчун куьйг-бехкана, ткъа оцу йукъанна божаршлахь и процент йу 16, билгалдоккху Iедалхошца йоьзна йоцчу зударийн организацийн консорциумо йинчу анализан буха тIехь.
  • ЛГБТК-адамашна а, доьзалехь гIело хьоьгучарна а гIо дечу кризисан "СК SOS" тобанан директоро Истеев Давида дийцира Кавказ.Реалии сайте, Кавказера бахархой-зударий 2022-чу шарера схьа дуьйна кест-кеста хьийза гIелонех ида, цIера дIа а боьлхуш. Масала, 2023-чу шеран лахьан-баттахь Эрмалойчохь лецира гергарчара чу кехат делла 21 шо долу ГIалгIайчуьра йахархо Зурабова Фатима. ХIусамехь ницкъ латтош хиллера цунна тIехь.
  • Нохчийчохь доьзалехь ницкъбарх дIахьедийраш бертаза йуха цIа буьгу, цул тIаьхьа камерана хьалха шайн проблемаш хилар харц дойту цаьрга. Бакъоларйархоша билгалдоккху, шайггара хIиттийна сюжеташ уьш хилар: йийсарехь волчу стеган аьтто ца хуьлу шега бала хьоьгуьйтучарна дуьхьало йан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG