Дагестанхойн йишлакхархочунна Магомедова Хадижина тIаьхьаваьлла стаг лаца аьлла, кхеле дехар ца дина талламо. Цуьнан цIа чу а ваьлла, артистана тIелеттачул тIаьхьа иза бехкевира йуьйр йу ша бохуш, цунна кхерамаш тийсарна. Амма гIуллакх толлучу йукъанна иза маьрша витира. Магомедовас дIахьедина, шена иза бале валарна кхоьруш йу ша аьлла.
"Со йийна хила йезаш йара-те, иза чу воллийта? Муха мегар дара иза дIахеца? Ши шо а ма ду и стаг суна тIаьхьаваьлла лела", - дийцина йишлакхархочо шен инстаграмехь.
Дагестанера Талламан комитетан урхалло дIахьедина тIелатар динарг лаьцна вита аьлла, ницкъахоша дехар ца дира шайга, хIунда аьлча, цо дина "зулам"- кIад боцуш ду, ша бехкехиларна а къера хилла и стаг аьлла. ГIуллакх катоьхна кхин дIа листа кхеле хьажор ду, цундела дIасавалар доьхкуш, кхин барамаш тIеэца безаш бацара аьлла. Цунах лацна дуьйцу "РИА Новости" пачхьалкхан агенталло урхаллин векална тIетевжина
Магомедова Хадижина тIелатар дарх дийца даьккхира марсхьокху-беттан 18-чохь, цо дийцарехь, буьйсанна цуьнан хIусам чу а ваьлла, шен телефонан лоьмарна блок стенна тоьхна ахьа бохуш, цунна кхерамаш тийсина хиллера цо. Магомедовас орца дохуш хьоькху мохь хезнера ха дечу полисхойн патрулна, цара лаьцна дIавигинера и стаг полицин декъе. Цигахь цо дIахьединера, шега маре йола аьлла, дехар дан ваханера ша.
Лаьцначун хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна йуьйр йу бохуш, кхерамаш тийсарна. Оцу тIехула цунна чохь йаккха пхеа шаре гергга хан йогIу, йа Iедална белхаш бан декхаре во стаг.
- Шен ненах кест-кеста летарна а, полисхочун дахарна тIекховдарна а ГIебарта-Балкхаройчуьра Никульшин Игорьна таIзар кхайкхийна Сочира кхело. Доьзалехь ницкъбарна тоьхна хан эххар а итт батте охьайаьккхира цуьнан, ткъа чоьхьарчу гIулакхийн министраллан белхахочунна тIелатарна цунна шогачу хьелашкарчу колонихь даккха 12 шо тоьхна.
- 2010-чу шарера схьа дуьйна пачхьалкхан думе 40-зза низаман проекташ кховдийра доьзалехь ницкъбар сацон Iалашонца. Цхьа кехат хьалхарчу йоьшийле ца кхечира. 2017-чу шарахь доьзалехь гIело латтора декриминализаци йира: Бехкзуламан кодексан артиклан гурашкара дIадаьккхира гергарчу нахана йеттар а, ницкъ бар а аьлла дакъа.