ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш кадыровхоша дIадигна хилар харцдо нохчийн оппозицин блогеран гергарчара


 Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон гергарчара харцдо шаьш 1едалхоша дIадигна латтор, цуьнах лаьцна цо аьлла ма хиллара масех кIира хьалха, хаам бо Кавказ.Реалиино. Iедалан долахь йолчу пабликашкахь яржийначу видео тIехь цара неIалташ хьежадо бакъонашларъярхошна.

И кхайкхам кхоалгIа бу тIаьхьарчу цхьана кIиранчохь: Халитов Хьасанан а, Закаев Ахьмадан а гергарчара а чIагIдора, шаьш цхьаммо ца лецнера бохуш.

ТIаьххьарчу видео тIехь цхьана хIусамехь хиъна Iаш ву 5 стаг, цара рагI караоьцуш къамелаш до нохчийн маттахь.

Цу нахах цхьамма боху, ша Тумсон ден шича ву Абдурахманов Мовсар. "И цхьа "правозащитники" олуш нах бу. Оцу наха хьийза до тхо, шайн ден неIалт хиларша. Тхо хIокху чохь хIокху паччахьо вуно дика, оьшуш хIума а доцуш, массо а хIуманца гIо а деш, доцчунна цIенош а деш, вуно дика Iаш ду. Пенси а ду луш. Тхоьга бохуш хIумма а дац. Тхо, балхахь верг шен болх беш ву. Пенси догIуш верг, шен пенси а долуш, Iаш ву. Тхо дика Iаш ду, ма хьийза дайша тхо. И "защитники", бохуш долу хIуманаш тхуна оьшуш дацара. Кхин ала хIума дац сан", - даладо Кавказский Узело цуьнан дешнаш.

Кхин цхьамма олу ша Абдурахмановн ненаша ву, цо элира бакъонашларъярхоша "сагатдан оьшуш хIумма а дац", цхьа Тумсон бат яра сацо езаш, цо хатдоцург дуьйцу… тхо а паргIат дара иза IадIахьара" аьлла.

Видеон кхин а цхьана турпалхочо, ша Тумсон маьхча ву ша боху. Цо неIалт кхайкхийра бакъонашларъярхошна.

  • Блогерша а, юкъараллин жигархоша а, бакъонашгларъярхоша а хаам бира, ГIура-бутт чекхболуш Нохчийчохь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх лаьцна. Бара царна юкъахь бакъоларъярхой Янгулбаев Абубакар, Садулаев Мансур, Арцуев Аслан. Иштта оппозицин блогерш, Швецехь веха Абдурахманов Тумсо, Германера Мализаев Минкаил, Туркойчохь веха Халитов Хьасан.
  • Соьлж-ГIалахь хиллачу пресс-конференцехь Кадыровс лач хьахийра критикийн гергарнаш лечкъийна хиларх, амма тIе ца дитира ша юкъара ву бохург. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, "блогерша а, бакъоларъярхоша а вас йинарш" хила там бу уьш бигинарш. "ЧIир екхар вай долчахь юкъара даьккхина ма дац", - дIахьедира Кадыровс.
  • Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийра, царна чохь Кадыровс боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна видеоматериалаш яржийра махкарчу телегойтийло шен эфирехь а, инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.
  • Нохчийчуьрчу информацин министро Дудаев Ахьмада харцдерг а, дезинформаци а ю аьлла республикехь Нохчийчоьнан куьйгалхойн критикаш лечкъорах дина дIахьедарш. Нах лечкъор талла аьлла, Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъара а бакъонашларъярхой президенте Путин Владимире бовларх лаьцна иштта комментарий йина министро.
  • Дечкен-беттан 7-хь Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла. Кремло тергал ца дина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG