ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаман маьршаваккхар тIедожаде аьлла, кхайкхийна Amnesty International-о 


Габышев Александр
Габышев Александр

Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Amnesty International организацино кхайкхамбо Якутин шаманах Габышев Александрах дог мел лозучаьрга, Оьрсийчоьнан Iедалхошка кехаташ яздахьара, иза маьршаваккхар тIедожош аьлла. Шайн сайтехь бакъонашларъярхоша ишта зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министре а, Новосибирскан кIоштан омбудсмене, цигарчу психиатрин дарбан цIийне а яздина кехат. Оцу лазартнехь латтош ву Габышев.

Бакъонашларъярхойн кхайкхамехь боху, Габышев Александр, иза ваьхначу Якутскана пхи эзар гергга чакхарма гена йолчу Новосибирскерчу психиатрин цIийне дехьаваккхарх. Еххачу заманчохь цунна тIаьхьабевлла лийлира, президентана Путин Владимирна цо йина критика бахьана долуш, ишта дукхазза лаьцна латтийра, сийсазен талламаш беш, психиатрин клинике охьа а вуьллуш.

Amnesty International организацино хьоьху, бертаза лелош долу дарба саца а дай, катоьхна Габышев Александр дIахеца алий кехаташ дахьийтар йа электронехула, йа почтехула. Цул совнах бакъонашларъярхоша доьху, карабогIучу беттан 22-чохь, Габышев винчу дийнахь цунна тIехIуттуш, дарбан цIийне декъалвеш кехаташ дахьийтахьара аьлла.

  • Мангал- беттан 2-чохь тIеийцира кхело сацам, Габышев бертаза дарбан цIийне охьавуьллуш. Ткъа шаман диспансерехь ву Стигалкъекъа-бутт юккъе баьлчхьана. Оццу беттан тIаьххьарчу деношкахь психоневрологин диспансеран лоьрийн комиссино хьесап дира, шаман Габышев Александр шена а, гонахарчу нахана а кхераме ву аьлла.
  • Ша дарбан хIусамехь латторна дуьхьал хиларх диспансеран коьртачу лоьре кехат цо яздинчул тIаьхьа, бира комиссино цунах лаьцна сацам. Кхелахойн сацамна тIехь билгалдаьккхина дац, мел латтор волуш ву Габышев диспансерехь. Цуьнгарчу хьолах хIоттийначу документа тIехь яздина ду, "шен мах сов базбарца билгалваьлла иза", иштта, "низамашкахь дIахIоттийна Iедал дохон, кхайкхамаш беш а хилла цо" аьлла.
  • Стохка Зазадокху-баттахь Москва ваха новкъа ваьллера Якутин шаман Габышев Александр. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан президентах "жин" доьлла, и хьал шамане бен листалур дац. Кремл чуьра Путин араваккха воьдуш ву ша, олура Габышевс. Гезгамашин-беттан 19-чохь лецира иза Бурятин а, Иркутскан кIоштан а дозанашкахь. Якуте дIа а вигна, психоневрологин диспансерехь дIатарвира иза. Бехкзуламан гIуллакх а долийра цунна дуьхьал, экстремизме кхайкхамаш бина цо аьлла. Психологин а, психиатрин а экспертиза йинчул тIаьхьа, талламчаша дIахьедира, Габышев кхетамчохь вац аьлла.
  • Шегара кхетам бахьанехь тутмакх винарг лору Якутера шаман адамийн бакъонаш ларъечу Amnesty International юкъаралло.
  • Кремлера Путин "эккхо" араваларна Оьрсийчоьнан Iедалхой тIаьхьабевлла лела Якутера шаман Габышев Александр политикан тутмакх ву аьлла, дIакхайкхийра бакъонашларъяран "Мемориал" Центро. Бакъонашларъярхошна хетарехь, шаман маршонех ваьккхина, цуьнан политикан а, динан а хьежамашна тIехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG