ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шарахь 50-зза дебна Кадыровн йоIана хуьлу пайда - 44 миллион соьме. Нохчийчоьнан культурин министр ю иза


Кадырова Iайшат
Кадырова Iайшат

Шен телеграм-канале хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен йоьIан, мехкан культурин министр йолчу Кадырова Iайштан керта воьдуш яьккхина видео. Цу тIехь гуш ю уьйтIахь дIахIоттийна Lamborghini Urus машен, иза яц хьаькамо официалехь чуеллачу деклараци тIехь. Иштта къаьстина, Кадырова Iайшатана хуьлу пайда 2021-чу шарахь 50-зза сов кхиъна хилар – 845 эзар соьмана тIера 44 миллионе.

23 шо долчу Кадыровн йоьIан цIахь яьккхинчу видео тIехь къегина можа, масех миллион сом мах болу Lamborghini хиллехь а, цуьнан деклараци тIехь билгалъяьккхина ю хIусамдена тIеязйина, 200 эзар сом мах болу "Лада 210740" автомобиль. Пачхьалкхан балхахь а йолуш, 2021-чу шарахь муха аьтто хилла Кадырова Iайшатан 44 миллион сов сом даккха, хууш дац.

Иштта 2021-чу шарахь Нохчийчоьнан культурин министран долахь 1 617 квадратан метарш йолу доккха цIа а, ялх сотай лаьтта тIехь ши хIусам а гучуелира – оцу боллу бахаман мах хила тарло 50 миллион сов сом. Шен хIусамненан куьйгакIел болх бечу Кадырова Iайшатан хIусамдас бина пайда тIаьххьарчу шина шерачохь хийцабелла бац, цхьа миллион ах миллион сом ду.

  • 2021-чу шарахь чуеллачу декларацица а догIуш, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан уггар а хьал долу Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхо ву. Тептарехь цунна тIаьхьа вогIучу итт губернаторна хиллачу санел а совболу дахначу шарахь цунна хилла пайда.
  • Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчу Нухажиев Нурдис дIакхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIана Кадырова Iайшатана "Адамийн бакъонаш Iалашъярна" аьлла, мидал яларх.
  • Адамийн бакъонаш шога хьешарна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто 2020-чу шеран аьхка цуьнан дена дуьхьал яьхна санкцеш хьакхаелира Кадырова Iайшатах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG