ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шараповские" зуламан тобанан декъашхой хиллачу дагестанхошна кхел йина Москвахь


Москвара гIалин кхел
Москвара гIалин кхел

"Шараповские" зуламан тобанан виъ декъашхочунна бина хилла кхелан сацам тIечIагIбина Москван гIалин кхело.

Джамалутдинов Шамсуддин а, Ахмедутдинов Юсуп а, Магомедвалиев Рабадан а, Мухтаров Шамсутдин а хIумнаш лечкъорна, талораш дарна, нах лечкъорна, уьш байъарна, теракташ ярна бехкебина. Кхелан къобалъярхоша уьш бехке лаьрра, Джамалутдиновна шогачу рожерчу колонехь даккха 23 шо а, кхечарна баллалц хенаш а тохар тIедожийнера цара.

Мухтаров Шамсутдина а, Ахмедутдинов Юсупна а валлалц чохь яккха хенаш тоьхна кхело, ткъа Магомедвалиев Рабаданна – 24 шо, Джамалутдиновна – 22 шо шогачу рожан колонехь даккха, хаам бо "Коммерсанто".

Дагадоуьйту, ОПГ-н декъашхой 2019-чу шарахь дIалецира. Талламна хетарехь, тобанна юкъвогIуш 250 сов стаг хиллера, царна юкъахь МВД-н белхахой а, иштта адвокаташ, террорхойн тобанийн декъашхой а хиллера.

"2007-2015-чу шерашкахь Дагестанехь, Москвахь дуккха а совдегархой, низам лардаран органийн белхахой байъарна, нах лечкъорна, ахчанах дахарна, хIумна лечкъорна, талораш дарна бехке бу тобанан куьйгалхой а, декъашхой а", - боху ФСБ-н пресс-сервисан хаамехь.

1998-чу шарахь Махачкаларчу Пархоменковн урамехь динчу эккхийтарца боьзна хета талламна "Шараповские", иза дагестанхойн коьртачу гIалин мэрна дуьхьал йина теракт лерира. Оцу хенахь ерриг квартал йохийнера, иттанашкахь нах байъира, 100 сов стагна чолхе чевнаш йинера.

  • Шайн хьалханчан цIарх цIе тиллина оцу тобанна – Дагестанан Пенсийн фондан куьйгалхо лаьттина волчу Мусаев Шарапутдинан. Иза 2005-чу шарахь Москвахь шен хадархочо вийра – иза хиллера аренан буьйранчан Хаттабан шолгIачу зудчун ваша. Кавказ.Реалиин хьостано бахарехь, Мусаев вийча ОПГ-н куьйгалле хIоьттира вевзаш волу олимпийскан толамхо, Кизляран кIоштан хилла куьйгалхо, 2010-чу шарера 2015-чу шаре кхачалц Пенсийн фондан республикерчу декъан куьйгалхо хилла волу Муртазалиев Сагид.
  • Машанехь арахецначу Муртазалиевн, яздарехь, "шараповн тобанца" даьккхина ду бохучу суьрта тIехь одимпикан толамхочунна уллохь ган йиш ю лаьцна волчу Кхарачойн-Чергазийчуьра экс-сенатор Арашуков Рауфах тера стаг. 2019-чу шеран дечкен-баттахь иза стаг верна а, зуламехь йолчу тобанехь дакъа лацарна а, тешана тIе Iаткъам барна а бехкевира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG